ТIекхочийла долу линкаш

Бетербиев, Отарсултанов, Аухадов ву нохчех Лондонерчу Олимпиаде воьдуш


Лондон-2012, Дуьненаюкъарчу Олимпан ловзарийн васт

Лондон-2012, Дуьненаюкъарчу Олимпан ловзарийн васт

КΙира даьлча дΙайолалучу Лондонерчу аьхкенан олимпиаде ницкъ, доьналла, сий къовса воьдуш ву Оьрсийчуьра 436 спортхо. Церан могΙаршкахь ву кхо нохчо а: боксер Бетербиев Артур, охьатохархлатархо Отарсултанов Жамал, штангист Аухадов Апти. Уьш тоьлла цΙехьаберзаре сатуьйсу хΙора а нохчочо. Мел бух болуш бу и сатийсамаш? ХΙун зеделларг ду дуьненаюкъарчу олимпиаде боьлхучу нохчийн спортхойн?


Кхаа спортхочун зеделларг, доцца карладаьккхича, иштта ду.

27 шо долу боксёр Бетербиев Артур Хасу-Юьртара ву. 11 шо хьалха дуьненаюкъарчу кегийрхойн чемпионатехь йоьзан приз яьккхира цо, ткъа хΙинцачул 5 шо хьалха Оьрсийчоьнан чемпион велира. 2009-чу шарахь Бетербиев, деши а доккхуш, туьйлира Италехь дΙаяьхьначу дуьненан чемпионатехь. Иза Москохарчу спортхойн университетан студент ву карарчу хенахь.

ХΙинжа-ГΙалахь вина ву 25 шо долу паргΙатчу кепехь охьатохархлатархо Отарсултанов Жамал. Кхушара Оьрсийчоьнан а, кхузза Европан а чемпион велира иза.

Цо Лондонехь толам баккхаре сатуьйсу иза вевзачара а, Ιамош болучара а. Бух боцуш а бац и сатийсам – Жамала ши бутт хьалха Петарбухарчу Оьрсийчоьнан чемпионатехь, шена тΙех хало а ца еш, эшийра шозза дуьненан чемпион ваьлла волу Лебедев Виктор.

Болгарин коьрта шахьарахь Софияхь йозалла ойъуш бутт хьалха дуьненан чемпион велира хΙинца Лондонехь ша юха а гайта аьтто кхаьчна волу Аухадов Апти.

Шен дас Хьамзата ТΙехьа-Мартанарчу залехь кхиийна ву и спортхо. 390 кийла ду шен дегΙан йозалла 85 кийла бен а йоцчу Аптин штанга айаран шина а кепан лакхара жамΙ.
Нохчийн мехкаршка къайллаха хаам бойла ду: зударий балонза, доьзалш болон дезаш а ву Лондонерчу олимпиаде воьдуш волу кхуьй а жима стаг!

Кеп-кепарчу шерашкахь спортехь лаккхара толамаш бахарца гоьбевллачу нохчашка Олимпан ирхеш яха кху деношкахь новкъаволучу Артуре а, Жамале а, Аптига а хьехаме дош ала таро елира Маршо Радионо.

Советан пачхьалкхан а, Европан а, дуьненан а чемпион, 24 шо хьалха Олимпан дети а даьккхина волу охьатохархлатархо Вараев Ιадлан, нохчийн спортан хьашташ кхочушдеш, Дане кхаьчначохь схьакарийра тхуна телефонехула. Цо иштта хьехам бира Олимпан ловзаршка боьлхучу вайн махкахошна.

Вараев Iадлан, дуьненан, Европан, Советан пачхьалкхан чемпион, Олимпан ловзарийн дато призер

Вараев Iадлан, дуьненан, Европан, Советан пачхьалкхан чемпион, Олимпан ловзарийн дато призер


Вараев Ιадлан: «Далла хьалхахь а, адамна хьалхахь а нийса некъ бу. Цундела шен халкъ айдан, кху дуьненна нохчийн кΙентий муха бу дΙагайта йиш йолуш ду шу. Шайн яхь дΙа а ца луш, социйла долу хΙума Дала вайна делла а дац-шуна, адаме массо а хΙума далур ду. Цундела, шайга далур дуйла хаа а хууш, хΙуманна а шек а доцуш хила! Дала тΙаьхье беркате йойла! Дала толадойла шу!»

Йозаллаш айарехь 1991-чу шарахь нохчашлахь дуьххьара дуьненан чемпион велира Самадов ИбрахΙим. Цо иштта дош элира Лондонехь Оьрсийчоьнан а, шайн даймехкан а сий айда воьдучу кхаа нохчочуьнга.


1991-чу шарахь йозаллаш айарехь дуьненан чемпион велира дуьххьара нохчо Самадов ИбрахIим

1991-чу шарахь йозаллаш айарехь дуьненан чемпион велира дуьххьара нохчо Самадов ИбрахIим

Самадов ИбрахΙим: «ДΙавахча а, схьавахча а, хьайн къоман векал ву хьо. Ахь мел дечуьнга а, хьан леларе а хьаьжжина, шайн гар хир ду дуьненарчу нехан. Стага хьалха ша массо а агΙор вахчавора, кхиавора, тахана, суна гуш долчу суьртаца, корта а, ойла а, дегΙ а кхиор нехан мелла а дΙатеттина ду, кхечу цхьамма дийр ду моьттуш.

Беш болу болх, нагахь санна ша-шех дозалла деш стаг велахь, цунна бовза безаш бу. ТΙаккха оцу балха тΙехь кхиамаш а хир бу, аьлла, хета суна. Цара хьегна къа Дала эрна ма хуьлийтийла! Уьш чΙогΙа къахьегна бахана а бу. Церан дала аьтто бойла! Ойланца сих а ца луш, боха а ца бухуш, шайн ницкъ ма-кхоччу са а тухуш, чекхбовлийла уьш!»

Боксехь вехха, юх-юха Оьрсийчоьнан а, Европан а чемпион вуьйлуш, дуьненаюкъара толамаш бохуш схьавеъна яхначу заманашкахь Джабраилов Хьамзат. Нохчаша олуш ма-хиллара, Олимпан ловзаршкахь «гΙарчΙ-аьлла» чекхдовла деза, бохура цо Артуре а, Жамале а, Аптига а.


Дуьненаюкъарчу боксехь дуккхаза а толамаш баьхна волу Джабраилов Хьамзат а, цо Iамабе кегийрхой а

Дуьненаюкъарчу боксехь дуккхаза а толамаш баьхна волу Джабраилов Хьамзат а, цо Iамабе кегийрхой а

Джабраилов Хьамзат: «Муха хила дезий? Цхьаьллиг цхьаъ цуьнан амал, цуьнан лелар ледара хила ца деза. Ас цаьрга хΙун эр дара? ГΙарчΙ-алий, муьлхха а мах лой, толам баккха. Амма цигахь тола а тоьлу, эшан а оьшу. Тоьлча дика-м ду, ткъа Дала яздинчунна хΙун дийр ду?! Дан хΙума дац. Ца тулуш а хуьлу наггахь, доха ма доха-кх!»

Къоман сий айдарехь, мехкан спорт чΙагΙъярехь Дала аьтто кхачабойла вайн Лондоне боьлхучу къонахийн, бохуш дара Советан пачхьалкхехь а, Европехь а паргΙатчу кепехь охьатохархлатарехь маситтаза чемпион вийлинчу а, тΙаьххьарчу шерашкахь шен къоман бакъонаш къийсарехь гоьваьлла а волчу Бадалов Русланан къамел.


Бадалов Руслан

Бадалов Руслан

Бадалов Руслан: «Цигахь дакъалацар а доккха хΙума ду, вайна деккъа дакъалацар деза ца хетахь а. Вайн, нохчийн, спортхой боьлла гуттар а лакхенга кхийда Европехь а, Олимпан ловзаршкахь а. Иштта дог-ойла хилар дика ду. Оццул жимачу къоман цхьа спортхо цигахь дакъалоцуш хиларх а догΙу дозалла дан.

Церан оцу тΙехь Дала аьтто бойла, тΙаьхье беркате йойла! ТΙебогΙуш мархийн бутт а бу, царна марха кхабарца халонаш хилахь а, Дала оцу тΙехь церан аьтто а бийр бу. Дала аьтто боккхийла церан!»

Лондонерчу Олимпиаде боьлхучу нохчийн кΙенташкахьа ву церан хΙора а махкахо. Иштта цаьрга шен некъан дош элира Теркйистехь массарна а санна вевзачу Ломаз-Юьртарчу Ιелимчас Лечиев ШахΙид-Хьаьжас а.

Цуьнан къамел дара тΙебогΙучу мархийн баттаца доьзна. Мехкан сий айдан боьлхучу къонахошна тΙехь дуй те, марханаш а кхобуш, толамаш баха гΙертар. Мегаш ду те царна марханаш шаьш къовсамашкара девлича, доькхуш, кхаба, хаьттира цуьнга Маршо Радионо.

Лечиев ШахΙид-Хьаьжа: « ЦΙабаьхкича кхобур долуш, тΙахьататта йиш йолуш ду-кх. Дала мукъалахь, арабаьккхинарг мехкан дуьхьа некъ а бу, могашалла ларъян а, шега хьажа а Ιалашо а йолуш. Цундела иза араваьлла, цΙераваьлла стаг ларало. Цунна шен цΙаваллалц, мусафир (кхочуш, доькхуш) ламаз дан аьтто беш хΙукматаш ду. Некъахой бу-кх уьш, шайн махках а бевлла, дΙабахана бац уьш?»

ТΙедогΙучу кΙиранах, пΙераскан дийнахь, дΙадуьйлало дуьненаюкъара аьхкенан олимпан ловзарш. Кхаа кΙиранах цигахь шайн-шайн къаьмнийн цΙе язъеш къовсалур ву тоьлла волу маситта эзар спортхо.

Иза могашаллин ловзар хилла ца Ιаш, мехкийн хатΙ, къаьмнийн амалш дΙагойту, цига кхачарх хьанна а дозалла дан бакъо луш майда ю. Оцу майданара, нохчийн къоман цΙе ца йожош, толамца цΙехьадоьрзийла шу, ала лаьа Маршо Радион нохчийн редакцина а Бетербиев Артуре а, Отарсултанов Жамале, Аухадов Аптига а. Дала некъ тобойла шун!

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG