ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ходорковский мукъавалийтаран къайлаха хьелаш


Германи -- наабахти чура араваьллачул тIаьхьа Ходорковский Михаил хьалхара интервью луш ву Оьрсийчура 'New times' редакторна, Берлинера 'Adlon' хьешан цIа, 21ГIу2013
Германи -- наабахти чура араваьллачул тIаьхьа Ходорковский Михаил хьалхара интервью луш ву Оьрсийчура 'New times' редакторна, Берлинера 'Adlon' хьешан цIа, 21ГIу2013

Ходорковский Михаил арахецар хIинца а къайлене хета дукхахболчу Малхбузерачу тергамхошна. ХIун бахьана ду те Путин Владимире шен коьрта дуьхьалонча маьршаваккхийтинарг? Муьлхарниш ду те Ходорковский дIахецаран бакъдолу хьелаш? ХIун рол ловзийра цу маьршаваккхарехь оьрсийн экономикан хьашташа а, тIейогIучу Олимпиадано?

Дуьненан юкъаралла Ходорковский арахецаран бахьанаш а, хьелаш а дийцаре деш ю. Ткъа ша Оьрсийчоьнан уггаре а вевзаш волу тутмакх шен дуьххьарчу интервьюца хIинцале а ур-аттала шен агIончаш а цецбаха кхиина.

Политикан, бизнесан хеттарш ша Iалашоне оьцур долуш дац, амма юкъараллин хьашташна лерина болу болх бийр бу ша, аьлла дара Ходорковский Михаилс Берлинерчу шен дуьххьарчу пресс-конференцехь динчу дIахьедарех коьртаниг ларамегар дерг.

Малхбузера тергамхой хIинца а тайп-тайпанчу агIор дийцаре деш бу, муха резахилла те Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кху тIаьхьарчу итт шарахь доллучу дуьнено а цуьнан коьрта мостагI лоруш хилла волу, дуккхаъчарна Путин Iедалехь мел ву набахтехь воллур ву моьттина хилла волу Ходорковский арахеца а, иза дозанал аравалийта а реза, бохуш.

Ткъа цу маьршаваларехь гаррехь коьрта дакъалаьцнарг хIинца цхьана шаренна Ходорковскийна виза а елла, иза тIеэцна йолу Германи ю. Уггаре а лакхара пачхьалкхан Iедалхой, - канцлер Меркелна тIера дIа арахьарчу гIуллакхийн министарна Вестервелле Гидона а, мацах цкъа, Германи шина декъе екъайелла йолчу хенахь, ткъа Оьрсийчоьнна метта Советан пачхьалкхе хиллачу хенахь немцойн арахьарчу гIуллакхийн министар хилла волу Геншер Ганс Дитрих а, ур-аталла Германехь оьрсийн ГАЗПРОМ концернан лоббиярхой а тIаьхьа, - орцахбевлла хиллера цу цIеяхханчу тутмакхна.

ГАЗПРОМах аьлча, немцойн Шоьнефельд аэропорте Ходорковский валочу кеманна экс-арахьарчу гIуллакхийн министарца Геншерца цунна дуьхьал вахнарг а, доллучу дуьненехула дIасадаьржинчу Ходорковскийн дуьххьарчу сурта тIехь цу шинна, Гешерний, Ходорковскийний, юккъехь лаьтташ волу стаг Рар Александр вара. Оьрсийчуьра орамаш долу, амма иза башха гIар ца доккхуш волу и политолог Германехь Путин Владимиран гергара хьаша санна вевзаш ву. Масех шо хьалха цуо Оьрсийчоьнан президентах лаьцна киншка а язйира, кхеташ ма-хиллара, немцойн маттахь, немцойн аналисто санна. Путинан леламашка вуно критикалле хьоьжучу немцойн кхин дIа болчу тергамхойн а, яздархойн а, журналистийн а тептарийн могIарехь и киншка шен Оьрсийчоьнан президенте болчу хестамечу хьежамашца къаьсташ яра. Рар Александр оьрсий вуйла а, иза ГАЗПРОМ концернан Iалашонаш Германехь чIагIйеш вуйла а ца хуучарна „хьажахь, и Путин-м иштта ма-дийцара вуон а ца хилла, кхузахь немцойн аналист а ма ву иза дика вуьйцуш“, аьлла хетар долуш.


Ткъа хIун юкъаметтиг ю Путине шен марзо ца хьулйеш волчу Рар Александраний, Путинан коьрта дуьхьалонча ларалуш хиллачу Ходорковскийний юккъехь? Хьалхарниг: и Рар Александр хIинцале а дукхахан йоцуш, ша гаррехь ГАЗПРОМан Германерчу партнер-фирмане болх бан дехьа валале немцойн арахьарчу министраллин тховкIелахь йолчу цхьана юкъараллехь болх беш вара „Арахьарчу ЗIенийн Юкъаралла“ цIе йолчу. Ткъа цу юкъараллин сийдолу президент вара и хIинца Ходорковский маьршаваккхарехь мехала рол ловзийна волу Геншер Ганс Дитрих. Шозлахниг, - схьахетарехь, кхин а мехал дерг, – Рар Александр ши шо хьалха официала балха дехьа велира Винтерсхалл цIе йолчу немцойн корпораце. Ткъа и Винтерсхалл оьрсийн ГАЗПРОМан коьрта парнер ю Германехь хилла ца Iаш, йоллучу Европехь.

Цу кепара гуш ду, Ходорковский арахецаран бахьанаш политикехь хилла ца Iаш, иштта экономикехь а орамаш долуш хилар. Амма цул совнаха, немцойн а, оьрсийн а аналист а, политолог а, экономикан эксперт а ларалуш волу и стаг, шен Путинца зIе хиларх терра, немцойн агIонний, Кремланий юккъехь маза лелош хилар а. Германехь Путинан васт демократан а, либералан а санна хаздан гIерташ шерашкахь къахоьгучу цунна хьалха лаьтташ ерг атта Iалашо яцара, Ходорковский а, кхин болу политикан тутмакхаш набахтешкахь мел бу. Къаьстина, кесталгIа тIекхочучу Олимпийн ловзарш тергоне эцча-м муххале а. Дела денна Сочерчу Олимпиаде шай-шай ца вогIу бохучу Малхбузерачу куьйгалхойн терахь алсам долучу хьелашкахь хила там болуш дара, Путин ша сел лерина кечйеш хиллачу Олимпиада- 20I4 схьайоьллучу даздаршкахь, мел дукха а, шен луларчу, шех йозучу, мацах Советашна юкъе йогIуш хиллачу масех республикин куьйгалхошца Iен везаш хилар, уггаре а веза ши хьаша Лукашенкой, Ким Чеи Ыний а волуш. Цул совнаха, Малхбузера пачхьалкхаш тIаьхьа-тIаьхьа алсамох Катарерчу а, Норвегерчу а, Туркменерчу а газе хьежа юьйлаелла, Оьсрийчоьнах сел йозуш ца хилархьама.

Уьш дерриш а тидаме а эцна, цхьана Ходорковскийца масех проблема дIаяккха сацам бинчух тер бу Кремло.

Ткъа ша-м Оьрсийчоьнан уггаре а вевзаш волу тутмакх ша араваьллачул тIаьхьа шена гуонахь кхолладелла долу сийлаллин хIуо шен цхьаццадолчу дешнашца дойъуш ву. Масала, Къилбаседа Кавказ, низамца догIуш, Оьрсийчоьнан дакъа ду, хIунда аьлча Оьрсийчоьно иза ницкъаца схьаяьккхина ю бохучунца. Хаттар кхоллало, Ходорковскийн бизнес-импери ЮКОС а, цуьнан миллиардаш а, Кремлан долахьарчу структураша, иза набахте а воьллина, цуьнгара ницкъаца дIаяьхна йолу, уьш а иштта хIинца шаьш дIаяьхначийн - низамца догIуш, - долахь юй те, аьлла?
XS
SM
MD
LG