ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн, хIирийн футбол дIа ца йоьду


ГIалгIайн-хIирийн футболан ши тоба Несар-гIалахь ловзучу хенахь, цигахь фанаташ вовшахлетта и матч сацо дезнера. ХIинца, талламаш бу дIаxьош. Дeвна бехке бу аьлла шеко а йолуш, дIалаьцца "Ангуштан" масситtа фанат. Амма, цхьаберш, и дов политикан бухе даккха гIерташ бу.

ХIокху 20 шарахь, ГIалгIайн, хIирийн футболан шина тобанна буьрках ловзарш, цкъа а хилла дацара Буру-гIалахь я Несар-гIалахь а. ГIара ца доккхуш, дехкарш дара оцу хIуманна. Цундела, ши а тоба, цхьана лигера, вукху лиге йолуш йолу, кхечу, юккъерачу гIалахь ловзура. Дукхачу хьолехь иза, Пятигорск хуьлура. Амма, Несар-гIаларчу стадионехь, хиллачо, юха а гайтина, и дехкарш нийса деш хиллийла. дIа ца йоьду

«Ангушт» тобано, Несар-гIаларчу стадионехь тIеэцнера «Алания» цIе йолу тоба. Хьалхара тайм дIа а яьлла, буьркахловзархой садаIа дIабахча, спортан оцу къийсаме хьажа баьхкинчеран вовшах дов даьлла. Латар бахьнехь матч сацо дезнера, тIебаьхкина болу хIирийн фанаташ гIаролла а деш, дозане дIабигнера. Цхьацца хаамашца, уьш гIагI диллинчу машена чохь дехь баха дезна.

Оцу ловзарехь хиллачуьнах, дийцира, хIирийн тобанна Фан-клубан куьйгалхочо Агузаров Азамата.

Агузаров Азамат: «Тхайн меттигаш дIалаьцнера оха стадионехь. Матч йолаеллера. Кхин хIумма а дацара доьххьара. Цкъа шозза, тхо долчу агIора шишанаш а, массийта тIулг а кхоьссира. ХIоанаш а цхьаммо кхоьссира. Тхайн дуьйцучуьнна оха терго ца йора. Тхо кийча дара, ишшта хира дуйла. Провокацеш хира юйла хууш дара. Хьалхара тайма дIа а яьлла, тобанаш ловзаран майдан тIера дIаяхара. Фанаташна юккъахь цхьа тоба яра провокаци ян кечам бина.

Уьш тхо долчу агIора чекхбовла гIоьртира. Полицино, уьш, чекха ца бовлийтира. ТIаккха, массо а агIора, тхо долчу тIулгаш детта долийра. Тхайн хуьлчу агIора, царах дIалелхара тхо. Ишшта дахкачу хенахь, ОМОнан могIанашкахь, могIараре духар доьхна цхьа стаг вара. Иза тхан накъостан тIе а вахан, хаьттира, хIумма а дуй, аьлла. Вукхо хIумма а дац аьлла, жоп делча, цо тешнабехкаца бетах буй тоьхна, маар кагбира цуьнан».

ШозлогIа тайм йолаялле, шайна тIехь кхерам бу аьлла, оцу стадионера дIадигира шаьш аьлла, кхин дIа а дийцира Агузаров Азамата.

Агузаров Азамат: «Цул тIаьхь, массо а агIора, тхуна тIекхача гIерташ, чу хьоьвдира уьш. Сацам бира, тхо цигара арадаха деза аьлла. Оцу майданехула, тхо дIадигира. Трибунаш тIера, тхуна тIеетташ яра, цIелаторгаш а, кхийолу хIумш а. Газаев Валерий а аравелира, шеца «Ангуштан» векал в волуш. Цара сацам бира, оцу стадионехь тхуна кхерам бу аьлла, тхо цигара дIадига деза аьлла. ГIагI диллинчу машена чу а ховшина, тхо дозане дIакхачира».

«Алания» тобано, официал дIахьедар дина, оцу ловзарах лаьцна. Цара емал дина, цу тайпа къепедацарш. Оцу тобанна векало, Маршо радиога элира, эшарах ишшта чIогIа вас ца хиллера шайна, тIеэцарх санна аьлла. Амма, шай агIора, гIалгIайн фанаташ, даре до латарш цигахь хилла аьлла, амма, цара бакъ ца до, даккхий къепедацараш цигахь хилла бохург. Рашид цIе йолчу «Ангушт» тобанна Фан-клубан декъашхочо дийцира Маршо радиога, шена муха хеташ ду.

Рашид: «Кхин башха доккха хIума ца хиллера цигахь. Кегий нах бара, I6-I7 шераш дерш, хIирех лата гIерташ. Вуьйш а бара, уьш карзах бохуш. Полицино дIабуьгуш бара уьш, амма, трибуни тIехь хьоьвшинчаьрга, куьйга эшарца маьттаза хIумш гойтура. Фанаташна кхин башха хIара ду аьлла хIума ца дина».

ХIинцалца шай тобанашна юккъахь хилла долу ловзарш, маьрша ду олийла дац, амма, цкъа а, ишшта вовшахлетта шайна юккъахь хIума ца хилла боху шинна а фаната. Хуьлуш дерг, оцу ловзарна сагаттлой хуьлура, амма, иза чекхадаьлча, вас дIайолура, бохура цу шиммо а. Ткъа, и дов дирзина аьлла хазахета дезачу меттана, цунна политикан мах тIеолла гIерташ хIума дина ХIирийн махкахь.

Масала, оцу республикерачу министрийн кабинетан куьйгалхочо Такоев Сергейс, гIалгIайн фанаташ емал бина а ца Iаш, нах болчу наха лелош долу хIума дацара иза аьлла, дехха къамел дина меттигерачу телехьожийлехь. Хиллачу оцу инцидентах, хIинца а сацам бина бац Оьрсийчоьнан футболан кхеташоно, амма, гарехь, Несар-гIаларчу стадионехь, доьххьарий, тIаьххьарий лоьвзина хIирийн футболхой.
XS
SM
MD
LG