ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь садукъийнарш бу Европехь хIинца тхов-кIело йоьхуш


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву къамел деш, Оьрсийчоьнан де билгалдоккхуш, Соьлж-гIала, 12Ман2012
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву къамел деш, Оьрсийчоьнан де билгалдоккхуш, Соьлж-гIала, 12Ман2012

Нохчийчура ара а бевлла, Европехь тхов-кIело еха дIабаханчу а, хIинца дIаоьхучу а нохчийн мухIажарша сагатдо Нохчийчура Москохана муьтIахь долчу Iедалийн. ЦIерабевллачеран бахьанаш тайп-тайпана ду, амма коьртаниг – кхерамазалла ца хилар ду боху, бакъонашларъярхоша. Амма Iедалш къар ца ло, шайн цу нахана дан дика доццушехь.

«Европехь беха нохчий цIабало беза» олий, сих-сиха дIахьедар до Нохчийчура Москохана муьтIахь долчу Iедалша. Оццу хенахь, Нохчийчура хьалхарчу а, шолгIачу а тIамах бевдда, Европера пачхьалкхашкахь тхов-кIело карийна мухIажарш цаьрга ла а доьгIна, цIабирзича, хIун хир дара? – бохучунна жоп дац Iедалийн.

Таханлерчу Нохчийчохь шаьш бовла а бовлуш, я бакъонашларъярхошка я журналисташка а, вовше а бага гIаттор йолуш бац меттигера бахархой. Къамел кIезиг мел до а, цаьргахьа долуш ду. Тап-аьлла дIа тийна, аьтто ма–беллина, республикера вада некъ хилча, дIагIур волуш вара, мел лаххара а, хIора шолгIа нохчо.

Германе, масала, кIирнах 2-3 нохчийн доьзал кхочу. ХIинца а нохчаша Европехь орца лехаран бахьанаш дийцира Маршо радиога Немцойн-нохчийн а културин центран векало Душуев Рахьмана.

Душуев Рахьман: «Германе схьаоьхуш бу нохчий. КIирнах 2-3 доьзал хаало. Германехь тIеоьцу хьелаш луьра хиларна кхечу меттигашка дIасабахар а нисло церна. Кхузахь буьсуш берш а бу.

ТIаьхьарчу хенахь кхуза схьаоьхуш берш, суна хаалуш берш, дукха хьолахь чолхе цамгарш (онкологи йолуш) йолуш берш бу.
Кхин а бу, цIера хьал телхина, халчу даьлла, бохуш схьаоьхурш.

Дукхах берш, къамел дан лууш ца хуьлу. Шаьш Iедалшна тIебахча-м, дуьйцу хир ду цара. ХIораннена шен бахьанаш ду. Амма (юкъарниг хIун ду аьлча) белхан меттигашца хала ду, вахарца, Iерца хала ду - ял хьалаяьккхина, алапашна тIера ах ахчанаш сецадо. Стагана ваха хала долу хIума дуккха а ду."

Нохчийчохь вахар халчу даьлла бохучуьн масех агIо ю. Iедалшна и хьал ца девза бохучух цхьа а ца теша. Белхан меттигаш ца хиларна (статистико бахарехь 70% Нохчийн республикин вахархо болх боцуш ву) нах шаьш цхьаъ дан хьовсу. И «цхьаъ» дан волалуш ахча деза, бакъо йоккхуш и гIуллакх долон оьшучул а сов харж йолу.

Нагахь санна, къар а ца луш, стаг шен гIуллакх дан волалахь, цунна тIе ца вогуш Iедалера стаг ца вуьсу. Царна массарна а ахчанаш деза. ДIа ца лахь, белхана новкъарло йина ца Iаш, Iедалца хьовзам боккху. Амма уггар а коьртаниг, нехан гIуллакх дан болу лаам дIабоккху. Цундела, ур-атталла, шайн долара бошмаш лелон а цхьана карах ца долу нехан.

Европех лаьцна аьлча, экономикан бахьанашца веана стаг тIе ца лоцу. Ондда бахьана хила деза, ша схьавеанчу пачхьалкхехь Iен цуьнан агIо ца хиларан.

Душуев Рахьман:
«ХIокхеран маситта агIо ма яй адам тIелацаран. 3-4 агIо ю - цамгарца йолу агIо ю, пачхьалкхехь кхерам болу агIо ю, тIамца ерг ю... ХIокхарна муьлхха пачхьалкхера и стаг муьлххачу къомара хилча а бен вац, оцу стеган бахьана ондда бух болуш хилчхьана. Кхузахь Iен-ваха аьтто ло цара тIаккха. Вуьшта, и бахьана дацахь, ханна ваха меттиг а нисъйой, юха дIахьажаво.

Духках болчарна и Полшехула чекхваьлла хилар марах долу. "Дублинан барт" олучу чIагIоно дукха нахана хало йина. Цхьана пачхьалкхо хьесапе эцна велахь, кхечу пачхьалкхехь тхов-кIело ехар дихкина ду.»

Еххачу хенахь пачхьалкхо шаьш тIеоьцу дехар кхочушдаллалц хьоьжуш Iаш болу нохчийн доьзал, дIатарбала хьожу ша тIеэцначу пачхьалкхехь. Iедало жоп а делла, тIеэцна воцчу стеган аьттонаш лахара хуьлу балха вахарца а, цхьана меттехь ваха охьахаарца а. Бакъду, мотт Iамон таро ло. Сатийсамаш вуон кхаъ кхачарца боьрзу цхьаболчерийн. Уьш сатоссуш арабоху, цIаьххьаша неIаре еанчу полицино. Цхьайолчу Европера пачхьалкхашкахь алсам а бохуш.

ТIаьхьарчу хенахь Австрино дуккха а лахдина, ша тIеоьцучу нохчийн терахь. Цунна бахьана хила мега хIокху шеран Чиллан баттахь Австрера «Маьршонан партин» векалша Гуденус Йохана а, Хюбнер Йоханнеса а Нохчийчу йина хилла визит. Нохчийчура стоьлан дайша хазахетарца тIеэцнера, нохчий цIахьовсон араяьлла делегаци. Европерчу хьешийн а, цIахь долчу нохчийн куьйгаллин а цхьабарт хилира, эмигранташ шайн цIахь товш бу бохучунна тIехь.

Цкъа делахь, нохчашна болх беш яцахь а, оьрсийн конституцино луш бакъо ю «стеган шена веха меттиг харжа а, цигахь дIатарвала а бакъо ю» бохуш йолу. ШолгIа, цIахь хIинцале тIемаша кIелбитина, цамгарша хьийзочу нахана дан шапаIат дац Нохчийчура Iедалийн. Шен гIуллакх дан луучуьн куьг-ког доьхку. Ког баккха йиш яц кхаъ ца белча. Дахар, хIун ду ца хуучунна тIедаьлла.

Цхьана агIора бусулба дин ду даржош, вукху агIора, стеган куц-кепана тIе кхаччалц долчу хIуманна тIехьожуш Iедал а, муфтият а ю. Дукхах болчарна шайн бакъо ю аьлла хета, шена нийса ца хетачу кепара духар доьхначу зудчуьнга юьхь йоцуш хIума ала а, маж ехо йолчу стеган иза дIаяша вига а.

Садукъаделла нах цундела бовдуш бу республикера. Оццу хенахь, Европехь цхьаъ нис ца делла, цIабирзинчу нахана и цIаберзар бале долу. Цуьнга цIахь цхьа жимма хан йоккхуьйтий, цунна тIе цхьа зулам хьарчадо. Делахь - ахча доккхур, дацахь – чу а воьллина, тIемалошца къийсаран статиска тоер, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG