ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Забаре туьтеш. Декъаза Ловзаби


Оха тхайн программашкахь карладоху, хеназа кхелхинчу Маршо Радион Москох корреспондент хиллачу Яхиев Сайд-Iусмана вайн эфирехь хазийтина забаре дийцарш.

Iаьнан буса, машенахь шен доьзалца Москохара Нохчийчу воьдуш некъан бохам а хилла кхелхира иза ша, цуьнан хIусманана, кхоъ бер а. Диъ шо хилла цхьа йоI дийна йисира.

Яхиев Сайд-Iусман Москохара пачхьалкхан университет чекхяьккхина а, суфизм-Iилма девзаш а, яздархо а вара. Дахар дезаш а, цунах самукъдолуш а вара.

Яхиев Сайд-Iусманан турпалхой бара Болтакъин Берса а, Декъаза Ловзаби а. Царах лаьцна самукъане дийцарш яздина ца Iаш, уьш дийца а говза вара Сайд-Iусман.

Тахана цуьнан шолгIа дакъа ду. Корматалла йолчу, амма шен дакъазаллина гIара ца йолучу Ловзабех лаьцна ю иза




Бухахь ладогIа хьалхарчу декъе. Болтакъин Берсас радиога яздина кехат.


Линкана тIе
XS
SM
MD
LG