ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтешкахь ницкъ бо вайнахана тIехь


Набахтехь
Набахтехь

Ставропол-мехкан Шпаковски-къоштарчу набахтехь вайнах бехк-гунахь а доцуш хьийзош бу, аьлла, орца даьржира кху деношкахь. Оцу хаамо гΙовттийнера нохчийн бакъоларъярхой. И бахьанехь цкъачунна сацо аьтто баьлла цигахь лела харцо. Амма вайнаха низамехь йоцу гΙелонаш ловш дуккха а ю Оьрсийчохь набахтеш.




Хьал Iорадала доладеллера, оцу набахтера шен тоьхна хан чекха а яьлла, цмукъаваьллачу оьрсийн стага бакъонашларъярхошка бухахь бисинчу тутмакхашкахь вон де латтош хилар дийцича.

Сихонца Шпаковский къошта яха тоба вовшахтоьхнера нохчийн бакъонашларъярхоша, амма, цига кхача ца дийзира, шайн, дийцира Маршо Радиога журналист а, бакъонашларъярхо а йолчу Саратова Хедас.

Саратова: «Тхоьга, оцу набахтехь чохь ваьллинчу оьрсийчо орца а даьккхина, цига даха новкъа девллера тхо. Амма цхьанна а агIор набахти чу дуьтур дац, аьлла, кхузарчу бакъонашкахула йолчу Оьрсийчоьнан президентан векалаллехь накъосталла дехча, иза кара а дина, дика аьтто белира тхан.

Сан сайн оцу набахтийн куьйгалхочуьнца Чан Леонид Степановичца кхъамел дойла а хилира. Дийцарехь иза ву, оцу нахана тIехь къизалла латториг. Тхоьгахь видео а, сурташ а ду, аьлла, оха цуьнга дIа а хаийтира. Бусулба нах, оцу цхьана Ставрополехь хилла а ца Iаш, Оьрсийчоьнан массо а набахтешкахь бу-кх хьийзош».

Набахтехь бахкочу нохчашна а, гIалгIашна а тIехь ден таIзар башхалла йолуш ца хилла кхечхьашкахьчул. Ламаз ца дойтуш, бахьана долуш а, доцуш а гIуданан изолятор чу бухкуш, етташ - ишшта гIело лайна Шпаковскерчу набахтерчу Бицоев Мусас. Шена тIехь латточу Iазапан тоьшалаш сурташца гIарадаха аьтто баьлла цуьнан.

Саратова: «Дукхачу хьолехь нохчийн, гIалгIайн бераш ду-кх цигахь чохь дахкош. Ламаз ца дойтуш, бехк гуьнахь а доцуш, йиттина цара Бицоевна. Цо хIума а ца юуш, мацалла дIакхайкхинера. Амма иза араваьккхина изоляторера, рицкъанах а кхетта, ткъа и ца динехь, цунна тIехIуьттур болуш бара дуккха а нах. Илла а, билла а и гIуллакх сацон гIодахьара аш, ша шуна луъург а г дийр дара, бохуш вара ша набахтин куьйгалхо а. Цигара тIаьхьо тхоьца зIене бевлира шаьш тутмакхаш а, мелла а шайна оцу хIуманах гIо хилла, аьлла. Кхин дIа дерг хуур ду-кх».

Бакъонашларъярхойн болх, дукхачу хьолехь, нахана тIехь Iедалхоша латтаен къизалла а, кхиболу Iаткъам а цабайтарна тIехь кхачало. Аьтто ца болу, масала, ишшта зуламаш лелош берш жоьпе озон, боху Саратова Хедас. Цунна шена а хета, оцу тIегIан тIехь болх жигарабаккха беза аьлла.

Саратова: «Уьш жоьпе озорна тIехь болх алсамо бан беза аьлла хета суна. Оцу минотехь стагна гIодар ша ду, тIера бIаьрг ма баьлллинехь, оцу набахтешкарчу хьакамаша чIогIа таIзарш до вайн бершна. Шпаковскерчу набахтийн куьйгалхочуьнца къамел деш, ас цуьнга элира, оха тидам шуна тIера боккхур бац, аьлла. Кхечу набахтешкахь, Мордовехь, Башкирехь, Архангельскехь я хуьлийла иза кхечанхьа, тхьшка далург дан-м хьовсур ду хо».

Оьрсийчоьнан набахтешкахь латточу нохчийн тутмакхийн хьолах лаьцна дукха дийцина. Дерриге а дуьненахь, кхин хIума ца хилча а, гIарадаьлла дара Зубайраев Зубайрийн гIуллакх. Набахтехь цо дуьззина 8 шо даьккхина. Оцу хенахь цунна тIехь къизалла латтош, цуьнан амал кагъян гIерташ хьийзара набахтера куьйгалла. ХIокху аьхка шена тоьхна хан чекха а яьлла, маршаваьлла иза. Амма ши метр ца кхоччуш лекха дегI а долуш волчу оцу жимстагах заьIапхо вина набахтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG