ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан регионаш цхьаьнатохар кхин а дIадахьа деза аьлла хета Федерацин Кхеташонан спикерна Матвиенко Валентинина. Цу кепара аьтто хира бу боху цо цу регионашкахь бехачу нехан дахар тодан. Хьакхалур дуй иза Нохчийчоьнах а, ГIалгIайчоьнах а?

Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан спикерна хетарехь, хан тIекхаьчна цхьамогIа федерацин субъекташ шоръян. Иза оьшуш ду аьлла хета цунна къелла хьоьгучу регионашкахь бехачу нехан дахар тодан. НТВ телеканалана интервью луш, Матвиенкос билгалдаьккхира ша регионийн карта хийцарехьа хилар.

Цхьаболу Оьрсийчоьнан Федерацин субъекташ шаьш яхалур йоцуш ю боху цо. Матвиенкона хетарехь, иштта хьал хIоттарна бехке бац цу регионийн куьйгалхой, уьш кхане йоцуш ю цхьацца кхеташ долчу бахьанашца аьлла хета Федерацин Кхеташонан спикерна.

Матвиенкос цаэлира муьлха регионаш ю ша юьйцурш. Амма 2007-чу шарахь Петарбухана губернатор ша йолчу хенахь дуьйна цу гIалаха дIатоха беза Ленинрадан мохк бохуш яра иза.

Дагадаийта деза. Кремлан лаамца Оьрсийчура регионаш шоръяр хилира 2003-чу а, 2009-чу а шерашкахь. Цу хенахь 89 регионах йира 83 регион. И процесс кхин а дIаяхьа еза бохуш цхьацца Iедалерчу наха дIахьедарш деш дира цул тIаьхьа а.

Оьрсийчура регионаш цхьаьнатохар хьахош хIоразза а гIоттуш ду Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а цхьаьнатохарх доьзна хаттар.

Кремло регионаш цхьаьтохар дIадоьдуш а долуш, 2008-чу шарахь ГIадужу-беттан 20 дийнахь ГIалгIайчоьнан хиллачу президенто Аушев Руслана дIахьедар дира «Газета.RU» сайтана, ГIалгIайчоь дIатоха мегаш ю Нохчийчоьнах аьлла. Амма оццу хенахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо волчу Зязиков Мурата элира иза хуьлийла дац аьлла. Цунна дуьхьал яра гIалгIайн парламент а. Амма цу хенахь цхьа а сацам а цахуьлуш дисира и гIуллакх.

Кхин а 4 шо даьлча Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а цхьаmнатоха еза аьлла меттахваьлларг вара Соьлж-ГIаларчу парламентан гIантда Абдурахманов Дукхваха. И ши республика цхьаьнатохахь ерриг а регионера хьал дIанислдлур ду бохуш дIахьедарш дора цо.

Цул сов, Нохч-ГIалгIайчоь екъар историн гIалат дара бохуш а вара Абдурахманов. Амма цуьнан лаам кхин цхьа а тIаьхьало йоцуш бисира.

Эххаре а кху шарахь Чиллан-беттан 5-чу дийнахь Магасехь цхьаьнакхийтира еххачу хенахь шийла юкъаметтигаш лелийна волу Кадыров Рамзан а, Евкуров Юнус-Бек а.

Цу цхьаьнакхетарехь ши республика цхьаьнатохарх лаьцна хаттар дийцаре дина боху эладитт юхатуьйхира Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу тайпа гIулч яккхарна уггаре а дуьхьал верг ша ву элира Кадыров Рамзана.

"Нохчийн Республика а, ГIалгIайн Республика а цхьаьнатоха лаам болун ву аьлла сох лаьцначу питане хабарех аьлча, со цунна цкъа а реза хира вац. Ас дуй а буур бу сол чIогIа цу цхьаьнатохарна дуьхьал стаг вац аьлла.

Нохчий а, гIалгIай а вежарийн ши къам ду. Амма хIора а республикан шен проблемаш а, шен Iалашонаш а ю. Уьш цхьаьнатоха оьшуш дац», - яздира Кадыровс Instagram-хь шен агIонехь.

ГIалгIайчоь дIакъастира Нохчийчоьнах 1991-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн республикехь сепаратистийн болам юкъабаьлча. Амма тахана а билгалдаккхаза ду шина республикан административан доза.

Юха а Нохч-ГIалгIайн республика кхолла цхьа а бахьана дац аьлла хета историн Iилманчана Вачагаев Майрбекана. Цунах цхьа пайда болуш хилча дан мегар дара иза, амма таханлерчу хьелашкахь цхьа а бух бац иза дан боху цо.

Гарехь, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а цхьаьтохарх лаьцна хаттар политикан фактор санна дюьсур долчух тера ду Оьрсийчоьно Къилбаседа Кавказехь дIахьочу политикехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG