ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Клинтон, Трамп - президенталле кандидаташ


Шайн-шайн партешкахь хIара шо доьрзуш хуьлучу Iамеркан Штатийн президентан харжамашка кандидат даха герга ду демократех йолу Клинтон Хиллари а, республикахо Трамп Доналд а. Иштта ду шинарийдийнахь халкъан векалша Супер праймризехь тесначу кхожан жамI.

Оцу шинна кIеззиг бен тIе ца оьшу кандидаталлехь чIагIбала къоман векалийн кхаьжнаш. 69 шо ду бизнесхочун Трампан. Нью-Йоркан сенатор а, Пачхьалкхан секретар а лаьттина Клинтон ю цхьа шо жима – 68 шо. Тергамчашна хетарехь, и шиъ диса тарло гурахь хуьлучу президентан харжамашкахь кандидат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG