ТIекхочийла долу линкаш

Шайн гIийлачу дахарна гIайгIа бар доьху мухIажираша Австрин Iедалшка


OLYMPUS DIGITAL CAMERA

OLYMPUS DIGITAL CAMERA

Масех де а ду Австрин коьртачу гIалахь Венехь цу махкахь тховкIело лоьхуш болу дерриг дуьнентIера мухIажираш, четарш а тоьхна, шайн дахаран хьелаш ледар хиларна дуьхьал акци дIахьош болу. Царна юккехь нохчий а бу.

Шийла а, мохане а деана Венехь тIаьхьарлера денош, цIийзачу моханах я нахан сагIийна деллачу довхачу духарш а, я четарийн лестачу пенош а ца ларво, и четарш, эрна аре санна йолчу, Венерчу Зигмунд Фрейдан цIарх йолчу паркехь, Вотив олучу меттигерачу килсана хьалха дIахIиттийна хилча-м тешна а.

КIира кхочуш лаьтта цу майданахь доллучу дуьнентIера Австрехь тховкIело лоьхуш баькхинчу мухIажарша дуьхьалонан акци дIахьош йолу. Дела -денна а, хIора буса а, шаьш полисхоша, тIелатар а дина, нуьцкъаца дIасалахкарх кхоьрушшехь, хIетте а шайн кхайкхамашна Iедалера цхьа жоп кхаччалца, дIасабовла дагахь бац цигахь гулбелларш.

Ткъа муьлш бу уьш? ХIун лоьху цара я царна хIун ца тоьу?
Австрехь тховкIело лоьхуш цу махкан дозанна тIе ваьлларг уггаре а хьалха кхочуш волу я Iедалхоша дIакхачош волу меттиг Трайскирхен олуш ю. Цхьа жима гIала ю иза, гергарчу хьесапехь 40 минотехь цIерпоштица я машенаца Венера дIа некъ бича Iуьллуш йолу.

Амма мухIажаршна, шайна юккъехь Австрехь бехаш болу эзарнаш Нохчийчурниш а болуш, и „Трайскирхен“ бохуш долу дош цигарчу мухIажарийн лагерца доьзна девза. Цу лагерх чекх долуш ду кхуза кхаьчначийн доккхох долу дакъа.

Iедалийн цкъа мацах хиллачу Iалашонашца-м и мухIажарш, цкъа хьалха Трайскирхенехь тIе а лаьцна, церан пIелгийн лораш а, церан кехаташ а, церан хьашташ а билгалдаьхначул тIаьхьа, кхин хье а ца беш, Австрин кхечу лаьттанашка дIасабоькъур болуш дара. Амма цу махкарчу бундеслаттахь кхоъ доцург и шен декхар кхочушдеш дац, шаьш долчехь мухIажарш тIелаца кхин меттигаш бац, бохуш.

Цундела масех денна аьлла лерина йолчу Трайскирхенехь мухIажарш беттанашкахь Iен безаш хуьлу. И бохург ду, лагерь дукхе дукха нахаца совъялла ю бохург, цигахь цхьана-шинна леринчу хIусамашкахь пхиппа-ялх стаг дIатарвала везаш ву бохург а, юучунна а, лоьрийн дарбанна а кхачам ца хуьлу бохург а.

И дерриге а ду хIинца Вене баьхкинчу Трайскирхенерачу мухIажарша айдинарг. Уьш, цкъа хьалха эзар герга стаг вовшах а кхетта, гIаш тIедогIучу догIанехула Трайскирхенера Австрин коьртачу шахьаре баьхкира, 35 километар некъ а беш. ХIетахь дуьйна Венина юккъехь, четарийн лагерь а тоьхна, хан йоккхуш бу.

„Тхо акхарой ма дац, аш акхарой санна лелон. Тхо адамаш ма ду, тхо кхуза сагатделла даьхкина ма дац“, - бохуш йозанаш ду цу четаршна тIе дIадиттина. Цхьана четарчохь наха сагIийна кхехьна сурсаташ ду, арахь кхехкаш боккха чоьрпин яй а бу. Цунна гена йоцуш лаьтта аннех йина гIопаста, тIехь Iохкуш венахоша кху шийлачу деношкахь милла эгош болчу мухIажаршна тIедуха кхоьхьу довха духарш а, юрагIаш а долуш.

Дуьхьалонан акци дIахьочарна хьалха яьллачех цхьаъ ю африкерачу Гана махкара цхьа гIеметта хIоьттина зуда. Шен цIарах лаьцна хаьттича, цуо боху, шен ян а яц цхьа а цIе. „Со мухIажар ма ю, тIаккха кху Iедалийн кхетамца, сан я цIе а яц, я мотт а бац, я бакъо а яц, со адам а дац.

Иштта хуьлийтар вай иза тIаккха“ Нохчийн мухIажарш а бу шайн могIаршлахь бохуш дуьйцу цигахь гулбеллачара, Гуьржийчура а бу, Дагестанера а бу. Амма уьш дийнахь цкъа гучу а бовлий, дIа юха баха безаш хуьлу Трайскирхене, цигахь хIинца керла тIебаьхкинарш масех сохьтана бен лагерал ара бовла йиш ца хиларна, бохуш.

Цу акцехьа гIодоккхуш бу меттигера адамийн бакъонашларъярхой а, цIе яххана болу исбаьхьаллин декъашхой а. Цу хьолах дерг дика девзаш ву иштта Венехь вехаш волу нохчийн адамийн бакъонашларъярхо Банжаев Ваха а. Цуо дуьйцу.

Банжаев Ваха: „Ледара хьал ду цу Трайскирхенехь дерг. 200 стаг чохь Iен магийначу блок чохь 600 стаг ву, тIетасса а, буха тасса а ца тоьу царна, юучуьнца а гIийла хьал ду. Трансфераш а еш, цигара нах дIасабахар а сацийна, нахера интервьюш эцар а сацийна, еккъа цхьа депорт, депорт, депорт ю-кх цара еш“.

Карарчу хенахь Венехь ехаш йолу Байтемирова Зулихан масех бутт хьалха, ша Австре схьа ма еъна, берриш а санна, Трайскирхенехула чекхъяьлла ю. Нийса бутт баьккхира ша цигахь бохуш дуьйцу цуо. Дерриге а, хIинца мухIажарша ма-дийцара, дукха маьттаза дацара цигахь боху цо, бакъду, кхин да воккхаве хIума-м дацара иза, бохуш.

Байтемирова Зулихан: „Мелла а цIано латтайора цара цигахь. Кхечу хьелашца дуьстича, суна-м кхин инзаре хьал а ца хийтира цигарниг. Сайн Оьрсийчоьнера халонаш а, баланаш а лан а, ган а Iемина а йолуш. Вайна цигахь долчул а дукха инзарох долу хIумнаш ма гиний. Мелхо а, кIелхьара бевллачарна иштта и меттиг хилар а боккха Делан къинхетам хеташ ю со-м.

Бакъдерг дийцича, юучуьнца дерг чIогIа ледара дара, церан хIума юучу чоьнна дIа чу ваьлча а, цигарчу хьожана дегаза хеташ. Сан, Делан къинхетамца, бухахь ваша вара, цуо хIора дийнахь юург латтайора суна, амма цара схьаеллачух тешна болчарна чIогIа хала хила дезаш дара цигара хIума яа“.

МухIажарш Венерчу майдане баьхна болу кхачамбарш доцуш а, дуккхаъчу къахьонехь лаьтта хийрачу махкахь бехачу нехан дахар. Кху деношкахь Венерчу Фаворитен кIоштанах хиллачо а тоьшалла до цунна.

Шовзткъа шаре яьлла йолу нохчийн мухIажар шен 18 шо кхаьчначу йоIаца цхьаьна корехула чукхоссаелла, яла гIерташ хилла, полисхошка ша Оьрсийчу дIа ца ялийтархьама. Делан къинхетамца, Iожаллех и шиъ кIелхьара яьллехь а, амма ца ялаелла махкара ара яккхарх кIелхьара.

Австрехь вехачу нохчийн юкъараллин жигархочо Банжаев Вахас дуьйцу цу хиламех лаьцна.

Банжаев Ваха: „Чукхоссаяла ца кхууьш, полисхоша схьалаьцна и шиъ. ЙоI хилла и шен могуш йоцуш йолу нана а ялош, кхуза схьаеънарг. Амма уьш кхузахь бита бахьана дац, дарбанаш Оьрсийчохь а до дика, аьлла, арабохуш хилла уьш. ХIинца и йоI дIа араяьккхина, депортаци а йина, ткъа нана йитина“.

Оьрсийчу дIа хьежош болчу нохчийн мухIажаршна а, кхечу мехкаршкара схьабаьхкинчу тховкIело лоьхучарна а дика девзачех бахьана ду, меттигерачу Iедалша шайга „шу кху махкахь Iен а, даха а бакъо йолуш дац, шу кхузахь иллегале ду“ бахар.

МухIажаршна депортаци яр, цара Венин коьртачех майданахь долу дуьне а теш хIоттош, шайгара хьал далхадарх сацийна ца хиларо гойту, цигахь цхьана четар тIехь яздина долу дешнаш „ Цхьа а адам дац кху лаьтта тIехь иллегале“ бохуш долу, меттигерачу Iедалшна хаззане а хезна ца хилар.
XS
SM
MD
LG