ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъдерг дуьйцу молла а ву "новкъа"


ДIадаханчу кIиранах ГIалгIайчохь журналисташна динчу тIелатарна а, Чумаков Хьамзатна дуьхьал динчу эккхийтарна а бехке Кадыров Рамзанан агIончаш бу аьлла хета цхьаболучарна, вукхара ФСБ бехкейо, кхечарна ГIалгIайчоьнан Iедал ду аьлла хета бехке.

Дукха хан яра ГIалгIайн махкахь хьал иштта чIагIдаланза. Цхьана дийнахь леррина гIара а доккхуш гайтархьам санна журналисташна а, бакъонашларъярхошна а тIелатар а дина йиттинера. Оцу сингаттамо Iадийна юккъаралла метта яле, кхин цхьа зулам а хилира ши де даьлча. Кавказехь вевзачу а, лоручу а Несар-Коьртарчу маьждиган имаман Чумаков Хьамзатна дуьхьал эккхийтар динера.

И Iелам стаг ца везарш дукха а бу. Шераш хьалха цунна духьал эккхийтар а динчул тIаьхьа, ког а баьккхина цуьнан. Цундела, иза ларвархьама гIалгIайн цхьана хьоладас, имам дIасалело, эцнера эчкаца чIагIам бина тоьллачух машен.

Тахана Чумаков Хьамзатна кIело йина хиларх, цхьа а цец ца волу. Иза нвокъа волуш дуккха а бу. Уггаре а халахеттарг ду, рузбан дийнахь нах дуккха а гулбеллачу меттехь иза дина хилар. Болийначу талламо иккхинчу машенчу йиллинчу бомбан барам лерина, мел лаххара а, 10 кила тротил.

Дагадаийта деза, оццул оьккхург яра Евкуров Юнус-Бекан тIелатар динчу хенахь а. Йоьллинчу бомбин бараме хаьжжина дусту тахана КъилбаСеда Кавказехь, даиманна санна къастонза буьсучу зуламхоша вен гIертачу стеган мах.

Кхузахь билгала гуш ду, и эккхар Чумаков Хьамзат шен хьехамашкахь дуккха а хIуманаш шен цIарца дIадуьйцуш хиларан бахьанца дина дуйла.

ХIинца талламхошна хьалха ду хаттар: хьанна оьшуш ду иза вен? Цара жоп лоьххушехь, юккъаралла а екъаелла цу тIехь. Цхьана жоьпехь нехан ойланаш ца кхетахь а, Чумаков Хьамзатан а, кхечу динан дайн юккъахь лаьттачу девнца дуоза мегар ду аьлла Маршо Радиога дийцира «Мемориал» бакъонашларъяран цхьанатохараллан Несар-ГIаларчу декъан куьйгалхочо Акиев Тимура.

Акиев: «Хилла йолу терроран акт емалйина кхузахь. Ткъа иза хьанна оьшуш дара, цунна тIаьхьа мила лаьтташ вара а, къаьстина дац. ХIара ду аьлла тIе пIелг хьажош цхьана ойланехь бац нах. ХIинца хала ду, и теракт хьан ейтина а, йина а ала. Ша верриг хьоьжуш ву талламо хIун олу. ЖамIаш дан сих ца ло. Амма дуккха а нахана хета, и эккхар Чумаков Хьамзатан а, Кавказана регионашкахь, Нохчийчохь а, ГIалгIаймахкахь а лелочу динан агIончашца яьллачу конфликтан тIаьхьало ю аьлла».

Чумаков Хьамзата шена дуьхьала эккхар ма диннехь, ша оцу хьолехь дечунах дукха хIума доьзна хилар тидаме а оьцуш, юккъараллехь гIатта кечъелла йолу оьгIазлонан тулгIе сацаян гIерта. Хилла зулам цо лору, шена духьала а доцуш, дерриге а гIалгIайн къам гора хIотто гIортар санна.

Иза цхьанге а далур дац, ша бакъонан новкъара вер а вац, аьлла дIахьедар даржийра цо хаамийн гIирсашкахула. Цу юккъахь цо кхайкхам бо нахе, сих ца далар а, собаре хилар а.

Чумаков: «И санна цара итт эккхийтар дахь а, вай кхералур долуш а, юхадевр долуш а ма дац. Уггаре а халахетарг ду, и хIума динчу нахана гIалгIайн къам ца дезаш а, иза гора хIотто лууш хилар а. Ас дехар до, кегийчу нахе, цунна духьал цхьанна тайпа ойла ца еш хIума ца лелор».

Шен агIора ГIалгIайн Iедалша кестолгIа цхаьцца чIагIамаш юккъе баха мега кхерамазаллан тIегIанехь маьждигашкахь иза лакхаяьккхархьама. Цигахь видеокамераш хIоттаян а, хIора рузбан дийнахь гIароллехь полисхой а хIотто беза аьлла цу хьокъехь Евкуров Юнус-Бека.

Цул совнах, тIаьхьий-хьалхий махкахь хилла ши зулам цхьа уьйр йолуш ду аьлла а хета цхьаболчу лаккхарчу даржхошна. Дуьххьара цуьнах йолу шен ойла журналисташка йозвийтина ГIалгIайчоьнан парламентан куьйгалхочо Декажев Мухарбека.

Кхиболу тергамхойн шеко яц, и ши а зулам Нохчийчоьнан а, ГIалгIайн мехкан а шина куьйгалхочун уьйраш меттаян йолаеллачу хенахь леррина дина хиларна. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дIахьедар дина, Нохчийчуьра хьал дуьйцуш, «Къизаллина духьалояран комитето» шайн махкахь зорбан-конференци ян оьшуш дац аьлла.

Шен агIор оцу цхьанатохараллан коьртехь волчу Каляпин Игора жоп делла, шаьш дагахь а дацара иза дан аьлла. Цундела, Нохчийчохь долу хьал дийца, шаьш и конференци Москох йийр ю аьлла, хаам бина цо.

Нохчашний, гIалгIашний юккъахь цкъа а хилла бац цакхетам а, цабезам а.

Шина куьйгалхочуна юккъаметтигаш толучу хенахь иза дина хилар, ларамаза дац аьлла, шен ойла йовзийтира бакъоларъярхочо Акиев Тимура.

Акиев: «ХIинц-хIинц шина мехкан куьйгалхочун юккъаметтигаш тояла йолаеллера. Шина къоманна юккъахь цхьа а хилла бац цакхетамаш. Шина куьйгалхочунна юккъахь бара уьш. ХIинца цу шинна а позицеш а вовшашна герга яха йолаеллера. Цу шиннан цхьанакетарш а хуьлу. Iедалан цхьацца тIегIанехь уьйраш а йолаеллера.

Цундела Евкуровна лууш дац и дика агIор хийцамаш сацабан. Цунна ца лаьа Кадыров Рамзанна духьала бевллачу ницкъаша, оцу гIуллакхехь ГIалгIайчоь юьйцила. Цундела цунна ша а, ша векал волу ГIалгIайчоь а юьстах лаьттийла лаьа, и конфликт цара юьйцучу хенахь».

ГIалгIайн махкахь тIаьхьий-хьалхий хиллачу кIоршамечу зуламашна болийначу талламо цкъачуьнна олуш дац, и ларш мича йоьлхуш ю.

XS
SM
MD
LG