ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман Iамораш дIахьо бохуш Нохчийчоьнан Iаламан хазна лоручу, ларъечу меттигашкахь яьккхий тоьпаш а етташ тIеман Iаморш дIадаьхьна оьрсийн эскархоша.

Яьккхий тоьпийн хIокху татанах ломанца беха нохчий дIабоьлла. Амма цара а олу, тIом жигара боьдучу хенахь а ца кхиссина нохчийн лаьмнашкахь оццула дукха герз, хIинца санна. Махкахь даима аьлла лаьттачу оьрсийн эскаран дакъоша кесст-кесста тIеман Iаморш дIахьо цигахь. ХIинца, рогIера уза а дIадьахьна уьш.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллера хьостано баржийначу хаамца, Къилба тIеман гуона юккъедогIучу эскарша Нохчийчохь Iаморш дIадаьхьна аьлла. Цигахь дакъалоцуш хилла 400 сов моттогIашлой а, 50 танк а, кхийолу тIеман техника а.

Яьккхий тоьпаш а, «Град» а, «Сани» олу минаш кхуссург а, «Акация» олу гаубицаш а йиттина. Ша дерриг, дийцарехь 500 хIоъ тоьхна оцу тIеман гIирсан тIера. Оцу тIеман Iаморо, эскархойн говзалла лакхаяьккхина аьлла хаам бо Къилба тIеман гуонера зорбан-сервисо.

Ломанца, къаьстина, дуккха а шира бIевнаш лаьттачохь эскархоша йоккха топ моссуза туху, иза шайна дагахь кхеташ санна хета боккъала а цуьнах саготта болчу нохчийн историкашна. Аргунан Iаламан а, историйн а лардойлан латтан тIехь ю тахана Нохчийчуьрчу эскархойн тIеман полигон. Уьш цу тIера лахка гIерташ дукха хан ю, амма схьагучу суьртаца, цигара дIабаха дагахь а бац герз карахь долу нах. Историка Мунаев ИсмаьIала иштта элира Маршо радиога оцу хьокъехь.

Мунаев: «Полигонашца дерг, кхета дукха атта хIума ду. Дагестанехь Буйнакскехь лаьтта масала тIеман дакъа ду. Аддамаш дехаш дац аьлла, Макажара ХIиндой олу меттиг дIалецира цара. Иза Органан Iаламан а, историкан а лардойлан латта тIехь ю.

Шаьш дIалаьцначу меттигашкахь историйн-культуран мехаллан экспертиза ца йо тIеман дакъойн баьччаш. Иза йича, оцу баьччо доп дала деза, цигахь цхьа хIума хилахь. И экспертизаш еш бохуш, оха шина шарахь къийсам латтийна цаьрца. Маьлхйистехь бен цара йина а яц».

Альпан полигон аьлла цIе тиллина эскархоша нохчийн ломанца шаьш тIеман Iаморш дIахьочу меттиган. Дукхха а нах ца кхета, уггаре а экаме, Iаламца а, историйн хазнийца а лоручу оцу меттигашкахь хIунда кхуьссуш ю яьккхий тоьпаш, хьоьхкуш ю танкаш,аьлла кхин дIа а дийцира историка Мунаев ИсмаьIала.

Мунаев: «ДIоггара эскархошк Нохчийчу а бахкийна полигон хIунда йойту? Цигахь инзаре шира а, мехалла а меттигаш ма ю. лаьтта бухахь дийна галереяш ю цигахь. И хазна цхьана Нохчийчоьнан хилла Iаш мая ц. Иза Оьрсийчоьнан хазна а ма ю».

Шайн ворхIе дех дисинчу латтан тIе санна, нохчийн лаьмнашкахь вахьа а хевшина, шайна луучохь полигон ечу оьрсийн эскархоша деш долу зе, цкъа а юхметтахIотталура долуш дац аьлла хета историкашна. Йохийна бIов а, шира кешнаш а, муха хIотталура ду, бохуш, оцу полигонех долучу зенах дийцира историка Дадаев СаIида.

Дадаев: «Тусхара- Дишнийн мохк бу. Эскархой, шайн еллачу метте а ца ховшуш, кхечанхьа хевшина.бIевнаш а охийна. Вай къоман турпалхочунна каш а дара цигахь. 12 оьмарера. Иза а хIаллак дина. Шуьйтахь а изза де ду. МIаьйстахь, масала кехатца бакъо хилча а чекх ца волуьйту».

Шай агIора, Къилба тIеман гуонан иштта Iамораш кхин дIа а дIахьура ду шаьш аьлла дIакхайкхадо цигара. Кху шарахь 1000 сахьте хьалакхачо еза оцу Iаморшна ейина хан.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG