ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьанна пайдехь ду Iамеркера Бостонехь дина эккхийтар?


Нохчийоь -- Царнаев Саьlид, Царнаевгlеран Тамерланан а, Жовхаран а ден шича. Соьлж-гlалахь шен цlахь интервью луш ву Ройтерс агенталлина, 24Оха2013
Нохчийоь -- Царнаев Саьlид, Царнаевгlеран Тамерланан а, Жовхаран а ден шича. Соьлж-гlалахь шен цlахь интервью луш ву Ройтерс агенталлина, 24Оха2013

ЦарнаевгIеран Тамерланан а, Жовхаран а Нохчийчура гергарчо, махкахь воьвзачу суртдаккхархочо Царнаев Сайд-Хьусейна бехке йо Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а къайлах сервисаш. Бостонехь эккхийтар дагадеънарг Оьрсийчурниш бу, чекхдаьккхинарш – Iамеркераниш бу. Нохчийчура къам дохийна бевлла, хIинца арахь бехачу нохчийн гIуллакх дохон Iалашонца бина бохам бу боху цо иза.

Iамеркехь эккхар хилла массийта сахьт даьлча, ЦарнаевгIеран фамилии хезча, Нохчийчохь ша мел волу журналисто аьлча санна, махкахь а, дозанал арахь а воьвзучу суртдаккхархочуьнга Царнаев Сайд-Хуьйсейне телефон йиттира, цуьнан цаьрца хIун гергарло ду хьожуш. Юьхьанцара цо аьттехьа а дуьтуш дацара иза. Амма, тахана, оцу хьокъехь цо дIахьедар до, ша цу шина кIентан де шича а ву, хилларг, Iедалийн къайлахчу сервисийн бозбунчалла доцуш ца хилла аьлла. Маршо радиога цо ишшта элира.

Царнаев Сайд-Хьусейн: «Оьрсийчохь олуш цхьа хIума ду: «Откуда ноги растут». Сан хьекъалехь, иза дуолийнарг Оьрсийчоьнан лерина сервисаш ю, ткъа, чекхдаьккхинарг Iамеркераниш ю. Цигахь хилларг ма-дарра хууш дац. Оцу шина кIантан хIинца а тIехуьттуш дуккха а нах бу Iамеркехь. Ткъа, кхузара Оьрсийчохь, хIокху шина тIамехь, вай массо а хIуманна тIехь бехк а беш, вай ца дезар хоуьйтуш, и хIума лелош ду. Яздеш а ду ишшта. ХIоранне шен-шен ойла кхоллало оцу хIуманна, цундела ас дIабоху: Оьрсийн лерина сервисаш йоцуш и гIуллакх хилла дац».

Царнаев Тамерланан а, Жовхаран дай а нана а, церан де ваша а, шена ганза дукха хан ю боху Царнаев Сайд-Хуьсейна. 1969 шарахь ГIиргIизойчуьра Токмок гIалара шай доьзал цIабирзичхьана дуьйна, уьш цигахь сецна хилла. Шен кхин цаьрца зIе ца хилла, амма, хиллачуьнна ойланаш йича, къаьста цхьацца шалхенаш, бохуш кхин дIа а дийцира Царнаев Сайд-Хьуьсейна.

Цхьанатоьхна Штаташ - Бостонехь эккхийтар дарна шеко йолчу Царнаев Жовхаран сурт ду йохка-эцаран центрехь телевизионехь гойтуш, 23Оха2013
Цхьанатоьхна Штаташ - Бостонехь эккхийтар дарна шеко йолчу Царнаев Жовхаран сурт ду йохка-эцаран центрехь телевизионехь гойтуш, 23Оха2013
Царнаев Сайд-Хьусейн: «Цара инзаре кечам а бина, вайна ма тиллара, вай террорхой ду боху цIе, дуьненахь а яьржийта лууш ду. Иза тахана а сацийна дац цара. Террорхой муьлаш бу? Онда кечам а бина, къайлахчу сервисийн белхахой бу. Цара лоьлхуьйтуш ю, инзаре нах а бойуш, деш долу зуламаш, цара деш ду. Шайна новкъа болу лаккхара хьаькамаш а цара бойуш бу. И тобанаш Iамеркехь а, Оьрсийчохь а, Ингалс пачхьалкхехь а, Францехь а, Израилехь а, дукхах йолчу пачхьалкхашкахь а ю. Уьш хилар массарна а хууш а ду, цхьаммо а лечкъош а дац».

Бостонехь хилла долу эккхийтар, мел чIогIа теллича а, цуьнан ма-дарра долу бахьанаш а, цунна бехке берш а, цкъа а къасталур бац аьлла хета, Царнаев Сайд-Хуьйсейнна.

Царнаев Сайд-Хьусейн: «Оцу шина кIанта дина алийта, тардеш дина хIума ду иза. Телехьожийлашкахь гойтуш долу суьрташ, вуно чIогIа терго а еш хьажа везаш хIума ду. Схьагойтуш дукха харцонаш ю. Бозуш боцу талламаш бан безаш хIума ду иза. Иза дича а, суна хаьа, хIокху дуьнентIера онда шина пачхьалкхо бертахь дина долчу хIуманна таллам балур боцийла а, и боцу бехк, оцу шина кIантана тIехь буьсур буйла а. Ишшта чекхдаккха ойла а йолуш, дIадуолийна хIума а ду иза, ишштий бен чекхдер долуш а дац, мел чIогIа наха мохь хьекхарх а, царна тIехуьттуш, эзарнаш кхаьжнаш тесча а.»

Царнаев Жовхарна гIортор ярна тIетовжар доьхуш, Соьлж-гIалахь дIасадиттина кехат
Царнаев Жовхарна гIортор ярна тIетовжар доьхуш, Соьлж-гIалахь дIасадиттина кехат
Кхаарин дийнахь, Соьлжа-гIала юккъерчу урамашкахь, кехаташ дIадиттина пенаш тIе, Царнаев Жовхаран бехк ца хилар дIакхайкхош, цунна нахе тIехотта боху кхайкхамаш болу. Лерринчу цхьана сайт тIехь, кхаж таса йиша ю оцу петицийн кIела. Цул тIехь, иза, Iамеркерачу Iедалийн куьйгалле кхачора долчух тер ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG