ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

20 шарахь ца хиллаче лакхабевлла кхачан мехаш


Кхачан дуьненаюкъара мехаш гойту график, 26Оха2012
Кхачан дуьненаюкъара мехаш гойту график, 26Оха2012

Вашингтонерчу Дуьненаюкъарчу Банко, массо а мехкашкара хьал юкъарчу хьесапе а далийна, хаам бина, Лаьтта тΙехь кхачан мах цкъа а ца хиллачу кепехь лакхабаьлла хиларх лаьцна. Цуьнан бахьана ду, боху говзанчаша, къаргъелла йогΙу экономикан а, финансийн а кризис.


Кхачан сурсатийн мехаш бестарна бухахь ду, боху Дуьненаюкъарчу Банко, мехкдаьттан мехаш бестаррий, Азино кхечу континенташкара кхача эцар лакхадаларрий, Европан, Къилба Ιаьмеркан, Цхьанатоьхначу Штатийн лаьттанаш тΙе кΙезиг догΙа делхаррий.

ТΙаьххьарчу кхаа бетта чохь мехаш 8 процентна хьалабевлла, стохка хΙоккху хенахь хиллачел а бесташ, боху говзанчаша. Дуьненаюкъарчу Банко тоьшалла дарехь, хΙоьттинчу хьоло миллионаш адамашна тΙе мацалла йожаран кхерам боссабо.

Банкан коьртачу экономиста Куэста Хуана дийцарехь, Буьртиган ялтан, хьоналлийн, даьттан а, кхечу кхачан а мехаш хьалабевлла. Бахьана иштта го цунна.

Куэста: « Вайна гира, шен дукхаллехь мехаш массанхьа а бесташ. Бахьана ду, мехкдаьтта даздалар. Цу тΙе бестийна мехаш Азина кхача латточу импортёраша а. Дайделла доллар. Хенан хΙоттам а бара вон Европехь, дуьненан къилберчу декъехь».

Амма Дуьненан Банко бечу хаамехь дерриг а дац доьхна. Кхушара а, тΙедогΙучу шарахь а дика ялта кхиор ду цхьамогΙа пачхьалкхаша, лаьттаца къахьоьгучу кампанеша алсам боккхуш бу шайн къинхьегам, оцо дегайовхо ло мехаш охьабевриг хиларх, элира экономиста Куэста Хуана.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхачан комитетерчу экономиста Кальпе Консепсьонас а боху, шен прогнозехь мехаш охьабевр бу, я кхин бестар бац, аьлла, ду. Амма хенан хΙоттамо ялта кхиочарна хьовзамаш ца бахахь, аьлла, тΙетуьйхира Кальпес.

Кальпе: «Кхин а дуккха а бу кхерамаш. ХΙунда аьлча, дуьнено кхачан сурсаташ ΙаΙор лахара ду оьшучул а. Нагахь санна цхьа дагахь доццург нислахь, кхоччуш дика боцчу кхачанна аьтто бер бу адамийн текха тΙе дΙакхача, ткъа адамаша цунах мах дΙабала декхаре хир ду хΙета а, вета а».

Гуш ма-хиллара, дуккха а бахьанаш ду Дуьненан Банкан, кхачан мехашца долу хьал кхераме хилар хоуьйтуш, орца даха. Уггаре а доьхнарг ду, Дуьненаюкъарчу Банко, шена хууш дац, муьлхачу агΙор хьевзар бу мехаш тΙейогΙучу хенахь – лахабевр бу, я лакхабевр бу, бохуш хилар. Мехашца дерг кризизца дерриг ду – ала дац, уьш билггал маца хийцалур бу, царех хΙун хир ду, боху Банкан векалша.

Дуьненюкъара мехаш, метттигашкарчу мехийн юкъара сурт юьхьара а оьцуш, индексехь къастадо экономикехь. Оцу индексан дустарца, 227 пункте кхаьчна буьртиган ялтан мах. Хьоналлийн, даьттан мах бу 245 пункта тΙехь, жижиган мах – 178 пункт. Кху тΙаьххьарчу ткъа шера чохь оццул лакхара хилла а бацара мехаш.
XS
SM
MD
LG