ТIекхочийла долу линкаш

YouTube-ан 2012-чу шеран видеош


ОвхIанистан -- "Afghan Style" видео пароди ю "Gangnam Style"-ан

ОвхIанистан -- "Afghan Style" видео пароди ю "Gangnam Style"-ан

Даханчу 2012 шарахь нехан тидам тIе бахийтина йолу 10 видео кийсиг хаьржина Маршо Радион корреспонденто О Коннор Коллина. Царна юкъахь ю Къилба Корейра реперо халхарца лекхана йиш а, йиш а локхуш, чIерий духкучу стагах лаьцна видео а, Pussy Riot тобан баланех лаьцна видео кийсиг а, иштта дIа кхин а.

10-чу меттехь лаьтташ ю цхьа миллаирд стаг хьажна Къилба Корейра Psy цIе йолчу рэперо лекхна Gangnam Style цIе йолу йиш. Иза цхьа а шеко а йоцуш интернет-сенсаци яра. Цу стага леочунна иттаннаш породиш йина YouTube-хь.

http://www.youtube.com/watch?v=zlTfOJU2nfQ&feature=player_embedded

Gangnam Style гучуялале уггаре а дукха наха тIе тидам бахийтинарг яра Африкерчу тIеман буьйранчах Кони Джозефах лаьцнарг. Цхьана кIирнах 70 сов миллион стаг хаьжнера цуьнга. Iамеркерчу кхаа операторо яккхинчу цу филмехь вуьйцуш ву Угандера гIаттамхойн лидер Кони Джозеф, цо бераш лечкъадо бохуш. Амма цу филмо къийсамаш баржийра интернетехь, цу чохь дуьйцучух шеко йолуш.

http://www.youtube.com/watch?v=Y4MnpzG5Sqc&feature=player_embedded

8-чу меттехь ю Пакистанера схьаваьллачу Лондонерчу чIерий дохкархочух йолу сюжет. Йиш а локухш, шен чIерий хестош, уьш дохка гIерташ ву иза. И бахьана долуш Назир ШахIид Мухьаммад леррина меттигерчу студе кхайкхинера, цо локхуш йолу йиш дIаязъян.

http://www.youtube.com/watch?v=ETSl8gWsFZ0&feature=player_embedded

Маймалшца эксперимент еш йолу видео а ю нахана хазахеттачех. Iилманчо цхьанна наьрсан кийсиг ло, ткъа вукхунна кемсан буьртиг ло. Эххаре а наьрс къордийначу маймало юха ласта йо иза, камс езаш. Цо гойтуш ю харцонна маймало йина реакци. Кху тIаьхьарчу хенахь кху дуьнентIехь лаьтташ долу экономикан хьал тидаме эцча кхеташ ду нахана и ролик хаза хIунда хетта.

http://www.youtube.com/watch?v=FD06JUUXbSQ&feature=player_embedded

Маймалех йоцурш а дуккха а видео роликаш яьржира интернетехь 2012-чу шарахь. Царна юкъахь ю миллионаш нах хаьжна йолу, шена тапча тоьхна аьлла, багахь кхоссар йича, елла ша аьла, дIакерчаш йолу оьпа а. Оьпанна дина хIумма а дац. Цу кепара ловзуш ю иза.

http://www.youtube.com/watch?feature=player_embedded&v=7nhllIUslDg

ПхоьлгIачу меттехь ю Оьрсийчохь яьхна йолу машенаш гал йовлуш а, йохош а яьхна видео кийсигаш. Царна тIехь тидам тIебохуьйтург ду, оццула ирча некъахьовзам хIоьттинехь а массо а стаг дийна вуьсуш хилар.

http://www.youtube.com/watch?v=zFKWNZi5pVM&feature=player_embedded

Кхин цхьа видео иштта ю. Шега маре йола ала кечлуш Оьрсийчура цхьана стага ша, некъан бохам а хилла, вийна сурт хIоттадо. Амма бохам хиллачу метте еанчу йоIанна гучудолу иза бакъ ца хилар а, иза шена хIоттийна кеп хилар а. Амма , оьгIаз яханехь а, эзххаре а реза хуьлу жима зуда цу стаге маре яха.

http://www.youtube.com/watch?feature=player_embedded&v=Lf-gZ0dr9so

Нах забарш еш хьийзош болу видеош ю хьажархошна уггаре а хазахеташ йолчарна юкъахь. Царах ю Бразилехь лифт чохь яьккхина забар. Стаг лифт чу волу. Чиркхаш дIадов, уьш юха хьалалетча цу чохь хуьлу, басарш а хьаькхана еллачу йоIах тарйина йолу, тайнаг а карахь лаьтташ йолу жима йоI. ЦIеххьана цо цIогIа тоьхча вуно кхералой мохь хьоькхуш хуьлу цхьа а вониг дагахь доцу нах.

http://www.youtube.com/watch?v=7N5OhNplEd4&feature=player_embedded

Кху видеоно гойтуш ду адамашна цхьанна бохам хилча хазахеташ хилар. Иштта буто ша бинчу бассейн чу эккхаш ву хIара стаг. Амма ша боха а ца бухий, лаза а веш охьакхета иза. Иза хазделла эзарнаш-эзарнаш нахана.

Кху материалан авторо хIалхарчу метте хIоттийна Оьрсийчоьнан Iедалша, хенаш а тоьхна, чубоьхкинчу Pussy Riot тобан декъашхоша килсехь эшар локуш яьккхина видео. ХIара ю и оццул йоккха гIовгIа эккхийтина йолу видео кийсиг.

http://www.youtube.com/watch?v=FoJqzGG7u_k&feature=player_embedded
XS
SM
MD
LG