ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-о йийсарехь кхобу Ракъан бахархой


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажирашкахула йолчу агенталло хаамбина шега информаци кхаьчна «Исламан пачхьалкх» олучу тобанаша лаьцна кхобу Иракъан малхбалерчу ярташкара 3000 вахархо, аьлла. Цо бахарехь, масала, ХIавига юьртара кхерамзалла лоьхуш Киркуке кхачна нах лецна, царех 12 вийна еарийдийнахь.

БагIдадерчу бакъоларъярхоша дийцарехь, лецначаралахь бу дуккха а зударий, бераш, къаной. ДАIИШ-ан карахь ю хIинца а яккхийн гIаланех Иракъера Мосул а, Шемара Раккъа а. Карарчу ханна Иракъера бевддачу бахархойн терахь ду 3,5 миллионе кхоччуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG