ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаро иэсехь йитина берчаш


Нохчийчоь -- Керла 2013 шо тIекхочуш, Соьлж-ГIала, 31ГIу2012
Нохчийчоь -- Керла 2013 шо тIекхочуш, Соьлж-ГIала, 31ГIу2012

Шо доьрзуш, иза терахьашка диллар, дустар, хилларг-лелларг, эсан тΙорказ чу дΙахьажадарал хьалха жамΙе диллар юкъара хΙума ду кху дуьненан. Шеран дохаллехь дуккха а хьехийначу хиламех коьртанаш биса боьгIна бу вайн иэсехь. Уьш дагахь совцаро таро ло вайна, адамашна, кхана селханчул дика хила, девллачу гΙалатех лар а луш, кхидIа замане гIулчаш яха.



Латта вайн цхьаъ бен доцийла, цинцашлахь, цуьнан цхьа зирх вукхунах а бозуш, хΙара дуьне дуйла кхетачун сингаттам бу Шемахь, 20 бутт хьалха болабалларх, сацаза лаьтта чоьхьара тΙом. Цо дΙадаьхьна 30-ттех эзар бусулбанийн са. Президент ларалучу Асад Башаран режимехьай, цунна дуьхьал лаьттачу гΙаттамхошкахьай гонахара а, юьстахара а пачхьалкхаш екъаялар коьртачех цхьа бахьана ду и тΙом тΙех бахбелла боьдуш хиларан.

Шен къоманна тΙе ракеташ, бомбанаш етта цигара Ιедал къиза а лоруш, и емал дечу дуьненан доккхахчу декъанна дуьхьал лаьтта Асада режиман доттагΙий – Оьрсийчоь, Китай. Уьш бахьанехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организаци йисина Асадна дуьхьал хьакъдоллу сацам тΙеоьцийла доцуш – Пекинан а, Москохан а векалша чекх ца болуьйту иза.

МаьΙ-маьΙнерчу политикаша туьду, стенца йозу Оьрсийчоьной, Китайной юхьара эцна политика. Пекинна хьайна шен когакΙелхьарчу Тибето маршо лоьхуш, Оьрсийчоьнан садуу Кавказехь чΙагΙъеллачу сепаратизмо. Цунделла шина а пачхьалкхан лидершна бΙаьрга цΙий хьаьвза Ιедалца нийсо къовса нах гΙевттича – бен дац иза Нохчийчохь хилча а, Тибетехь хилча а, Шемахь хилча а.

Уггаре а чΙогΙа цивилан дуьне тахана кхоьру, Асадан режимо, шех летачу гΙаттамхойн кхиамаш совбелча, ша эшайоьлча, шен долахь латтаде химин герз юкъадаккха торуш хиларх. ТΙаккха барам а боцуш дестар ду Шемарчу тΙамо хΙаллакбечу нехан терахьаш.

Дуьненан рогΙера лазам бу Мисара. «Ιаьрбан бΙаьсте» цΙе а тиллина, Малхбалехула хьаьвзинчу демократин революцешна тΙе ΙиндагΙ дожадо Мисарахь керла хаьржинчу куьйгалхочух Мурси Мохьаммадах халкъан президент ца хилаваларо.

Мубарак Хьосни вохийначул тΙаьхьа хийцинчу конституцин хатΙо шалхадаьккхина къам. Мурси, нахера бакъонаш дΙа а йохуш, шен карахь чΙагΙбеш ву Ιедалан мукъ. И некъ цатайнаршший, тайнаршший вовшахлета хΙинца. Ала дац, мисархошна барт карор бу оцу къовсамехь – лаьттачу хьолан битамаш бу тΙех кхераме.

Шина пачхьалкхарчу шина президентан харжамаш бара дахначу шарахь дерриг а дуьнено тергаме эцна – Оьрсийчоьнанний, Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штитийнний. Путин Владимир Медведев Дмитрийца, шатайпа шахматашкара рокировка-хьоз а хьовзош, 13 шо хьалха шена Ельцина Бориса совгΙат динчу гΙента юха а 6 шарна охьахааро дуьненан бахархойн бΙаьргаш чохь лахйира Оьрсийчоь демократех эшна еха пачхьалкх санна.

Ткъа шен исторехь дуьххьара Ιаьржачу нахах схьаваьлла стаг волу президент Обама Барак шозлагΙа а оцу метте харжаро Ιаьмеркан Штаташ юхькъаййина маршонийн мах бевзачу нехан кхетамехь.

Тергамхошна дуккха а дийца кхача белла Оьрсийчоьной, Штаташий вовшашкара демократин якъо тΙехъеттачохь кхоьллинчу низамаша. «Магнитскийн акто» билгалбаькхина Штаташна гергахь демократин мостагΙий ларалуш болу кремлхойн го. Царна дихкина шайн миллионаш доллар-валютехь Ιаьмеркан банкашка дахка а, Ιаьмерка дехьа-сехьа леста а, цигахь шайн бераш деша, даха хийшо а.

Оцу политикан а, дипломатин а тΙамехь шен герз дуьхьалкхоьссина Москох Ιачу пачхьалкхан дайша а. Кхин Оьрсийчоьно шен бобераш совгΙат дийр дац Ιаьмеркахошна. ХΙинцачул тΙаьхьа, цул совнаха, океанал дехьа керла да-нана а карийна, ирсе хир дац шаьш бобераш а.

Миллионашкахь боьлу Оьрсийчохь бералла мел декъазчу хьолехь ду а, берийн, къаьсттина боберий, уьш заьΙап делахь-м мелхо а, бакъонаш мел хоьшуш ю а хууш болу европахой а, шаьш Ιаьмеркахой а. Нах кхета, Вашингтоно «Магнитскийн акт» Оьрсийчохь, бегашена а доцуш, адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларна арахецнийла а, Оьрсийчоьно цунна дуьхьал беламе политикан цΙингаш еттийла.

ТΙехъяккхийчу пачхьалкхашлахь кхушара Ιедалан дай хийцабеллачех Китай а ю. Цзиньпин Си хаьржина коммунисташа шайн 18-чу партгуламехь пачхьалкхан коьрте. Амма мукъ шен кара оьцур бац цо, низамца а догΙуш, кхин а кхо бутт баьлча бен.

Европехь боккха толам лара безаш ду 1992-чу шарахь, мехкаш цхьаьнакхеташ кхоллабелла барт 20 шо шен кхочуш боханза бисар. Евроберта юкъайогΙу 27 пачхьалкх герга яра оцу хиламна дахначу шарахь. Греци, Испани, Партугали, Итали финансийн къоьллан дозана гергахь кхачаро Евробарт бохарна кхерам туьйсура. Амма европахой сиха амалш йогΙу нах бацаро а, пачхьалкхашна жуларахь яхар пайдехьа дуйла царна хааро а къелхьараяьккхира Европа юха а шайн-шайн бенашка мехкаш юхабовларх.

Ткъа и дац кхерам дΙабаьлла бохург. ТΙедеъна шо дΙадахначул атта хир ду аьлла прогноз ян ваьхьаш вац цхьа а экономист а, цхьа а политик а. Делахь а, Евробертан экономикан а, политикан а бух а иштта ледара бацар гойту кхушара цунна юкъа Хорвати йоьдуш хиларо а, маситта кхин пахьалкха а цунна юкъаяха дийцарш дΙахьош хьийзаро а.

Ιаламо беъначу хьовзамех алсам зединарг бара Ιаьмеркан континента тΙехула ши бут хьалха чекхбаьлла рогΙера «Сэнди-мох». Ямайкехь, Кубехь, Канадехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь цо беъначу бохамашкахь велира ши бΙе гергга стаг. Еккъа цхьана Нью-Йоркана хилла зе меттахΙотто оьшу ахбΙе миллиар доллар.

ДуьнентΙехь дуккха а нах баккхий а беш, Израило кΙиранах тΙе ракеташ йиттина, шена чохь цхьа бΙе ах бΙе сов стаг вийначул тΙаьхьа, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацино тергамхочун статусца шен балха юкъа йитина Палестина. Иза шайн мохк йозуш йоцчу пачхьалкхан декъа кхачон гΙертачу палестинахойн боккха аьтто бу аьлла хета дуккхаъчу политикашна.

Адаман оьгΙазалла, цхьаьнгара бен яцахь а, мел бале хΙума ю, мел доккха хила тарло цхьана стага ша деш нисло зулам гойтуш масал дара дуьненан паргΙатонашца а, кхерамзаллица а, бахамаллица а хьалха яьлла йоьдучу Норвегехь меттигерчу националистна Брайвик Андершна гурахь йина кхел. Шинхьа – Ослорчу Ιедалан цΙеношкахь а, бераш садоΙучу Уьтоьйа-гΙайри тΙехь а 70 гергга адам, доккхачу декъанна бераш, дайарна 21 шо кхайкхийра цунна набахтехь такха. Брайвик дуьххьара стаг ву Норвегин кхело оццул луьра таΙзар дина.

Уьтоьйа-гΙайри тΙехь, и шашаха нисделла хΙума делахь а, доьналла, стогалла, къонахалла нохчашлахь лекъаш доцийла гайтира садоΙучу берашлахь нисвеллачу шина кΙанта – Норвегерчу мухΙажирша Джамаев Мовсара а, Даудов Рустам а. Наха тоьшалла а деш, ткъеха сов бер лечуьра къелхьара даьккхина цушимма.

Ислам-динна кхо бутт хьалха йина оьгΙазалла а ю шеран битам – «Бусулба нехана бехкабацар» цΙе тоьхначу филмо, аьлча а, оцу киногΙурто айира адамашлахь эккха кийча йолу оьгΙазалла.

Гуламаш хΙиттира цуьнан хьокъехь бусулба Малхбалехь хьовха, католикаш, протестанташ бахархошлахь коьрта дакъош долчу мехкашкахь а – Австралехь, Бельгехь, Ингалсехь, Германехь, Грецехь, Сербехь, Норвегехь, Францехь. Бенгазехь, Либин шахьарахь, вийра Цхьаьнатоьхначу Штатийн векал Стивенс Кристофер. Пакистанан аьчка некъийн министра Билур Ахьмад Гулама, масала, 100 эзар доллар кхаъ кхайкхийра филман автор Накулу Басили Накулу вуьйрволчунна.

Политикан режимашкахь нах цецбаьхначу хиламех бара яхначу гурахь Гуьржийчохь ваха а тΙехь дихкина, шегара махкалла а президента Саакашвили Михаила дΙадаьккхина волчу миллиардеран Иванишвили Бидзинин «Гуьржийн сатийсам» цΙе йолу партийн го парламентан харжамашкахь толар.

Дуьненан къайленаш ястарехь Ιилманчаша дахначу шаро баьхначу кхиамех лара догΙу Ιаьмеркахоша талламийн конка Марса тΙейоссор а, цо цигара схьалуш суьрташ а, кхийолу информаци а хилар. Лаьтта тΙерачу жил-Ιаламан, дийнатийн кхолладаларан къаргенаш йовзуьйтуш Хиггсан бозон шех олу физикан орам карийна шена аьлла дΙахьедар дира дахначу шарахь Швейцарерчу Ιилманчийн тобан куьйгалхочо Вильямс Ребеккас. Иза практикехь талла а теллина бакъдира кхечу мехкашкарчу Ιилманчаша а.

Цкъа а ца хиллачул йоккха температура луш эксперимент йира дешин ионошца Ιаьмеркарчу Брукьхейвенан къоман лабораторино – Цельсин барамехь 4 триллион градус, иза Маьлхан йовхонаца юьстича ши бΙе ах бΙе эзарза сов ю. Медицинехь а баьхна Ιаьмеркахоша лаккхара кхиамаш – кхоьллина цомгушчунна хийца тарлуш дилхах доцу доΙах, мочхаллаш.

Информацин технологешкахь, компьютеран таронаш совйохуш кхоьллина Windows-8. Уггаре дукха - миллиард сов –пайдаэцархой гулбина шена гонаха интернетан хьалханчас Facebook-юкъараланчо а. Дашна ала, стохка Ιаьмеркахь веха къона нохчо Илисханов Шерип дΙаэцна Фейсбуко шен инженерийн могΙара.

Вайна герга а, даккхийде я вайн доглаза хьакъ долуш хиламаш бу Оьрсийчуьранаш.

ХΙун дара дахначу шарахь массеран а цхьабосса самалха доккхуш? Оцу хаттарна хаза а хеташ хазор дара жоп. Амма... баккъала а ойла йича а ала карадац, аш бехк ма буьллийла.

Шаро дагахтоьхначу дешнех эсехь совцуш ду хΙара дешнаш. Хьалхарниг хинкеман пийсак хьоькхуш, балехь воллучу лайх ша-шен тарвеш хуьлу президент Путин Владимир ву, шолгΙаниг – иза къомах цо шен лозу боху дог ца лозийла гойтуш хьийза оппозиционер, «Парнас» партин куьйгалхо Немцов Борис ву.

Путин: «Суна го, ас ойла йо Оьрсийчоьнан могΙарчу бахархойх, го протестан тобанаш а, амма сан Ιалашо массо а бахархошна дика хилар ю»

Немцов: «Оцу кемантΙерачу лен 26 гΙап-гΙала ю, цуьнан 5 яхта ду. Путинан гΙеран –иза мехкдаьттан доладен тоба ю,уьш чекисташ а, Петарбухарчу мэрера схьабевлла банкийн а, тΙеман гΙирс бечу корпорацин а доладечу «Озеро» кооперативан декъашхой а бу. Оцу гΙеран долахь ду вайн махкахь 140 миллиард доллар ахча».

Путин Владимирал аьлла дош, иза массо а хΙуманна тΙе шатайпа къорза тΙадам таΙош нисдаларе терра, сихха Оьрсийчухула даьржачех ву Нохчийчоьнан куьйгалхо а. Кадыров Рамзана хазийна, цуьнан хатΙ-амал гойтучех ду цо мехкан хьакамаш а гулбина дина дΙахьедар.

Кадыров: "Авторитеташ махкахь бац. Со ву хьолан да. Со ву хIара машен лелориг. Кхин цхьа а ван а вац соьца. Рамзан, кхин цъьа а ван а вац. "Рамзан а , иза а вац", ...хIан-хIа, вац. Со ву хьалха ваьлла. "Рамзанас, Адамас элира, Рамзанас а, хIунаьхдинчо а элира, Рамзанас а, Лорда а элира..." ХIан-хIа, ца элира. Рамзанас элира-кх, Кхин цхьаммо а ца элира. Вукхара ас аьлларг элира. Вай халла дIаяьхна кху махкара авторитеташ - фамилеш, ГантемировгIаррий, ЗавгаевгIаррий, ЯмадаевгIаррий... ХIан-хIа, хьалха яьллий Кадыровн фамили? Хьалхаяьлла. ХIокху махкахь важайолу фамилеш ян а яц".

Кадыров Рамзана а балхабо кест-кеста шена шен белшаш тΙехь Iуьллучу дукъо бохьу гΙайгΙанаш. Аьтто а хилла, дарж дита йиш елахьара, ша ломахь накхарш а лелош, гоьлтΙа ког баьккхина сапаргΙат вехар вара олу цо.

Немцов Борис, оппозиционер, бакъ ву я вац Путин Владимиран хьал – цΙенош, яхтанаш, ахча – дагардарца, уггаре хьалха оьрсех хьакхало. Ткъа 2012-чу шарахь, гурахь, Маршо Радионо серлаяьккхира Кадыров Рамзана шен Дубайера юьстах а яьхна Чехе шен говраш дΙатарйина меттиг – иза кхузарчу къилбера жима гΙала Мимонь ю. ХΙораннан а шишша миллион доллар гергга мах болуш иттех дин бу Кадыровн цигахь.

Путина санна, Рамзана а олу кест-кеста ша къоман лай ву. Амма Нохчийчохь мел вехарг а иштта лай хилча, зовкх дара къомана дахарна леткъамаш цабар.

Мехкашкара паргΙатонаш, аьттонаш зуьйчу дуьненаюкъарчу хьукматаша къастийна ду хΙара терахьаш. Коррупци яржар гойту индексаш йокъучохь Оьрсийчоьнна пачхьалкхийн могΙаршкахь кхаьчнарг бу 33-гΙа меттиг, цул тΙаьхьа йогΙу Таджикистан а, Папуа-Керла Гвинея а. Экономикан паргΙато, бизнес лелоран аьттонаш зерехь Европерчу 43 мехкашлахь 41-ра меттехь ю Оьрсийчоь.

Демократин индексаш юкъучохь Норвегина кхочу 1-ра меттиг, Оьрсийчоьнна - 107-гΙа, цул тΙаьхьа йогΙу Непал. Дешан маршонаш юстучохь а ю Оьрсийчоь могΙан чаккхенна гергга. Албанехь, Азербайджанехь, Венгрехь, Македонехь, Румынехь, Сербехь дуккха а маьрша ву стаг хетарг даржо. Ткъа терроризм яьржина леларца иссалгΙа меттиг а кхаьчна Кремлана когакΙелхьарчу пачхьалкхана.

125-чу меттехь ю Оьрсийчоь шен некъийн башхаллица. Цул тΙаьхьа яц 13 пачхьалкх бен. Масал далош аьлча, Оьрсийчоьнал шен территорица шозза кΙезиг йолчу Китайхь шарахь 50 эзар километр некъаш бохку, Оьрсийчохь – 3 бΙе эзар километр.

Иштта ду, вайна мел товш а, томехь а дацахь а, дахаран хьелаш гойту дуьненаюкъара дустарш.

Кавказера хьал хьалхачу шерашкахь санна, тΙематасадаларшкахь, баларшкахь, бохамашкахь дара дахначу шарахь а. Ткъа хΙинца билгалонаш а къастаелла оцу хьолан. Дено-дено, тΙемалой бойъу бохуш, нехан цΙенош лоьлхуьйту Ιедалша, литтаршкахь кхобу Кавказан къаьмнаш. Оцу хиламах могΙарчу суьрт-вастан кеп тΙеэцна шена. Хьал иштта хила дезаш санна, дахаран гΙайгΙанаш буьйцучохь хьехор а дитина хΙинца оцу хиламийн.

400 стаг вийна ницкъахоша Кавказерчу гΙаттамхойх. Байъинчех террористаш, эскстремисташ, мостагΙий, шайтΙарчий ала бен а магош дац бухарчу бахархошна а, журналисташна а.

... Керла Шо. Керла Шо тΙекхочуш баланаш хьехор – зуламна ду, даймохк ца безарна ду, иза нехан ловзарга а веъна кадамаш бан хΙоттар ду, боху Кремлан багахьажжина бехачу патриоташа, кавказхой а кΙезиг бац царалахь. Ткъа кхечарна, Ιедалан шуьнехь боцучарна, хетарехь, бакъдерг хьул а деш, Керла Шо даздеш дара бохуш, кхиамаш бен ца хьехабар, тезета а веъна, самукъане шок еттар ду.

Диканах бен ма кхуьийла вай тΙедеъначу шарахь, вонах хьалхадохийла – иштта хир бу Маршо Радион лаам-луьйца.
XS
SM
MD
LG