ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн эскархочун хIоллам сийсазбина Венехь


Австри -- Оьрсийн Эскархочунна Дуьненан ШолгIа тIом бирзича хIоттийна хIоллам, тIе басарш Iенийнера цунна бевзашбоцчара деношкахь, Вена, 10Сти2012.

Австри -- Оьрсийн Эскархочунна Дуьненан ШолгIа тIом бирзича хIоттийна хIоллам, тIе басарш Iенийнера цунна бевзашбоцчара деношкахь, Вена, 10Сти2012.

„Оха и инцидент хаза нехан санна инзарвоккху вандализм лору, цу хIуманна бехкеберш кароре а, царна догIуш долу гIуда тохаре а кхойкху“, - ишттачу дешнашца резадацаран нота хьажийна Венерчу оьрсийн векало Нечаев Сергейс Австрин арахьарчу гIуллакхийн министралле. Цуьнан бахьана цхьана цабевзачара Венехь Шварценберглатц майданахь лаьтташ болу Оьрсийн Эскархочун хIоллам, тIе цIе-къорза басарш а Iенийна, сийсазбина хилар ду.


И хIоллам ШолгIа Дуьненан тIом чекхбаларан де тIекхочучу муьрехь, хIинца кху шарахь, дуьхьара сийсазбина бац. ХIора шарахь аьлча санна нисло и санна дерг. Дукхахьолахь буьйсанна, воьду-вогIу стаг воцучу хенахь, я басарш Iенадо цунна тIе я йозанаш яздо, я нехаш тосу. Полицхой и хIума диначарна тIаьхьа ца кхуьу наггахь а. ХIинца а меттигерчу Iедалхоша шайна и хIоллам сийсазбар халонга даьлла хилар дIакхайкхийнехь а, куьгбехкенаш ца карош бисина.

Австрехь нисделла а ца Iа кест-кеста оьрсийн салтичунна хIиттийна хIолламаш сийсазбар я уьш бохор, я гIаланийн яккъашкара йистошкарчу кешнашкахь дIакъайлабахар. Масех де хьалха Эстонехь, Таллиннехь лаьттачу „Борзан салти“ цIе йолчу хIолламна тIе кIайн басарш диттинера цабевзачара.

Ткъа Германехь даханчу шарахь хилира цу рогIера хIума. Кегийчу долучу хIора а нохчийн берана, нохчийн хилла ца Iаш, Советашкарчу хIора а берана къонахчаллин а, догдикаллин а масала санна, историн киншкашкахь буьйцуш хилла болу Берлинерчу Трептов Паркера, жима бер марахь а долуш, лаьттачу оьрсийн салтичун хIоллам сийсазбинера меттигерчу наха.

ХIолламна тIе комаьрша цIе басар а Iанийна, немцойн маттахь „Адамаш дойъуш волу, адамаш хьийзош волу къу“, аьлла, яздинера цабевзачара, цу буха йоккха фашистийн жIар а юьллуш. Ткъа цу дешнашца цавевзачу авторо нундохуш дерг массарна а оцу сохьта кхеташ дара - Германи а, доллу дуьне а нацистийн баланах паргIат доккхуш баьхкинчу оьрсийн эскархоша еккъа цхьана Германехь ши миллион сов зуда сийсазйинера тIом дIабоьрзучу муьрехь.

Цу зударех иттанаш эзарнаш шаьш шайна тоьхна беллера, шайна тIехь бина ницкъ ца лабелла. Иштта бIеннаш эзарнаш маьрша нах, герзаш детташ, байъинера советийн салташа шаьш „паргIат яьхначу“ немцойн гIаланашкахь. И дерриге а хIинцалц схьа немцойн юкъараллехь кхин башха шуьйра дийцаре деш ца хиллехь а, амма тIаьхьарчу хенахь историн Iилманчаша а, психологаша а, яздархоша а алсам дийцаре дан долийна оьрсийн „салтичо-паргIатъяккхархочо“ лелийна къизаллаш.
XS
SM
MD
LG