ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ламанхоша Маршо Даима а Лехна


Нохчийчоь -- "Малх Боьлхуш" цIе йолчу киногайтамера сурт,15Сти2007
Нохчийчоь -- "Малх Боьлхуш" цIе йолчу киногайтамера сурт,15Сти2007

Дуьненан шолгΙа тΙом боьдучу юкъанна вайнаха дуьхьало йора Советан Ιедална, хΙаллакбора цуьнан эскархой, сатуьйсура Гитлера Кавказ мукъаяккхаре, боху дуккхаъчу оьрсийн энциплопедеша. Изза тахана а чΙагΙдо шен интернетерчу сайта тΙехь Оьрсичоьнан кхерамзаллин урхалло - ФСБ-но. Дуьстича, харцдерг бакъдолчул алсам нислахь а, цхьанна тΙехь харц яц нохчийн а, гΙалгΙайн а къаьмнаш сийсазде агΙо. Ма-торру йина шина къомо Ιедална духьало, тоьллачу Советан эскарийн дакъошна дуьхьал дезна церан лета а, шайлара эга а. Бакъду, стенггара кхаьчна а, цхьа гΙо а кхаьчна, шаьш паргΙатдовларе са а тийсина цхьаболчара.


Амма хΙетахьлерчу къизачу историн кочарх а хадийна, вайнах бехбан йолчу Ιалашонца дуьйцург дитахь, иза харца йиш йоцу бакъдерг а хилла дΙахΙуттур ду.

Кавказ Оьрсийчоьнан долаллехь чΙагΙъян лаам болчу кΙайн инарлеххий, цΙечу муьжгеххий муьлхарш къастор тоьлу бохучо, массанхьа а санна, шина декъе бийкъира вайнах юьхьанца. Гражданан тΙамехь къастаделира иза. КΙайн инарла Деникинна дуьхьал, саьнгарш а яьхна, герзаш детта дΙахΙиттира дуккхаъчу ярташкара нохчий а, гΙалгΙай а. ЦΙийла хьарчийра мохк. Цкъачунна туьйлира Деникин. Амма вохийра тΙаьхьо.

ЦΙен Революцин комиссарех украинахочух Гикало Николайх, гуьржийчух Орджоникидзе Сергох, оьрсийчух Киров Сергейх, царна ма-торру, Ιехабелира нах.
Юьхьанца дан а дара церан хатΙ вайнахана товш. Керлачу Ιедалан чоьнийн пенаш тΙехь цхьана могΙара кхозура суьрташ – Ульянов Ленин, Кавказан тΙеман баьчча Шемал-имам, цуьнан наибаш. Делла дош лардеш, магийра цΙечара кхел шариΙатехь еш хилар а, къонахчунна гΙодъюккъехь шаьлта кхазар а.

ШитIин тIом

Еха ца лаьттира ЛенингΙара бусулба къаьмнашна кхайкхийна мимпΙес. Юхьанца охьадехира пенаш тΙера оьрсех боцчу баьччийн суьрташ. ТΙаккха дΙаехира шариΙатан кхелаш. Ястийтира божаршка шаьлтанех юкъ. Колхозаш яржош, кепа туьйхира долара латтанаш, доьзал бузо таро мел ерг вохийра, кулак веш. Пайда боцчу ваьккхира къонаха. Бусулба сий ма ларде, охьатаса кортали, цΙен серло кхаьчна махка, хьоьхура зудчунна.

Иштта тΙекхечира 1929-чу шеран гуьйре. Цхьана хеннахь ши гΙаттам иккхира Нохчийчоьн шина маьIIехь – Ахьмад-молла коьртехь а волуш, ГΙойтаххьий, Истамулов ШитΙин Шелаххьий. Церан боламна тΙетайра гонахара ярташ а. ГΙаттамхойн лехамаш хΙорш бара: сацаде, халкъера дIа а дохуш, латтанаш колхозашка дерзор, кулакаш беш, боха ма бе нах, ОГПУ-н хьаькамаш дIабаха, нахе нохчех харжийта уьш, меттахΙиттае шариΙатан кхелаш.

Москохара еъначу комиссино харцбира меттигера «товарищаш», бакъбира гΙевттинарш. Амма оцу юккъешхула ши бΙе гергга ОГПУ-н бΙаьхо араваьккхира Истамулов ШитΙа а, цуьнан агIо а лаца.

Хьалхо оццу меттигерчу ОГПУ-н коьртехь Ιийна шелахо ШитΙа а вацара къиллойх, цо тΙамца дуьхьало йира. Лаьцначу гонера а ваьлла, кхайкхира халкъ гΙазоте, цΙечех мохк мукъабоккхуш гΙаттаре.

Дуьхьал даьхначу эскарех массийтта бΙе салти вийра ГΙойтΙарчу гΙаттамхоша. Амма хьаьшира уьш шаьш а. Гобинчехь байъира Ахьмад-молла а, цуьнан накъостий а.

Шелахь цΙечу командарман Белов Иванан дакъошкара дивизи хиллал салтий эгийра ШитΙин тобано а. Ша, гонера а ваьлла, лома дΙавахара. Ши шо даьлча Сталина къинхетам кхайкхийра Истамулов ШитΙина. Шелан къоштан йохк-эцаран урхалла а елира цуьнга. Амма, амнистин кехат кардала воллу ша аьлла, мехкан ОГПУ-н хьаькама Баклановс, шена тΙе а кхайкхина, къелдΙашхула тапча тΙеяссийра ШитΙина. Чов хиллачу шелахочо салоццуче шаьлта тоьхна вожийра Бакланов. ТΙехьаьлхинчу цΙечара вийра Истамулов ШитΙа а.

Исраилов Хьасанан а, Шерипов Майрбекан а Лехамаш

Оццу 30-гΙачу а, цул тΙаьхьа даьхкинчу а шерашкахь бΙеннаш вайнехан молланаш Сибреха хьовсийра Ιедало. ТΙаккха тΙехIоьттира Советаша шаьш кхиийначу интеллигенцех кес доккху мур. Набахте кхачийра, къастамаш а боцуш, массо а дешна стаг, Ιилманча.

Оцу муьро гΙаттийра харцонна дуьхьал лаьттачохь массийттаза лаьцна хилла, тΙаьхьо Москохахь марксизман-ленинизман университет чекх а яьккхина, ерриг Оьрсийчохь арадолучу «Ахархойн газетан» корреспондент волу журналист, оьрсийн маттахь язйинчу байтийн, пьесийн шина жайнийн автор, Ростов-гΙалахь ваьхна волу тΙерло Исраилов Хьасан. Цуьнан кхетам бовзуьйтуш ду ас сихха кечдина цуьнан цхьана байтан хΙара гочдар:

Тхо ца гΙерта дуьне даккха,
Оха лехац тΙех сов рицкъа,
Тхуна ло цхьажимма сискал,
ХΙай къаръйоьлла, къиза зама!

Дуьне къардан тхо ца гΙерта,
Ду ца боху тхаьш эвлаяаш,
Куьйгаш доьлла герзаш къийла,
Мукъадаха царех, зама!

Мел йоьхна къонахийн зама,
Мел къиза хан еа, кΙентий,
Хьал хьайн ларде, беркъа зама,
Къехойн декъах ларде халкъаш!

Хьан дац хΙара маьлха дуьне,
Кхана хиндерг гуш дац хьуна.
Схьагулъе хьайн гила ойла,
Кечде гΙазот, эхарт лаха!

Когаш кΙел хьан каш ду даим,
Куьг дΙакхоччехь валар деха.
Далла Ιамал елахь сихха,
Кечде гΙазот, эхарт лаха!

Оццу Москохарчу марксизман-ленинизман университетан юридикан факультет чекх а яьккхина, адвокатийн хΙусамийн хьаькамаллехь а Ιийна вара Исраилов Хьасанан доттагΙ, цΙен Ιедал махкахь даржош жигара хьийзарехь кхелхинчу турпалхочун Шерипов Асламбекан жимах волу ваша Майрбек. Оцу шимма шайн караийцира харцонаша халкъ къаддинчу Сталинан Ιедалца нохчаша кхидΙа латтийна къийсам.

Шимма а цхьана хенна дΙатесира шайгара белхаш, компартин дожалшка дΙаделира шайгахь лелла большевикийн тоьшаллаш, цивилан кура духар хийцира гΙаттамхойн башлакхех, къоламан метта караийцира герз. Церан гонехь иштта юха а гΙевттира Ιедалан Ιовдалалло дарбина эзарнаш къонахий. Советан Ιедалх цара дΙацΙанйинера гонахарчу ярташца цхьаьна Шуьйта а, Итум-Кхаьлла а, ЧIебарла а.

ГΙаттамхоша, тΙе а леташ, хΙаллакдора НКВД-н эскарийн дакъош, нахана бале бевлла хьакамаш. Оцу хенахь оьрсийн кеманаша бомбанаш кхуьйсуш бΙеннашкахь бахархой бойъура лаьмнашкахь а, шера аренийн ярташкахь а. Масала, 1942-гΙачу шарахь аьхка кхийсинчу бомбанаша дуккха а нах байъира Шуьйтахь, массийтта стаг вийра СемаΙашкахь.

Исраиловн, Шериповн тобанаш хΙаллакъян арабаьккхинера Ιедало алссам ницкъ.
1942-чу шеран Лахьан беттан 7-чу дийнахь, нохчийн куьйга тешнабехк а бина, вийра Ιедалша Шерипов Майрбек. Амма цуьнан куьйгалаллехь хилла эзар сов ламанхо кхидΙа а лаьттира къийсаман новкъахь.

6 эзарне кхоччуш гΙаттамхо шена тΙаьхьа хΙоьттина волу Исраилов Хьасан а вайнах махках баьхна итт бутт баьлча, нохчийн агентийн гΙоьнца 1944-чу шеран ГΙуран беттан 29-чохь вийра Ιедалша. ТΙаьхьо эвлаяийн а, кхечу безачу нехан а къепаллин урхаллехь, НКВД-хь, белхаш а бойтуш, цΙера бахаза битинчу воΙарша аьтто бира Сталинан цΙуьхьаршна Шериповххий, Исраиловххий бухабисина гΙаттамхой хΙаллакбан а, Ιехийна Юккъерчу Азе дΙахьовсо а. Ала дашна, Азе дΙакхалхийна эзар сов гΙаттамхо кхо бутт балале цигахь вийра Ιедало.

Дуьненна Гитлер мила ву а хаале, къоман паргΙато къуьйсуш леллачу Исраиловх, Шериповх фашисташна Кавказехь бух кечбеш Ιийнарш бира Сталинан историографино. Амма хаа луучунна-м хаьа бакъдерг ма-дарра – бΙешерашкахь вайнаха маршо къуьйсуш схьабахьачу некъа тΙе бевлла рогΙера турпалхой бара и къонахий.

Дуьненан ШолгIачу ТIеман Тоьлла БIаьхой

Яра вайнахехь яхь фашисташа Оьрсийчоь хьеша яьккхича. Дуьххьарчу шина бетта чохь, тΙеман комендатурашка а лелаш, шайн лаамехь дΙаязвелла, тΙаме вахара 17 эзар нохчо а, гΙалгΙа а. Архивашкарчу терахьашца а догΙуш, 60 эзар къонаха хилла Советан эскарехь фашисташна дуьхьал тΙом беш.

КΙезиг ца дийцина кху тΙаьххьарчу шарашкахь тΙом дуьххьара шена тΙеэцначу Брестан гΙопехь лаьттинчу кхаа бΙе вайнехан бΙахочух лаьцна.

Дуккха а хаьа хΙинца, и тΙахьо делахь а, 255-чу дошлойн полкан хьалханчех полковниках Висаитов Мавладах лаьцна, цо муха мукъайохура фашистех гΙаланаш, ярташ. Хаьа иза Советан эскарш немцойн лаьтта тΙехь Ιаьмеркан дакъошна духьалкхочуш дуьххьара доттагΙаллин куьг Iаьмеркан инарлашка кховдийнарг вуйла а, цунна цара шайн пачхьалкхан лаккхара орден елийла а.

ТΙеман заманахь дуьйна а гоьваьлла вевзаш хиллачу иллешкхоллархочо поэта Долматовский Евгенийс эзар гергга фашист тΙама юкъара ваьккхинчу Нурадилов Хампашина кхоьллина йиш яьржира 1942-чу шарахь эскарийн могΙаршкахь.
ХΙорш ду цуьнан дешнаш.

ДIахьийза-схьахьийза, етта цо топ,
ДIахьийза-схьахьийза, дог а ду токх.
Вайн Нурадилов шен доккхуш ву кес
«Максимца», цу немцойн йох а еш пес.

Майралла, сел довха дог цунна чу,
Турпал веш, диллина ахь, Нохчийчоь!
Терк лардеш, Дона тIехь мостагIех вай
Леташ ду, Iалашбер хьоме мохк дайн!

ДIахьийза-схьахьийза, етта цо топ,
Исс бIеннал йовсарех яьккхина пот.
КIезиг ду и терахь, доккхур ду сов!
Даьндаргех фашисте хьоьгуьйту зовкх!

Шозза чов хилла ву Ханпаша вайн,
Герз детта къадвелла, садоьIу дайн.
Пхенаш чохь хIинца а дуьсуш ду цIий,
Турпалан кхачош дац стогалла, сий.

Иштта и лийтира, къонахчун дог
Етташ ду массеран дегнаш чохь ног,
Замано бIаьхочун цIе дIа ца хьо,
Вайн Турпал Хампашех дIатарло хьо!

( Крутится-вертится, бьет пулемет,
Крутится-вертится, песню поет.
Лег Нурадилов с "максимом" своим,
Немцев безжалостно косит "максим".

Сколько отваги и сколько огня
В сердце героя вдохнула Чечня!
Бьемся за Терек на синем Дону,
Мы отстоим дорогую страну!

Крутится-вертится, бьет пулемет,
Немцев проклятых скосил девятьсот.
Мало, товарищ, надо еще!
Пуля за пулей фашистов сечет.

Ранен два раза герой Ханпаша,
Он отбивается, тяжко дыша.
В жилах пылающих кровь еще есть,
Значит, не меркнут отвага и месть.

Так он сражался, бесстрашный джигит,
Сердце его в нашем сердце горит,
Стал он бессмертен, фашистов круша,
Будь же таким, как герой Ханпаша! )

Хилла вайнах тΙом лелачу массо а мехкашкахь, дуккхаъчу эскарийн, партизанийн дакъошкахь. Италерчу фашисташна дуьхьало латточу Капеттини Артурон «Либерасьон» тобанехь гΙараваьлла тΙемаш бина нохчочо, Соьлжара эскаре вигинчу Юсупов Мохьмада.

Хьалха-Мартанара Устарханов Ιалавди, шена накъосташа «Командор Андре» цΙе а тиллина, тΙемаш беш лелла Францерчу Дуьхьалонан дакъошкахь. Гоьваьллачу президента Де-Гола шен карара Францин коьрта совгΙат - Ларамечу Легионан орден - елла а вара Устарханов.

Эзарнашкахь бара, дийна а бисина, тΙом чекхбаьлча даймахках баьхначу гергарчарна тΙе дΙахьажийна нохчийн а, гΙалгΙайн а эпсарш, могΙара салтий. Амма замано лахбина царех дийна бисинчийн могΙарш. ДΙадаханчу шеран бΙаьстенан статистикехь Дуьненан шолгΙачу тΙеман ветеранех дийна болчийн терахь 117 стаг дара. Амма кху тΙаьххьарчу шерех хΙора шарахь велларг кхузткъа сов стаг хилча, ала дац, хΙинца вехаш ву ах бΙенал сов ветеран. Амма дицлур дац вайнахана церан дийцарш, церан заман хиламаш.

Бакъдерг Къуьйсу Вайнехан Iилманчаша

СовгIат бирий вайнаха Гитлерна кΙайн дин, доьхкиний цара шайн сий, мехкан дозалла, боху хаттар дуккха а хан яра, историн нехех дΙа а эдина, дицдан догΙу. И кхоьллина хьукматаш, церан дай, къаьмнийн мостагΙий а лоруш, емал бина хилча муххале а. Амма зама замане мел йоьрзу бовлу Москохахь къаьмнаш сийсаздан, шайгара дуьйла зуламаш бакъдан гΙерта хьаькамаш. Церан лаамца юх-юха а гΙовтту зорбанехь, мел ирча мостагΙий бу вайнах, бохуш, исторера ду, олий, даржаде эладитанаш.

Цара дарбо нохчий, гΙалгΙай, къаьсттина церан Ιилманчаш. Ма-хуьллу дуьхьало еш а хуьлу уьш. Иштта дара Оьрсийчохь вайнах емал беш кампани икккхича Маршо Радионе историн Iилманчас Акаев ВахIида дина къамел.

Акаев: "Цкъа мацах кхузахь хиллачу НКВД-но Москохарчу НКВД-не информаци а луш, цара кхузахь хилла а боцу жоьлгаш, махкана ямарт нах бу а бохуш, мохк сийсаз а беш, и боцу нах тIе а язбеш, лелла меттиг ю иза. Масала, аьр вай, оццул политикан жоьлгаш хилла, оццул дезертир хилла, бохуш, Москоха хаамаш дIахьежийна. И хаамаш талла хIиттича, тхуна гучудаьлла хIара: вайна , жоьлгаш бу а бохуш, тIеязбинарш цхьа хан яьлча бехказа боху, амма НКВД-ФСБ-н архивашкахь церан цIерш, хьалха санна, жоьлгийн могIарахь лаьтта".

Тахана а дуьззина жоп доцуш дуьсу, стенна бехира Сталина вайнах махках боху хаттар. Оьший а хаац цунна жоп лоьхуш синош ага.

Акаев ВахΙида санна, дукха къахьегна нохчашна даьхьадазош долу эладитанаш Ιорадохуш кхечу историка, Нохчийн университетан профессора Гакаев Хьамзата а. Цо бухболлуш чΙагΙдо, вайнах сийсазбеш, Москохара схьа даржош долу терахьаш къомана хΙуьттаренна кхоьллина а ду, хΙинца а лелачуьра а ца севцца, бохуш.

Гакаев: «Вайнчул жима ю ХIирийн республика, къам а кIезиг ду, амма цигахь оцу заманахь 5200 дезертир хилла. Вайн кху чохь 1000 сов обарг хилла. Цхьаберш Iедалх лечкъаш хилла, амма цара деш зе а ца хилла. Оцу обаргашлахь вайна тIеязбина оьрсех, дагестанхойх , кхечу къаьмнех а хилла обаргаш а бу. Платов-Михайлов коьртехь а волуш, 75 стагах лаьтта оьрсийн обаргийн тоба хилла, цара Советан Iедална дуьхьал къийсам латтийна, уьш а вайна тIеязйина. ХIаллакбина уьш, ткъа цхьанхьа а ца буьйцу ».

Бакъду вайнахана Советан Ιедало дуккха а зенаш дина хилар а, иза вайнахана дезна цахилар а. Бакъду иза дожо гΙерташ массийтта эзар къонах ша воьжна хилар а. Бакъду, царна окхуш делахь а, я осал доцчу къаьмнашца гома хилар делахь а, СталингΙара довзийтинчу бахьанашкахь, вайнах Ιедалан ларам беш дац, цундела доккху махках, бохуш хиллийла а.

Ткъа къаьмнашна юккъера масса процент кегийрхой фашистех летта гойту терахьаш теллича, гуш ду вайнехан и терахь оьрсийнчул, я кхечу къоман терахьал лахара доцийла.

Тешнабехк Кечбеш вара Сталин

Миллионашкахь нахана, цхьа а бахьана а доцуш, тоьпаш еттачу заманахь, ерриг пачхьалкх набахтин хьоле а ерзийна Ιедал хьийзачу заманахь, Сталинах ца вешаш дош аьлларг доьза вовчу заманахь, оцу Ιедале боцу безам хьул ца беш, цуьнца леттачу вайнехан къонахийн сий даздан догΙура таханлерчу ерриг а Оьрсийчоьно, оццу Исраилов Хьасанан а, Шерипов Майрбекан а, ша Маршонан пусар деш хилча. Иштта дозалла дан догΙура, дийна волуш Ιедало бина ларам а боцуш, эхарта вирзинчу Эльба-хитΙехь Дуьненан шолгΙачу тΙеман йист йиллинчу Висаитов Мовладан а. ХΙан-хΙа, дац иза, вайна мел хала хетахь а, цкъачунна аьттехьа а.

... ТΙамах къадбелла салтий Нохчийчу садаΙа баьхкина, цхьаболчара бахахь а, эскарша тΙеш тохкур ду лаьмнашкахь, кхечара бахахь а, халкъана-м тусаделира хуьлуш дерг. Кестта хΙуттур долчу къематдийнах лаьцна хаьара вайнахана 1943-чу шарахь дуьйна а. «Вайн къам дохо кечлуш ву Сталин», хезара юкъ-кара. Амма хΙинца а и де тΙекхача юьсуш яра цхьа жимма зама. Ткъа оцу дийнах а, Сибрехахь текхначу кхойтта шарах а лаьцна дуьйцур ду вай тΙаьхьо....
XS
SM
MD
LG