ТIекхочийла долу линкаш

Керлачу замано керлачу хьесапе дерзийна вайнахана юккъехь захалонаш дийцар а, лелор а. Хьалха санна синкъерамехь, я хийистехь ца дуьйцу кегийчара хIинца дагара а. Мобилан телефонаш а, интернет а дIахIоьттина вайнзаманахьлера безаман майда а хилла.

Европерачу меттигерачу бахархошлахь интернет юккъе яьллачу муьрехь дуьйна схьа даьржина ду, цу машанерхула боьрша стаг а, зуда а вовшашна довза а девзаш, вовшашца уьраш а, мареллаш а деш цара хилар.

ТIаьхьарчу шерашкахь бусулба нахана юккъехь а даьржина и хIума. Иштта кхоч-кхочуш и цивилизацин керла агIо нохчашка а кхаьчна. Кест-кест хеза тIаьхьарчу хенахь хьенехо зуда ялийнера, аьлча, мичара- хьена ю хаьттича, интернетухула евзина хилла олуш. Иштта йоI маре яхча а олу, хьенан-мила ву хаттарна жоп луш, интернетухала вевзинера, олий.

И керла хIу къаьстина Малхбузехь бехачу вайнахах алсам кхетта, царна юккъехь даьржаш а ду. Массо а керла юккъе даьлла хIума а, массо а адамаллиа кхиарехь Iилманан а, прогрессан а, цивилизацин керлачу гуолатохаршкахь хуьлуш ма-хиллара, диканиш а, вуониш а аматаш шайца долуш хIума лара догIу иза.

Цхьана агIор, Даймахкана хийраллехь а, вовшашна тIекхачаллехь а бехаш боцучу Малхбузерачу нохчийн кегирхошна дика аьтто бу иза, вовшашна довза а, вовшашца захалонаш дан а. Вукху агIор, адамашна юккъера, къаьстина вайнахан юккъера цхьа башха йолу жоьпалла а, экамалла а дIайоккхуш болу гIирс хила сахьт а дац цунах.

Иштта ду Маршо радионо хеттамаш бинчу Европерчу вайн махкахоша и хIума дийцар а – цуьнан ший а агIо дитадаме а оьцуш.

Венехь вехачу гIеметта хIоьттинчу Мохьмадна хетарехь, жоьпалла ца хуьлу и тайпа виртуалан захоало а дина, зуда ялийначу кегийчу нахехь. Цара шаьш атта ялорах терра, атта йита а юьт зуда.

Мохьмад: „Цхьа бутт хан бен яц и хилла. Данера цхьа йоI интернетехула йовза а евзина, цига вахана, иза схьаялийра кхузара цхьана кIанта. Тхо а дара цигахь. Амма ши кIира ма даьлла, йита а йитина, цигга дIа юха яхийтина цуо иза. Иза хIунда хилла? Цунна цу йоIан да, нана а ца девза. Вукхарна хIорш а ца бевзина. Интернет чухула вевзинера аьлла йоI дIаяхийтар доккха хIума ду. Хьайн кIантана зуда ялон хьо гIертачу хенахь хьо цуьнан да мила ву а, нана мила ю а, и нах муха буьйцуш бу хьожу. Иштий бен зуда ма ца ялайо вайнахалахь, йоI а ма ца ло маре ишттий бен. Ас айса иштт азахало дийр дацара я дойтур а дацара сайн доьзалехь“.

Францерачу Лионехь ехаш ю 27 шо долу Зулихан. Диъ шо хьалха интернетехула шен хIусамда вовза а вевзина, ах шо даьллачул тIаьхьа марелла дира цуо. Хьалха Германехь Iаш хила иза хIинца иза волчехь Лионехь ю. Цуо дуьйцу.

Зулихан: „Со суо а ю интернетехула маре яхна. Аьлча а, вовза интернетехула вевзинехь а, маре интернетехула ма ца йоьдий. Суна интеренетехула девзина а, захало хьахийна а, мухха а дина а и захало, йоI маре яхча а, кIанта зуда ялийча а бакъахьа хета. Вай дуьне мел ду дIасакхийсина ду, хьалха санна синкъерамаш а бац, йоI- кIант довза меттигаш а бац. Цхьана агIор вовшашна бовза ца бевзича ма ца болий и кегийнарш“.

Австрерачу Асета шена-м вуно инзар хIума хета и виртуала машенехула деш долу захалонаш, боху. Церан хIун тIаьхьло хир ю ала а ца хIутту ша, бохуш, дуьйцу цуо.

Асет: „Сан сайн гергара йоI ю иштта интеренетехула кIант вевзина, цуьнга маре яхна. Дала декъал йойла иза. Делахь а суна-м тамашийна хета и хIумнаш. Мичара хьена ву ца хууш маре яхар инзаре хIума хета суна-м. Даима а лула-кулахь Iийна а, хьайна дика бевзачу нахе яхча а ца нислуш хуьлу и марелла, интернетехь вовзарх тоам а бина марех яхча, цунах хун хир ду суна-м ца хаа“.

Гуш ма-хиллара, вуно бен -бен ю аренца бехачу нохчийн интернет-захалонех йолу ойла. Делахь а, ткъе хьалхарчу бIешеран юххьехь бехачу вайнехан дела де хуьлуш лаьтта цу керлачу захалоний кепах.

Даханчу бIешеран 90-чу шерашкахь Нохчийчохь арадолуш хиллачу „Республика“ газетехь дуьххьара вайн махкахь кхоьллинера, „Захало“ цIе йолу клуб. Марелаш дан лууш болу зударий а, зударий кхийла дезаш болу боьрша нах вовшашна бовзуьйтура цигахь.

Юкъараллехь цхьаболчара кхардарца а, цхьаболчара емалдарца тIеоьцура хIетахь и клуб кхоллар. Амма бакъдерг кхин дара- дела денна иттанашкахь кехаташ кхочура цига, доьзал кхолла хьаьгначу вайн махкахошкара. Цу клубехь вовшашна бовза а бевзина, йоццачу хенахь кхоьллира наха 40 сов доьзал а.

Схьахератарехь, хIинцалера интернетехула деш долу захалонаш цу хIетахьлерачу газетере „Захало“ клубан ролехь ду. ХIетахь санна, цхьаболчара кхардарца, вукхара емал дарца тIеоьцу уьш, амма хIетте а вайн заманан а, вайн къоман а цхьа дакъа хилла дIахуттуш ду уьш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG