ТIекхочийла долу линкаш

КIиранан бIаьрла хиламаш


Британи -- Фуллер Элизабет, журналист, Кавказан проблемийн эксперт

Британи -- Фуллер Элизабет, журналист, Кавказан проблемийн эксперт

КΙиранан хиламаш, церан тидарш экспертца Фуллер Элизабетица. Умаров Доккин бΙаьхоша керла видеокхайкхам бина интернетехула. ГΙиргΙазочуьрчу набахтера мукъаваларцана Нохчийчу дΙавахана низамехь къу (вор в законе) ларалуш волу Батукаев Ιазиз.



КΙиранан хиламаш, церан тидарш экспертца Фуллер Элизабетица.

Умаров Доккин бΙаьхоша керла видеокхайкхам бина интернетехула.


Маситта бутт бара лаьмнашкарчу гΙаттамхошкара керла дΙахьедарш даржанза. ХΙинца и тийналла йохийна Ю-Тубехула шен къамел даржийначу Имам-амира. Бакъду, лаьтташ ло ду гуш – бΙаьстенан юьххьера я Ιаьнан тΙаьххьара ло хила а тарлуш.

Ма теша, боху цо, муджахΙидийн могΙарш лекъна бохуш дуьйцучух. «Цкъа 50 ву, тΙаккха 30 ву бохуш даржочух. Тхо 10-20 бен ца хилча а хьийсор ду Оьрсийчоьно тхо дайъа кеманаш, даккхий эскарш», - боху амира Имама. Доьшу аят, бусулбанийн жимачу тобано яккхий тобанаш Делан лаамца эшош мел яьхкина меттигаш, аьлла ду иза. Иштта, кегий нохчийн тобанаша тоьлаш схьайогΙу эскаршца летачохь, боху амира.

Дукха хан йоццуш оьрсийн тидархочо Паин Эмила аьллачунна жоп луш санна нисло оцу амира. Паина бохура, тΙмалойн тактика хийцаелла, хΙинца цара шайна зен кΙезиг хуьллучу кепехь бо тΙемаш. Иштта билгалдаьккхинера Паина, Умаров Доккас юхабаьхна шен бΙаьхой маьрша оьрсий байъарх, аьлла.

Оцу хьокъехь комментаторна хета Паин шен тидамашкахь мелла а галваьлча санна.

Фуллер: « Шина хΙуманна тΙехь галваьлла Паин. Умаров Доккас совцийна Кавказна юьстаха лелхийтарш дайтар. Амма совдевлла ша Къилбаседа Кавказехь могΙарерачу нехан кхалхарш. ШолгΙа делахь, схьаоьцур вай Дагестан, цигахь тΙемалойн коьрталазам а бац шаьш маьрша нах алссам хΙаллакбеш хиларан. Бохкабелларш, мунафикаш шаьш лору нах бойъу цара».

Нохчийн тΙемалойн тактика - кег-кегий тобанашца мостагΙчунна тΙлетарш дар ю. Оцо аьтто бо керлачу муджахΙидашна тΙом бан Ιама. ШолгΙа делахь, сурт хΙоттадолуьйту, амира Имама ма-баххара, гΙаттамхой кхачалуш болуш санна, итт-ткъа бен уьш воцуш санна.

Сочера олимпиада тΙекхочуш хиларца дозу аьлла хетало Имарато шен тΙеман кеп хийцар. Бакъду, стохка гурахь дуьйна хезаш дац Умаров Доккин аз - шеко кхоллало, иза дийна а вуй те, олий.

Батукаев Iазиз - Къуйн Эла - Вор в законе

Ялх кΙира ду нохчо низамехь къу олу (вор в законе), набахтешкарчу а, мукъабевллачу а тутмакхийн тхьамда, ГΙиргΙазойн набахтера, шен тоьхначу 16 шарах ах хан а ца токхуш, мукъа а ваьлла, шена леррина лаьцначу кеманахь Соьлж-ГΙала дехьаваьлла.

Оцу хьокъехь ца дижош дуьйцу гΙиргΙазойн прессано, Батукаев Кадыров Рамзанна гергахь а ву, хьалхо Кадыров иза гΙиргΙазошка дΙавоьхуш а лелла, стохка иза волчу Бишкеке цо шен шича, оьрсийн Думин депутат Делимханов Адам а хьажийнера, бохуш.

47 шо долу Батукаев Ιазиз гоьваьлла ГιиргΙазойчуьрчу набахтешна тΙехь а, арахьа а, аьлча а, тутмакхашлахь дош лелаш ваьхна хиларца а, ша набахтехь Ιаш, эла санна, дерриг а долуш ваьхна хиларца а. Официало иза цΙий телхина, лейкомия кхетта ву аьлла, хеназа арахийцира. Амма хууш дац, набахтера араваьлла стаг шена гергахь кхобучу гΙиргΙазойн полицино иза махках стенна валийтина.

Цхьана гΙиргΙазойн КГБ-н (къайлахчу сервисан) белхахочо дийцира газеташна, Батукаев Ιазиз набахтера мукъавалийтаран бахьана ду цуьнан йишас Яхас еллачу информацино Ιедалшна Оьрсийчуьра наркотрафик йохон аьтто бина хиларна, аьлла.

Экспертна Фуллер Элизабетина хетарехь, Кадыровн оьшу шех шен халкъо вуьззина паччахь лорийла.

Фуллер: «Кадыровна беккъа цхьа пайда бен хуьлучух тера дац. Дерриг а дуьнентΙерачу нохчашна тΙехь ша олалла деш а, эшначохь царна гΙо кхачош вуйла гайта лаьа цунна.

Кадыровс, хетарехь, Москох тешийна, Батукаевн гΙоьнца Сочерчу олимпиадах шайна са яккха гΙертачу къуйшна гатто хΙотталур юйла. И гипотеза харц нисъеллийла хуур ду вайна, нагахь санна Батукаев цхьа цΙеххьашха леш хьал дерзахь. Хууш ду, Оьрсийчуьра къуйн эла (вор в законе) Дада-Хьасан вийчхьана, цуьнан меттиг беса лаьттийла а, цхьамма иза буза безаш буйла а. Сахьт дац цига Батукаев Ιазиз хΙоттон а».
XS
SM
MD
LG