ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зуда дагалоцу Де


Стохка санна цунна коьрте хIоттийна ю мехкан куьйгалхочун а, пачхьалкхан а администрацин хьаькаман гIовс Дулаева Хадижат. Нохчийн зудчун сий-лерамна рогIера даздарш дIадахьар дийцаре деш, министарш биста кхаччалц, массо тIегIан маьхькIамхой а болуш, кхеташо дIаехьна Соьлж-ГIалахь.

«Кхушара зударий базбар кху беттан 20 -чу дийнахь нислуш ду. ТIех дика кечам а бина вайи за лаккхарчу тIегIанахь дIадахьа деза»,- аьлла дIахьедар дина цу кхеташонехь Дулаева Хадижата.

И хилам юьхькIаме дIаберзо, ишта я вуьшта дакъалаца декхарийла веш, меттахваьккхина ву Iедалан балхахь мел волчу хьаькам а, лахара а,лакхара а массо доьшийлаш. Цхьа бутт гергга хьалха дуьйна дан леринчу гIулкхашкахь тидаме эцна ма-хиллара ерриг гIаланашкахь, кIошташкахь вайнехан зудчун сийнна хIиттор ду ловзар-синкъерамаш, дIахьур ду тайп-тайпана къийсадаларш,кхоллараллин суьйренаш.

Оьздаллин министараллин хьостано официалан кхайкхорца нохчийн зударий базбарехь жигара хьийзар бу цу урхаллин куьйга кIел мел болу белхой: артисташна тIера библиотекашкара гIуллакхъхошна тIекхаччалц. Цу хиламехь шуьйра а,хьасартне а дакъалаца декхаре йина ю спортан министаралла а. Цуьнан маьхькIамхоша хIоттийначу Iалашонца кIирандийнахь спортахоша шайн говзалла зуьйш хьуьнарш къуьйсур ду футбол,волейбол ловзарехь, ишта бен-бечу латаршкахь,шахматашкахь.

Зударийн де даздар цхьаьнатохархоша билгал ма даккхара,коьрта хиламаш дIахьур бу Соьлжа гIалахь Пачхьалкхан театр –концертан цIийнехь. Цигга гIалин цхьана майданахь дIабахьа лоьруш бу нохчийн халкъан барта кхоллараллин бух боккха «Синкъерам» а.

Леррина цхьа де къаста а дина нохчийн зудчу де даздар цхьабосса туьдуш хIума дац юкъараллехь. Ма-дарра аьлча цхьаболчара иза къобалдо,кхечара нажжаз, цхьаболчара иза бакълена а халкъан дездан лору, вукхара, Iедалехь болчара зударийн бала кхочурш хила гIерташ лело кепаш лору. Дуккха а ду цу хьокъехь яккхий башхаллаш а йолуш деш долу морзахе къамелаш. Ишколашкахь зударийн де даздар,лааме хьажжа а доцуш, тIедожийна делахь а, и де мехала а,маьIне а лоручех ю соьлжагIалахо Зезаг.

Зезаг: «Шуьйра даздеш ду Нохчийчохь зударийн де 2009 шарахь дуьйна. Дешаран хьукхматашкахь тIе а диллина дIахьуш цхьацца мероприятеш… гIалахь цу дийнахь арабовлий кегийрхой хуьлу зударшна совгIатана зезагаш доькъуш. Суна-м дика хетта иза,муьлхха а зудап нана а ю ,йиша а ю».

Къинхьегаман а,дахаран социалан хьелаш листаран министараллин а белхо ю Iайнаъ. Ша шеконехь ю боху цо махкахь зударийн де даздар бакълена а уьш ларарца а,церан хам-пусар дарца а доьзна дуй те аьлла. Цу хьокъехь цо элира.

Iайнаъ: « И даздича а, зударий лерам бича а чIогIа хаза а,дика а хетара суна. Бакълена а церан лерам-пусар деш хилча-м доккха де дара иза. Стенна аьлча кху тIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина дукха халонаш лайна вайнехан зударша,ницкъ алсам хилла. Ас цхьа масал далор ду.

Ишколашкахь болу зударий,масала,кху тIаьхьарчу хенахь лаг а лаьцна хьийзош бу,хIинца дIабоху,тIаккха дIабоху бохуш, церан метта дIахIитта говзанчаш болуш санна. Бан ма бац. Ишколашкахь берш 70-80% зударий ма бу. Де-м диллинера. Баккъал а церан леерам бар маца дIадолор ду-м ца хаьа».

Мел лераме бу нохчийчохь зударий ? Таро ерш а йоцурш а, гIуллакхехь берш а,боцурш, токхоехь берш а,мисканаш а- берриш а цхьатерра сий-пусар а деш лоруш буй те юкъараллехь? Цу могIарерчу хеттаршна жоп дала аттта дац, амма цхьа бакъ ду, хIора шарахь а Iедало вуно дукха харж йо зударий де даздарна тIехьажийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG