ТIекхочийла долу линкаш

Мисканийн букъ тIехьа а лечкъаш, тIом бо Кадыровн бIоно


Нохчийчоь -- Веданан хьаннаш, 2012

Нохчийчоь -- Веданан хьаннаш, 2012

ГIаттамхой лохуш хьийзачу Кадыровн ницкъаша массо а некъаш юьхьарлоьцу шайн Iалашо кхочушъеш. Бен-башха дац царна, шаьш вайн къомо бIешершкахь шена дихкина латтийна хIуманаш юьхьара эцна хилар а, къонахошца догIуш доцу гIиллакхаш тIом бечохь шайна магийна хилар а. Лараме яц царна шаьш Нохчийчу юхакхачийна бохуш юьйцу Оьрсийчоьнан конституци а...



Кху деношкахь Оьрсийчоьнан тΙеман машено а, Нохчийчуьрчу ницкъахоша а балехь латтош ду Веданан лаьмнаш. Хьаннаш хΙаллакьеш, тΙедетта массо кепара деза герзаш. Иштта хьийзабо ярташкара бахархой а.

Шинарий дийнахь хьаннашка бигинера полицино гΙаттамхошлахь бераш долу, я ду боху дай-наной. Цаьрга маьхьарий деттийтира шайн кΙенташка, цIадуьйла, бохуш. Царех шайна дурс а дой, уьш хьалха туьйсу полисхоша, цхьана заманашкахь фашисташа иштта лелла тΙом беш, бохучу кепехь.

Европехь веха шелахо Деналбек. Цо а лайна и тайпа тΙеΙаткъам Кремлана муьтΙахь болчу нохчашкара. Иштта дагалоьцу цо шеца а, шен берашца а лелийнарг.

Деналбек: "Сан кхо кIант велла оцу керстанашца тIом беш. ВоьалгIаниг цара лачкъийна, дIа а вигина, хIинца карош а вац - доьалгIа шо доладелла и дIавигина. Сайн шовзткъа хилча, и шовзткъе а дIавохуьйтур а вара. Цара вийна цхьа а нохчо а вац, цхьа а маьрша стаг а вац. Вийнехь, ас царна могуьйтур а дацара, со царна къинтIера а вер вацара.

Герзаца чувеъначу мостагIца, шайн ка ма йоллу, шайгахь долчу герзаца, шайга ма балло, тIом бейша, нах а ца хьийзош. 2009-чу шеран Зазадоккху-беттан 28-чу дийнахь Шелана юккъехь, дийнан делккъехь, тIейиттина-йиттина, аьтта, охьавиллира цара сан кIант а, цуьнан накъост а.

ТIаккха, хьевдда, суна схьа а баьхкина, со тIе а вигина, "хIара хьайн кIант вевзий хьуна", хаьттира соьга. "Вевза дера-кха, Юсуп ву-кх хIара, бах аса. ТIаккха ас эли: " Оцу Везачу Дала гIазот къобалдойла кхуьнан!"

Суна уллохь ву, цара "Лорд" а олуш, цхьа бандит, хIинца Рамзанна (Кадыровна -ред.) уллехь хиина Iаш а ву иза (министрийн кабинетан администрацин куьйгалхо - ред.), цо яхьа а яьхьина, бетах хIума тоьхна, со аркъалваьккхи. Кхин а тIе маса-тоьпан мукъ биттина, со тиларчуьра вохий. Цара массара а тIейиттина, йиттина, оццу дийнахь, ши инфаркт а хилла, со вуьйжи.

Дела а, цхьа нах а орцах а бевлла, цара Москох а вигина, цигахь дагана операци а йина, и операци ги а йоьллина, лелаш ву-кх со суо а хIинца, цара аьтта охьа а виллина".

Шинарий суьйренан тхан передаче ладоьгΙна оха оцу чохь вийцинчу цхьана тΙемалочун дас. Цуьнан зуда а яра хьуьнха воΙ лаха йигина. Орца даккха, и деха, ша Дела воцург, кхин цхьа а воцуш, гΙелонехь бу шен а, ша санначу дайн а доьзалш, Маршо Радионо шех бала кхаьчна дош алар а тов шена, бохура цо эфир йирзинчул тIаьхьа.

Халахета, кхин цунна тхайн дан накъосталла доцуш. Ткъа майраллехь даздеш дийцина нохчийн къам стенна дац оцу хьолехь, ша хΙаллак ма де, шайлара маьрша нах дурсах ма тарбе, олуш тахана? Оцо вуно цецвоккху.

...Амма иза-м кхин тема ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG