ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вер кхидIа кхело толлур ду


Шинарийдийнахь Оьрсийчоьнан Талламан комитето теллина даьккхина оппозицин лидер, Парнас партин куьйгалхо Немцов Борис верах долу дов. Кхушеран Чиллан-беттан 27-чохь Кремлна гена доццуш воьду иза тапча йиттина вуьйш дакъалаьцнарг пхи нохчо ву, талламчаша чIагIдарехь – Дадаев Заур, Губашев Анзор, Бахаев Хьамзат, Губашев Шадид Эскарханов Тамерлан.

И пхий а Немцов вейта луучара ахчанах лаьцна хилла, боху айдинчу девнехь. Комитето бахарехь, зулам дан нах кечбинарг лацаза, маршонехь вуьсуш волу, Кадыров Рамзан ларвечу ханехь гIуллакхдеш хилла Мухудинов Руслан ву.

Амма Немцовн доьзалан адвокат Прохоров Вадим ца теша зулам кечдинчийн могIа веккъа оцу Мухудиновна тIехь кхачош бу бохучух.

«Зулам дайтинарш уггаре лакхарчу Iедалан тIегIанера бу», ткъа Мухудиновна тIехь бехк сацийна Талламан Комитето, иза дан шайна атта хиларе терра, Кадыровна уллерчу гонна тIера тидам а боккхуш, Мухудинов Кадыровн эпсаран Геремеев Русланан машенлелорхо бен а ца хилла, аьлла Интерфаксе адвоката Прохоров Вадима.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG