ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампана дуьхьал петици кечйина Iамеркера яздархоша


Iамерка - Яздархо Кинг Стивен (Stephen King).
Iамерка - Яздархо Кинг Стивен (Stephen King).

450 Iамеркера яздархочо электронан кеп йолу петици язйина Iамеркин президентан харжамашкахь Республикан партин цIарах кандидат хила мегаш волчу Трамп Доналдана дуьхьал. Литераторша, шайна юкъахь Кинг Стивен а, Диас Жюно а, Эггерс Дэвилд а волуш, интернетехь дIахIоттийна шайн «Iамеркин халкъе схьадиллина кехат» цIе йолу кхайкхам. Цу тIехь цара бехке вина Трамп «шен агIончашна юкъахь оьгIазло яржорна а, «кхин ойла йолчу нахана кхерамаш» тийсарна а.

Онлайн-кехатан авторш Трамп Iамеркин президентан харжамакахь кандидат санна хьалха таттарна дуьхьал белахь а, цу петицин текст тIехь кхайкхам бац цуьнан политикан оппоненташкахьара кхаж таса аьлла.

И кехат гучудаларца цунна къел кхуьгтаIийна 8500 стага. Президентан харжамашкахь Республикан партин цIарах кандидат хила Трампана оьшу 14 делегатан кхаж. Оццул тIе цатоьъу цунна оьшуш болу 1237 кхаж гулбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG