ТIекхочийла долу линкаш

Юха а Оьрсийчоь емал йина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело


Франци -- Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан суьдхой, Страсбург, 2014

Франци -- Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан суьдхой, Страсбург, 2014

9 шо хьалха бехк-гуьнахь доцуш ГIалгIайн махкахь жима стаг вер цаталларна Оьрсийчоь бехке а йина рогIера гIуда тоьхна Европерачу кхело.

Къилбаседа Кавказерачу гIуллакхах рогIера сацам бина Европерачу адамийн бакъонашкахула кхело. ГIалгIайн махкара вахархо низамхоша бехк боцуш вийна а, и гIуллакх кхоччуш ца теллина аьлла, Оьрсийчоьнна доккха гIуда тоьхна.

2007 шарахь аьхка, Карабулак-ГIалахь муьлша бу ца хуучу зуламхоша герзаца тIелатар динера Драганчук фамили йолчу меттигерачу доьзална. Цу юккъера дай, ши кIантий вийнера цара. Масех де даьлча, оцу зуламан бехке ву аьлла кхо жима стаг дIалаьцнера. Амма уьш а дIахеца дезнера, церан бехк ца хилар къаьстича.

Амма кхиъ 2-3 де даьлча, дийна делкъа хенахь оццу Карабулак-ГIалахь юха а герз детта долийра. Къайлахь сервисо леррина операци дIаяхьара цигахь. Вийнера 21 шо долу Долаков Апти. Иза, официала хаамашкахь низамхойх водучу хенахь тIехь герз а тоьхна вийнера.

Оцу шерашкахь хийла стаг вийна ишттачу хьолехь. Бехк буй-баций башха къаста а ца деш. Амма и хилам бакъонашларъярхоша а, могIарерачу наха а тергоне лаьцна дела, ма хетта иза дижадар ца хилира. Къаьстинера, оцу кIантехь цхьанна а тайпа герз а, я цо дуьхьало а йина ца хиллийла.

Цундела теш хиллачу наха бохучуьнна а, бакъонашларъярхойн талламашна тIе а тевжина сацам бина Европерачу Адамийн Бакъонашкахула Кхело. И гIуллакх толлучу бакъонашларъряхошна юккъахь вара "Мемориалан" юрист Гандаров Iийса. Цо Маршо Радиога иштта элира оцу сацамех.

Гандаров: "2007 шарахь оцу Европерачу Кхеле и гIуллакх кховдора бахьан дара, Оьрсийчоьнан кхелашкахь бакъо тхуна ца карор. ХIинца бинчу сацамна тхо реза ду. "Дахаран бакъо" олуш йолу Конвенцин 2 артикал ю иза. Цуьнца догIуш 60 эзар евро гIуда тоьхна Оьрсийчоьнна".

Долаков Апти вийначулла тIаьхьа, цуьнгахь герз ца хилар къаьстича, шаьш вийнарг кхерам болуш стаг вара аьлла, цуьнан кара оьккхург йиллина хилла, бохуш дукха тоьшаллаш ду оцу гIуллакхана юккъахь. Иза гина герз детташ хезна арабевлачу а, корех арахьаьжначу нахана. Иза шаьш а къастийнера, и мел долу тоьшалш а кхеле хьажийнера бохуш кхин дIа а дуьйцу "Мемориалан" юриста Гандаров Iийсас.

Гандаров: "Оцу меттехь хилла тхо. Теш хиллачу нахаца а къамелаш дина. Аптигахь герз а дацара, цо юхадетташ а дацара бохура и хIума шайна гинчу дукхачу наха. Апти вийначулла тIаьхьа, цуьнан дакъана кIела граната йиллинера низамхоша. Иза гина дара нахана. Иза а аьллера оха оцу Европерачу кхеле и гIуллакх дIахьажош".

Карабулак-ГIалахь жима стаг Долаков Апти вийначулла тIаьхьа, куьйга бехке болчу низамхойн тоба схьалаьцнера гIалгIайн милцоша. Вовшех герз тохарна боккха кхерам а хилла цигахь. Маршо Радиога оцу хиламах хIета дийцира Карабулак-ГIалара чоьххьарчу гIуллакхийн декъан, шен цIе яьккха ца лиинчу белхахочо.

Милцо: "Тхан декъера кегий нах а тIекхаьчнера цига. Вийначу кIантана дакъана кIела цара тIера чIуг а яьккхина граната йиллинера.Иза схаькарчошшехь оьккхура яра иза. Цара дIалецца кегий нах а бара "Газель" машена чохь бахкош. ФСБ-н белхахоша цхьанге телефон еттара "ДIалачкъабе герз чохь долу тIоьрмиг.

Меттигера низамхой баьхкина. Царна иза гучубалахь бала хира бу", бохуш. Иза хезна а, гина а стаг Карабулакерачу декъехь болх беш ву. Оцу декъе уьш дIабигинчу хенахь, чухулла юхучу хIуманашца дара цаьргахь ФСБ-н белхахойн кехатан тоьшаллаш".

Бехк-гуьнахь доцуш стаг вийначарна бекхам бан дагахь меттигера дукха нах гулбелла хилла цигахь. ГIалгIайн милцойн дезнера царна юккъахь латта. Уьш церан карабахча, уьш билгала бойура бара цара, аьлла хетара милцочуьнна. И гIуллакх Москохарчу ФСБ-н куьйгалхошка а кхаьчна, оцу метте ницкъаллийн структурийн мел волу куьйгалхо а веана, цара омар а дина мокъа баьхнера жима стаг вийна болу низамхой, бохуш кхин дIа а дийцира гIалгIайн милцочо.

Милцо: "Ас тIехула царна масатоп йиттира. ВаллахIи тIе-м йохуьйтура яра. Меттигера нах гулбеллера цигахь. Тхоьга, дIадовла бохура цара, шайга схьало уьш. Цара бойура ма бара уьш. Хьайн вешийн кIант, кхиверг вийча ахь дуьтура дуй? Дера дац. ФСБ-н куьйгалхо а, тхан министр Медов а веънера цига. Цо дIабахийта элира уьш. Оха лерина операцин новкъарло йина бохуш дуьйцуш дара. Оха дина дац иза. Бехк боцуш кIант вийна цара. Оха вохуьйтара вацара царах цхьа а дIа".

Вийначу Долаков Аптин гергар нах комментари эца тIекхочучохь бацара. Цуьнан девашас Долаков Мохьмада аьлла аьлла дIахьедар даржийна хаамийн гIирсаша. Шена мехалла хета аьлла цо, Европерачу кхело сан вешийн кIант зуламхо вац, иза низамхойх зе хилларг ву аьлла сацам бар.

XS
SM
MD
LG