ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Whatsapp-о хуьйцуш лаьтта нохчийн меттан куц


Цкъа а ца лелийна аббревиатураш лело боьлла нохчий социалан машанаш гучубевлачхьана.

Тахана Iуьйранна, шайн дуьхьа кхоллина йолуш санна, нохчаша тIеэцначу Whatsapp-хь «CA» аьлла кехат даийтира соьга сан накъоста. Хьалакхиар Советан заманахь хиллачу суна уггаре а хьалха коьртачу иккхинарг дара армехь волуш ас сайн пагонаш тIехь «Советан арми» аьла лелийна ши элп «СА».

Амма тIаьхьо тIаьхьакхиича гучуделира, сан накъоста «СА» а яздина, соьга "Салам-Алейкум" аьлла салам делла хилар.

Дуьхьал, ВАС (Ва Алейкум Салам) аьлла, салам схьа а эцна, «Муха ду хьан гIуллакхаш" а яздина, ладоьгIуш сецира со. Сан накъоста жоп делира «ДД». И ДД (дика ду), дуьххьарлера аббревиатура яра ала мегар ду, нохчаша, интернетера социалан зIенаш юкъайовларца лело йолийна йолу. Иза суна хаьара.

Амма дукха хан ялале кхин а цхьа сан нийсархо зIене велира соьца Skype-хула. «СА» меттана цо даийтинарг дара кераюкъ гойтуш айдинчу куьйган сурт.

ВIА (Ва Iалейкум Ассалам) а яздина, дуьхьал «смайлик» олу хьаьрк хьажийра ас. Жимма хан яьлча соьга кхечира ларамца корта теIочу стеган сурт. Собар дан аьтто буй хьан бохург хоттучух тIехь диллина сахьт долу сурт а хIоттийна, хIара текст язъян волаелира со.

Хууш ма хиллара, нохчийн матто дуккхахенахь дуьйна тIеоьцуш яц цхьана а кепара аббревиатураш, ур аттал шен автономин республикан элпашца йоцца йоккху цIе а цхьана. Масала НГI АССР юкъадаккха гIиртира Iедалш. Иза дара Нохч-ГIалгIайн Автономин Советан Социализман Республика бохург. Амма цуьнах гIуллакх ца хилира.

Иза-м хьовха, КПСС алар а лортIехь ца декара нохчийн маттахь. дуккхазза а, нохчийн маттахь йоза деш, ойла кхоллалора, ма атта хир дара, масала, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташо яздечу меттан ЦКВКК яздича олий.

Я, хIора денна аьлча санна, тIом беш йолчу Нохчийчохь хуьлчух лаьцна дуьйцуш ГУ МВД ЧР муха ала дезара хIоразза а? ЧIогIа атта хир дара Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчоьнехула йолу Коьрта Урахалла олучу метта ОЧГIМНКУ аьлча.

Ткъа хIинца интернет юкъаяларо дIабохуш бу аьлла хетало нохчийн меттан а, аббревиатурийн а цакхетамаш.

Велалуш а, огIазвоьдуш йохку къовларш )(, Iо дика йойла олуш – ОДК, Собарде олуш – СБРД, Бехк ма билла – БМБ …

ХIара яздина со валале, дан хIума доцуш, цхьа мор дивайсаш гонах а ехкина, массо а шена бевза-безачаьрга цхьаьнаметта къамелаш деш воллучу сан накъосто юкъахваьккхира со, Skype-хула, милтах латийна цIе а йолуш, гранатан сурт а даийтина. Иза эккхале аьлла, БМБ (бехк ма билла) аьлла жоп а делла, Skype дIа а чIаьгIна, сихха телефон схьаийцира ас цуьнца къамел дан...

XS
SM
MD
LG