ТIекхочийла долу линкаш

Youtube юха а магош ю Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан, Нохчийн меттан де билгалдоккхучу хенахь, Сьлж-гIала, 25Оха2013

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан, Нохчийн меттан де билгалдоккхучу хенахь, Сьлж-гIала, 25Оха2013

Гергарчу хенахь Youtube схьаелла мега Нохчийчохь. Шена иза дича дика хетар дара аьлла дIахьедар дина Нохчийоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Юкъараллехь а къобалбина, тIеэцна и хаам. Цхьанне а шеко яц, Кадыровс аьлча, кхело иза дийриг хиларх.

БархI бутт хьалха дIакъоьвлина йолу Youtube схьаелла мега хIокху гергарчу хенахь. Гарехь иза ишшта хила мега, хIунда аьлча, цо хьокъехь республика куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина. Журналисташца, шен хиллачу цхьанакхетарехь, цо хаам бина, дIакъоьвлинчуьра и сайт схьаелла мегара дара аьлла. Иза йоьллура ю, ян яц, сацам Соьлжа-гIаларчу Ленинан кIоштан кхело бан беза,амма, махкахь шеко яц цхьанни а, республика куьйгалхочо аьллехь, иза чекхадерг хиларна.

Шен агIора Кадыров Рамзана, бахьанаш а даладо, и дIакъоьвлина йолу и сайт схьаеллийта хIунда лаьа цунна. Цо дийцарехь, дуьненахь гIараяьллачу оцу видеохостингехула дуьненаюккъерачу террорхошна доьхьало ян еза, цундела и гIирс ца хилча, йиша яц. Дагадаийта деза, Iедалан цхьаболчу белхахоша, Youtube дIакъоьвлинчулла тIаьхь, хаамаш бора, бусулба дин сийсаза доккхуш кино гайтинчу оцу сайтан тIе, шаьш цкъа а доьвра дац бохуш. Амма, гучу суьртаца, карарчу заманахь, халу ду, интернетех пайда оьцучу нахана, Youtube а йоцуш.

Нохчийчуьра интернет лелочара, хазахетарца тIеэцна Youtube схьаелла мега аьлла болу хаам. Кадыровс аьлча, иза хилла даьлла санна хIума хета дукхачарна. Нохчийчоьнна чIогIа оьшуш ю и сайт, цу чухулла махкахь хуьлуш дерг довзийта а, нахана довза а, элира интернетех пайда оьцучу Алихана.

Алихан: «И Youtube схьайиллича дика хира дара. Дуьненахь дерг а хуура дара. Нохчийн къоманнна пайдехь дерг а хира дара цу чохь. Нохчийчохь дерг а гойтийла а хира дара».

Youtube дIакъоьвлинчулла тIаьхь, Нохчийчохь дукха хала дацара цу чу вала. Интернетан зIенан юккъахь цхьацца терахьийн кодашца хийцамаш а бой, хьалха санна пайда оьцура, цхьа жимма а, цуьнах кхеташ волчо. Амма, ишшта хIума гIарадаьлла дацара, цундела, кхечу сайтех пайда оьцура шаьш, амма, Youtube дика яцара уьш, бохуш кхин дIа а дийцира Алихана.

Алихан: « цхьацца кхечу хьостех пайда оьцура и Youtube йоцучу хенахь. Амма, иза санна мехалла йолуш ца хуьлура уьш. цундела суна чIогIа мехалла а хета, ас къобал а деш ду Youtube схьаелла мега боху къамел».

Цхьаболчу нехан интернетах пайда эцар, Youtube чу валар бен, кхи гена ца долура. Харон цIе йолчу жимчу стагана а хазахета иза схьаелла мегаш хилар, амма, цо а халахетарца билгалдоккху, бусулба динан цу чухулла а бина а ца Iаш, кхечу гIирсашкахула а Iаткъам беш хилар.

Харон: «Иза схьайиллича бакъахь хир ду аьлла хета суна. Ледарлонаш далахъь а, харцой, бусулба дин вахь ца таIош а, меттигаш яцахь а, керланаш а , кхидерг а оцу Youtube чухулла довза таро яра вай. ДIакъоьвлича дуьйна, интернетах дан хIума а доцуш санна хIума хуьлура. Дукха видео чохь йолуш сайт ма ю иза. цу юккъахь вай нохчех лаьцна а кIезга материалаш яц».

Маца йоьллура ю Youtube Нохчийчохь ца хаа, амма, махкахь Интернет латтош волу коьрта провайдеро Вайнахтелеком» цIе йолчу компанийно, дIахедар дина, шаьш хазаха хеташ тIеэцна Youtube схьаелла мега аьлла болу хаам. Церан векалша бахарехь, кхело сацама бахь, шаьш дукха сиха иза дIакъоьвлинчуьра схаьйоьллура ю.

Билгаладаккха деза, стохка гуьйреннан йоьххьехь, Youtube Нохчийохь дIакъоьвлучу хенахь, кхело бинчу сацамца, «бусулбачу нехан бехк ца химлар» олуш йолу фильм ца яьржийта тиIеэцна бара. Кхело листинчу жамIа тIехь бохуш дара и кино ца яьржийта хIума дан деза аьлла. ХIета Нохчийочхь техникийн таро ца хилла и хIума дан, цундела, тоьхна ерриге а сайт дIа а къоьвлина хIума динера.
XS
SM
MD
LG