ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура бахархой боьлла хIора кIиранах аьлча санна нах цхьацца бохамашка бойуш хиларна. Тахана уггаре а дукха иштта хуьлуш болу бохамаш бу некъашца боьзна РогIераниг хилла Гуьмс гIалана уллехь. Цигахь вийна 7 стаг. Оцу чолхаллийца даьржина схьадогIуш ду нехан дегнаш чIагделла хилар а, вовшех къинхетам ца хилар а. Шаьш иштта бохам хиллачу метте кхаьчча, лазийначарна гIо дарна метта видео а, сурташ а даха сихло цхьаберш, сихха интернетехь и хаам гIарабаккхархьамма.

РогIера некъан бохам хилла Гуьмс Iалана чувуллучохь. 4 машен: Camry a, Kia a, ши Приора а вовшахкхетта, ворх стаг вийна цигахь. Цхьана машен чура да а нана а, церан бер а, 16 шо долу йоI а йийна. Вукху машенаш чохь белларш Нохчийчура а, Дагестанера а низамхой бу.

Лазийна дарбанан хIусамашка кхачийна 4 шо долу кIант а, иштта цхьа низамхо а. Некъа бохаман бахьанаш машен сиха хахкар а, кхидолу низамаш ца лардар а ду.

Оцу бохамера цкъачуьнна сурташ а, видеош а дикка яьржаза ю юккъараллехь. Амма ши -кхо далале уьш ватсапехула дIасакхоьхуьйтург хиларх шеко яц.

Даханчу кIиранахь Аргуне боьдучу новкъахь хиллачу некъа бохамехь 4 стаг вийра. Царах шиъ Мерседес машенна чохь ваьгнера, цIе а яьлла Цига тIекхаьчначу стага иштта комментари йира оцу бохаман.

Комментатор: «Iалелай, ма боккха пал бу хаьий шуна, БердкIела хьалавоьрзучу некъахь. Цхьаъ полицин а, цхьаъ 221 Мерседес яга а йогуш, цу чохь кхо адам дага а догуш. Ма боккха пал бу кхузахь берг ба-м».

Оцу кIанта: «боккха пал» бохург беллачу нехан гергарчарна боккха, кхин хилча ца маггала бохам бу. Гарехь, и стаг воьхна вац. Мелхо а шена гинарг шуьйра довзийта гIерташ, воккха а веш, дуьйцу цуо. Шеко яц, ша цIакхачале цуо цигара видеош а сихха дIасаяхьийтина хир ю. Нехан бохамах, кхаъ а беш хилар-цхьа цамгар санна хIума хила там бу. Мухха а делахь а, иза халахетарца билгалдоккху Шуьйтара вахархочо Исаев Ахъяда.

Исаев: «Ма эхь ду иза дан. Вай ночхалла, къинхетамалла мича яхан вай? Цкъа а дага догIур дацара суна, цхьаъ хиллачу меттигана тIекхаьчча, телефон схьа а яьккхиина, иза тIедаккха. Суна дагадогIур а дацара иза. Иштта хила веза аьлла хета суна ша верриг? Вай мича кхача гIерта теша? Къинхетам мича бахна вай? Ма чIогIа новкъа хета суна иза. Iадйитийша и телефонаш. Сингаттам баьллачарна ца оьшу шуна уьш».

Хьалха санна, вовшех, хьожуш а, оьшучохь гIо-накъосталла дийр долуш бац дукха нах. Жим-жима цуьнах дIа а дулу адамаш. Барам хилча санна дIахутту иза. Цхьаболчара иза хиллачу тIамо, динна чуьрана къоманна бина Iаткъам бу боху, ткъа, кхечарна, иза, адамийн сийсазалла ю аьлла хета. Иштта, бохуш ву Грозный кIоштара вахархо Сосланбеков Бауди а.

Сосланбеков: «ЧIогIа ледар бевла нах оцу хIуманна тIехь. Вовшашка хьовса а ца хьовсу. Дегнаш чIагIделла. Массанхьа тIемаш а бу,баларш а ду. Амма, цхьанна а дага ца догIу-кх, со а вала мегара иштта аьлла. Сихха суьрташ догIу. Цхьана нехан стаг ма ву иза. Цуьнан суьрташ массанхьа дIасакхоьхуьйту. Хаза а ма дац иза, вай гIиллакхашца а хаза дац, Дала гергахь а нийса дац. Иштта цхьа пайда боцучу даьлла-кх иза. Дала диканиг дойла».

Сутаралла, саьхьаралла, бIармецигалла ю тахана нохчийн юккъараллана Iаткъам беш. Таханалерчу нохчаша, даиман а буьйцу шай сий долу дай. Амма церан доьналла а, къонахалла юьйцуш болу и нах шайн тIаьхьене шайх ала дош а долуш чекхабовлалахь тамаш бу.

XS
SM
MD
LG