ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iалам карзахдаьллера Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала. 31.Стиг.2016.
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала. 31.Стиг.2016.

Кхоьссина чIогIа догIа тохар бахьана долуш зенаш дина Соьлж-ГIалахь а, цхьамогIа республикерчу ярташкахь а. Цу тайпа Iаламан бохам хиланза дуккха а хан яра Нохчийчохь боху меттигерчу бахархоша.

Iалам карзахдалар вуно дика гойтуш дара Соьлж-ГIалахь Минуткерчу тоннолан чохь хуьлург. ДогIанан хи дIадоьдийлаш лара цайора иза дIахуда. И бахьана долуш Iовраш IаьIнера цу чохь. Телефон тухий варе бора наха вовшен тоннелана го таса аьтто лаха бохуш. Мотораш чу хи даьлла дIаяйна лаьттачу машенаш юькънера и меттиг.

Кхин баш гIоле хьал дацара Соьлж-ГIалан кхечу урамашкахь а. Маршо Радион корреспонденташа бечу хаамашца, урамашкахь лаьттара бIеннаш машенаш.

Цхьайолчу гIишлонашкахь а, хIусамашкахь а дIаяьллера электросерло. Соьлж-ГIалара вахархочо Мансуров Мохьмада иштта дуьйцу хилларг.

Мансуров Мохьмада: "Иштта чIогIа догIа догIуш гина дацара суна. ДIадаха меттиг боцуш дукха хи гулделлера гIалахь. Машенаш хIиттинера шаьш йолччехь".

Дагмана ша балхахь яра боху инзаре чехка догIа долалуш.

Дагман: "ДогIа чIогIа хиларна арадовла аьтто боцуш дисинера тхо. Дерриг а х1ума хи бухула даханча санна сурт дара. ДогIа сецначул тIаьхьа Iедалша болх бинера. Iуьйринна гуш долу сурт гIоле дара".

Интернетерчу социалан машанашкахь дуккха а ю Нохчийчура Iалам карзахдалар гойтуш яьхна видеош. Церах цхьанна тIехь тIекъелйинчу гIишлонан кIеллахь йолчу гаражана чуоьхуш ду хи.

Рошничура урам дистинчу хих тарбелла.

Рошничу
Сабардахьара ахь
Embed

No media source currently available

0:00 0:00:29 0:00

Цу тайпа догIа тохар шен дахарехь цкъа бен цахиллера бохуш дуьйцу Шелан кIоштара вахархочо Халида. Иза хилла 1958-чу шарахь нохчий Сибрехара цIабирзинчул тIаьхьа дукха хан ялале.

Халид: "ЧIогIа догIа а дилхина Хули доккха деана аьлла тхо дерш а (бераш) хьевдда хьовса дахана дагадогIу суна. Хил дехьа пионерийн олу берийн лагерш яр. Кху дентIехь мел йолу дечиг а, кол а, нехаш а йоьхьуш дистина догIуш дара хи.

Берашна кхача кхоьхьу машен такхийнера хино. Цунна тIехь хилла шура чохь йолу флягаш наха лоьхуш дагадогIу суна. Вийна-ваьккхина стаг вацара. Баккхийчара хилларг тидира вай цIера даьхча хьакхарчий кхаьбна а, кхин дерг дина а бехбина мохк цIанбар санна".

Нохчийчура Орцаллан министраллан векалша бинчу хаамца, Соьлж-ГIалахь ток дIаяьккхинера церан дехарца, цIе яьлла я кхин хилла бохамаш цахилийта. ДогIа сацарца ток ялар меттахIоттийна.

ХенахIоттам говзанчаш варе бина Нохчийчура бахархой Кхаарин сарахь цу кеппара догIа тоха мегаш ду юха а аьлла. Цкъачунна Iалам карзахдалар бахьана долуш вийна-ваьккхина стаг ву аьлла хаам кхаьчна бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG