ТIекхочийла долу линкаш

Ичкерин байракх туса ялар бале даьлла оьрсийн футболан фанаташна Венехь


Чемпионийн Лигин ловзаршкахь Венера „Австрия“ клуббий, Петарбухера „Зенитий“ ловзучу хенахь нохчийн кегирхоша Ичкерин байракх айбар цаладеллачу оьрсийн фанаташа къепедацарш лелийнера.

КIира хьалха Австрин коьртачу гIалахь Венехь дIадаьхьначу Чемпионийн Лигин ловзарехь даккхий къепе дацарш лелийра „Зенит“ тобанна белшашгIортон Оьрсийчуьра цига баханчу фанаташа. Уьш карзахбовларан бахьана – стадионехь австрихойн тобанехьа хиллачу ночийн кегирхоша Ичкерин байракх ирахйахийтина хилар дара. ХIинца УЕФА-но гIуданаш кхайкхина „Зенит“ клубана. Азимова Сийлахас дуьйцу кхин дIа.

Меттигера „ Австрия“ тобан, Петарбухера "Зенитан" ловзаран хьалхара тайм юккъеяьллачул тIаьхьа дIадолаледира къепе дацарш. Хьешийн трибунашкахь дIатарбеллачу оьрсийн клубан фанаташа цIеххьана латийна файерш а, петардаш а кхийса йолийра луларчу трибунехь Iачу наханна тIе.

Ткъа и трибуна юккъера австрихойн фанатийн доьзалшна леринаерг хиллера, цигахь Iаш берш зударий а, бераш а, кхиазхой а болуш. БIе сов полисхо тIехьаьдира вуолеларш болчу трибунана, амма корзахбевллачу, полисхоша тIаьхьуо чIагIдарехь, шортта корта бахон маларш мийлинчу оьрсийн фанаташа иштта Iедалан векалшна тIе а латийна файерша йиттира.

Iедалхоша журналисташка бинчу хаамашца, Оьрсийчуьрчу тобан фанаташ иштта маьттаза леларна цхьа а бахьана дацара. ЦIехьана долийра цара шайн къепедацарш. Петарбухера хьеший Венерчу Эрнст Хаппелан цIарахчу стадионехь уггаре а лакхарчу могIарехь дIатарбина бара. Нийса царна кIелара гIентийн могIарш деса дара, ткъа царел лахахь австрихойн фанатийн меттигаш яра.

Цигахь Iачарна а, ткъа иштта аьтто агIорахь дIатарбеллачу берашца а, зударшца а цхьаьна ловзаре хьажа баьхкинчу доьзалийн могIаршкахь Iачарна а цкъа хьалха шаьш йогуш йолу файерш кхийсинчул тIаьхьа Оьрсийчуьра хьеший царна тIехьаьлхира. Эццахь полисхой каде юккъе ца гIоьртинехь, шина агIорчу фанатийн латаршка дер долуш дара и хьал.

Шайн агIор, австрихойн фанаташа цунна дуьхьал цхьанаэшшарехь немцойн маттахь мохь бетта болийра, „Оьрсий хьакхарчий ю!“, бохуш, цу пачхьалкхан президент Путин Владимир а маьттазчу дешнашца хьеха а веш.

Кхин „Зенитан“ фанаташ совца тика ца бохкийла хиинчул тIаьхьа, кхелахочуо ловзар сацон дийзира. Дикторша оьрсийн маттахь кхайкхамаш бира вуолелачаьрга, совцахьара, аьлла. „Нагахь санна цу окху сохьта совца ца совцахь, ловзар кхин дIа хьур долуш дац!“, элира цуо. Масех минот яьллачул тIаьхьа, полицино хьал мелла а тединчул тIаьхьа, ловзар юха а дIадолийра, амма тIаккха а совца дагахь бацара Оьрсийчуьра фанаташ.

Цу матчан хьалхара дакъа дIадоьрзучу хенахь а гIовгIанаш а, латагIертарш а, маьттаза леларш а гуш дара ах берзина бевллачу оьрсийн фанатийн агIор. БIаьргах хи доккху газ ерзон дийзира Iедалхойн харцахь лелачарна дуьхьал. Царех ворхI стаг полицино лаца а лецира. Цул тIаьхьий бен меллаъ ца тийра вуолеларш. Амма цу тIе далале I7 стаг лазон кхиира уьш.




Цхьаццаболчу оьрсийн хаамийн гIирсашкахь коста даьржира, Венехь стадионехь харцахьа леллачу „Зенитан“ фанаташа, шаьш Австрерачу нохчийн футболйезархоша ир-кара хIиттийна хиларна, лелийнера и къепе дацарш, цундела бехке берш цигахь бехаш болу нохчий бу, бохуш. Цара чIагIдарехь, нохчийн фанаташа стадионехь Ичкерин байракх айинера, цундела карзахбевлла хиллера Оьрсийчуьра хьеший.

И хаам бакъ ца бо цу футболан ловзарна тIехь тидам беш хиллачу Венерчу вахархочу Ахьмада. Австрерачу футболхойн ловзаршка кест-кеста ваха а воьдуш, цигара хьал вуно дика девзаш ву, бохуш, дуьйцу цуо шен 17 шо кхаьчна волу кIант. „Зенитий“, „Австрияй“ ловзучу хенахь, Ахьмада дийцарехь, цу стадионехь масех нохчийн кхиазхо хилла, амма цхьанна а тайпанчу къепе дацаршкахь уьш декъа ца хилла.

Ахьмад: „Кхузара нохчийн бераш и буьрках ловзар деза а дезаш, цуьнга хьажа оьхуш бу. ХIокху вайн чуьра кIант а ву царна юккъехь. Цара шаьш бах-баханчохь и шайн къоман байракх хьала а аййо. Амма цкъа а шаьш бахьана долуш дов ца доккху цара я зулам ца до. Амма цу стадионехь хилларг оьрсаша къаьркъанаш мийлира, и петардаш кхийсар бахьана долуш хилла ду.

Шаьш мелла къаьркъа совдалар ду шадерг а. Кхуза бахкале а, Оьрсийчохь а, массанхьа а цу оьрсийн фанаташ лелош дерг изза ду-кх. Полицино лаца а лаьцна дIабигнарш а берриш а оьрсий бу. Уьш хIунда лийцина цара, нохчий а ца луьйцуш? Нохчийн бераш бехке хиллехь, уьш дигина хир ма дара“.

ХIинца футболхойн лакхарчу кхеташоно УЕФА-с сацам бина, фанаташ вуолелар бахьана долуш а, цара расистийн хьежамаш баржош йолу баннерш ирахйахийтина хиларна а, рогIерачу немцойн „Боруссия“ тобанца „Зенито“ дIахьон долу ловзар хьовсархой а боцуш дIадахьийта. Иштта 40 эзар евро гIуда а тоьхна цу клубана.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG