ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даханчу кIиранан бIаьрла хиламаш Фуллер Элизабетца


Нохчийчоь - Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан куьйгалхой Кадыров Рамзан а, Евкуров Юнусбек а Соьлж-гIалахь цхьанакхеттачу хенахь, 12Лах2008
Нохчийчоь - Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан куьйгалхой Кадыров Рамзан а, Евкуров Юнусбек а Соьлж-гIалахь цхьанакхеттачу хенахь, 12Лах2008

ГIалгIайчура ГIалашкехь хиллачуьн хьокъехь динчу къамелехь, цхьана ца дараш ду Кадыровн. ГIалашкера гIуллакхца доьзна Кадыровна а, Евкуровна а юкъахь иккхинчуо дозанийн хаттар айина. Краснодар кIоштан губернаторо Ткачевс питане дIахьедар динчул тIаьхьа, иза даржера вохон вогIу боху Кавказера цхьаболчу лидерша. Даханчу кIирнах Къилбаседа Кавказехь а, цунна гонаха а хиллачу маьIенчунна хьесапдо аналисто Фуллер Элизабета.

Цхьа хьалха, ГIалгIайчура ГIалашки эвлахь хилларг.

Фуллер Элизабет: ГIалашкехь ницкъаллийн структураша даханчу кIирнах дIаяьхьначу лерринчу операцех лаьцна хIинца Кадыровс хIинца керла дуьйцург, цо хьалха дийцинчух кхоччуш къаьсташ а, хила тарлуш доцуш а ду. Оцу операцехь вийна боху ши ваша АвдорхановгIар а, Халадов Аюб а.

Цул сов, кхин цхьа цхьана ца дар а ду. Даханчу кIирнах и леррина операци Товбецан беттан 31-чу дийнахь дIаяьхьна элира Кадыровс. Ткъа хIокху кIирнах цуьнан зорбан сервисо иза оццу беттан 29-чу дийнахь хилла элира.

И де дара ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнусбека хьахийнарг а. Бомба иккхича ши тIемало велла, кхин цхьанна чевнаш хилла, аьллера цо. Евкуровн хьесапехь тIемалойн цIераш Довлатов Алихан а, Абаев Идрис а яра.

Авдорханов ИбрехIимна хьахийна ю бохуш, телевизионехула гайтинчу Гуьмсерчу жимачу зудчо дина дIахьедар, теша хала долуш дара. Цхьана Iаткъамна кIел иза юй гуш дара.

Оцу жимчу зудчо бохура, шен телефонна тIе косташ кхачара тIемалошкара, шо хьалха скайп чухула Мисарера а, Туркойчура а кегий нахаца цо къамелаш дина шо даьллачул тIаьхьа. Цо бахарехь, тIемалоша тIеIаткъам бора цунна ИбрехIиме маре гIо, ца йодахь, хьан нанна цхьаъ дийр ду шаьш, бохуш.

И тайпа дIахьедарш Кадырован зорбан-сервисо тоьшалла лору, тIемалоша шайн могIаршка керла нах интернетехь лоьху бохучунна. Амма иза хуьлийла дац. ХIунда аьлча, ФСБен хаамаш латточарна чIогIа атта хир дара тIемалой литта. Иштта, хила тарло бохучунна генахь ду, тIемалоша скайп лелайо бохург а. Уггар хьалха кхерамазаллин бахьанашца. Телефонехула косташ, ца бевллий бен ца тосу цара.

ТIаьххьара, ца кхеташ дисна, АвдорхановгIара вежарша захало дуьйцуш йолу зуда ГIалашки хIунда кхойкхуш ю, уьш шаьш а, иза а Гуьмсера хилча? Оханан беттан тIаьххьарчу деношкахь яьккхинчу видео т1ехь ша шех Кавказан Эмират кхайкхийна куьйгалхо Умаров Докка а, лакхара амираш а болчехь, Умаровна уллехь хиина 1аш верг, Куршлой к1оштан амир волу Авдорханов Заурбек санна вуьйцуш вара.

Маршо радио: Шина республикин куьйгалхочуьн башха версишна тIера доладелла къамел, дозанаш билгалдаха хан хиларна тIекхечира. Шен дас, Нохчийчоьнан куьйгалхо волуш ГIалгIайчоьнна дIаелла Соьлж-кIошт схьаяккха хьожур вуй Кадыров Рамзан?

Фуллер Элизабет: ГIалашкехь байинчу нахана а, уьш баларан хьелашна а тIехула Кадыровна, Евкуровна юкъахь хаамийн гIирсашкахь хааме даьхначу, барт ца хиларан къамелаша марсадаьккхина шина республикана юкъара ладаме хаттар. Кадыров хIинца Евкуров кхерон волавелла, Нохчийчоьнна, ГIалгIайчоьнна юкъара дозанаш къастон хан тIекхаьчна, аьлла.

Кадыровс бахарехь, цунна бахьана ду, гIалгIай шайн доцчу латтанашна тIехь гIишлош ян буьйлабелла хиларна. Билггал долу латта Кадыровс ца хьахийнехь а, кхеташ ду, цо хьехош ерг Соьлж-кIошт юй.

Angusht.com цIе йолчу вебсайто зорбане баьккхина 9 шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Зязиков Мурата а куьйгаш таIийначу бертан копи а, сурт а. Цу барто билгалдоккху, Нохчийн Конституцин артиклца, Соьлж-кIоштара Сипсо-гIалий, Аьхкинчу Борзей бен Нохчийчоьнна юкъайогIуш яц. Ткъа Соьлж-кIоштан кхин долу латтанаш, Нохчийчоьнан дац, боху.

Кадыровс шен да вазвеш хестор тидаме эцчи, тамаша бу цо шен дас чIагIбина барт бохор бу бохучух теша. Я, Рамзанан Iедалера цхьа а ца хIьттина те, и документ хилар дагадаийта.

Маршо радио: Критикашна хетарехь, Крымскехь хилла бохам баханехь, шена тIера тидам дIаозон гIерташ, питане дIахьедарш деш, къаьмнашна юкъа тим туьйсуш волу Краснодар кIоштан губернатор Ткачев Александр хIинца вохор вуй шен даржера?

Фуллер Элизабет: Даханчу кIирнах Краснодар кIоштан губернаторо Ткачев Александро динчу хьекъалза а, питане а дIахьедаршкахь, Краснодар кIоштахь беха Къилбаседа Кавказера нах буьйцуш, дагестанхой алсамбовлийта йиш яц элира цо. Кхеташ дац, Ткачевс хьехийнарш, Ставропол кIоштарчу дозанехь бIеннашкахь шераш бехаш хилла ногIий бара, я тIаьхьуо Краснодаре белхаш бан дIакхелхина суьйлий бара.

КарабогIучу баттахь дуьйна гIалгIазакхий буйьлалур бу шайн кIоштахь полицица цхьана, тIебаьхкина нах талла а, криминалан хьал лахдан а аьлла, Ткачевс динчу дIахьедаро Дагестанера жоп даийтина.

Махачев Гаджис ша куьйгалла деш болу имам Шемалан цIарах болу Дагестанан фронт цIе йолу болам дагабоуьйтуш пайда ийцира. Цо Ткачев бехке вира, динчу диканна баркалла ала ца хууш волу, кIоршаме стаг санна. Махачевс билгалдаьккхира, хиш дистина, бохамаш хиллачу Крымске ша цхьа миллион ах миллион сом барамехь яахIума яхьийтина хилар.

Оцу боламо шен дIахьедар арахецна, къоман хаттар ойу муьлхха а гIулч емалъеш. Оьрсийчоьнан куьйгаллина тешнабехк бар санна лерина цара Ткачевн къамел. Цул сов, тайп-тайпана къаьмнаш деха Оьрсийчура хьал кегон гIертар санна а лерина. Цара Путине дехар дина, Ткачев губернаторан даржах мукъаваккхар доьхуш а, прокуроре Чайка Юрийга, 282-чу артиклехула цунна таIзар дар доьхуш а.

Нохчийчохь, еккъа цхьа реакци яра официала агIора. Ткачевс далийтинарг доккха гIалат ду элира нохчийн парламентан спикеро Абдурахманов Дукхувахас. Кавказера нах мигранташ бац, шайн пачхьалкхан латта тIехула дIасалела йиш йолу, буьззина бахархой бу, аьлла.

Оьрсийн Федеарцин конституци йохор санна лерина Абдурахмановс, Ткачевна дIахьедар. Крымскехь шегара даьлла гIалат дайа гIерташ, Кубанера проблемаш йистах теттина, Кавказ бехке ян гIерта иза, аьлла Абдурахмановс. Ткачев бехказавала гIоьртира, шен гIоьнча чергазо ву, хьехамча Гiирмера гIезало-зуда ю, шен дуккха а эрмалой а, грекаш а доттагIий бу, аьлла.

Делахь а, ур-атталла Теркера гIалгIазакхийн атамано Логвиненко Игора а аьлла Регнум агенталле, Ткачевс шен къамел ларлуш дан дезара. Логвиненкос бахарехь, гIалгIазакхийн полицина тIехь хир ду, низам дохийнарг милла а жоьпе озон бакъо хир, къоме а, схьаваьлла меттиге а ца хьоьжуш, аьлла.
XS
SM
MD
LG