ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Борзехь вовшахлетта Кремлан бIаьхой


Шуьйтан кIоштарчу Борзехь оьрсийн, нохчийн эскархой вовшахлетта

Оьрсийчоьнан тIеман къайлахчу сервисан ГРУ-н декъера оьрсийн эскархой а, «Малхбале» батальонера нохчий а вовшахлетта Чиллан-беттан 23-чохь. И хаам баьржина лела кеп-кепарчу хьостанашкахула. Чабаев Лоьма ву хилларг толлуш.

Шуьйтаний, Борзенний юккъехь лаьтта оьрсех долу тIеман иччархойн дакъа. Борзенна герга дIатаръелла ю «Малхбале» батальон а. Видеотоьшалла кхетош баьржинчу хаамаша бахарехь, оьрсийн декъехь кхача кечбеш балхахь йоллучу нохчийн зудчуьнга маьттаза вистхилла цхьаъ. Зудчуьнан агIо лаьцначу нохчочунна йиттина цуьнца гIуллакхдечу кхечу нохчочо.

Иштта, и дов къастош, оьрсийн эскархойх летта «Малхбалера» эскархой-нохчий.

Хаам юьхьанца баьржира ватсапе яьккхинчу видеоца.

Гинчара а, хезначара а, шаьш а ца довзуьйтуш, дуьйцург иштта ду.

Официалехь хиллачух дуьйцуш дац. Бакъду, дуьххьара къайлахьош яц и санна информаци. Летарш Борзерчу дакъошкахь латтарх лаьцна дукхазза а даржийна гонаха бехачу наха.

Нохчийчуьра официалехь боцчу хаамца, массех нохчо лаьцна Борзехь оьрсашна еттарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG