ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркел дагахь яц Москох параде яха


Германин канцлер Меркел Ангел дагахь яц Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Толаман де даздеш Москох хир йолчу параде хьажа яха. Амма иза дагахь ю шолагIчу дийнахь Москох а яхана Путин Владимирца цхьаьна Кремлна уллехь долчу вевзаш воцучу салтийн коша тIе зезагаш дахка. Цуьнах лаьцна хаам бина Германин Iедалан зорбанан серкретаро. Цо дийцарехь, Путин реза хилла цу тайпачу программина.
Советан пачхьалкхан бертахой хиллачу Малхбузерчу пачхьалкхаша ШолагIа дуьненан тIом чехкбалар дагалоцу Стигалкъекъа-беттан 8-чу дийнахь. Оьрсийчохь Толаман де олу и де даздо Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь.
Кху шарахь Украинехь Оьрсийчоьно лелориг бахьана долуш Москох и де даздан ваха дагахь вац цхьа а Малхбузерчу пачхьалкхийн куьйгалхо. Цу дийнахь параде бIаьрг тоха Москох вогIуш ву Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын аьлла, хаам бина Оьрсийчоьнан Iедалан векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG