ТIекхочийла долу линкаш

Яда а йина, заьIап йина Заира...


ГIалгIайчоь – Бопхоева Заира, 3 шо кхоччуш лаьтта комехь йолу, Сипсо-ГIала

ГIалгIайчоь – Бопхоева Заира, 3 шо кхоччуш лаьтта комехь йолу, Сипсо-ГIала

Шен 19 шо кхаьчний-кхачазий шозза ядийна ГIалгIайчура Бопхоева Заира. Цуьнан 16 шо долуш нуьцкъала динчу хьалхара маренах йоьхнера, дукха хан ялале. ДогIуш ма-хиллара, сиха дина захало сиха чекх а долу. Заира шолгIа ядийра, иза марехь хиллий хуучу жимачу стага. Амма захало юхахьаделира, кIентан нанна жеро ца езар бахьанехь. Заира тахана комехь ю. Ткъа и цу хьоле ялийна нах, хIумма ца хилча санна Iаш бу.


2009-чу шеран ГIуран беттан цхьайтталгIачу дийнахь ядийнера, Несар гIалахь лоьрийн дешар доьшуш хилла ГIалгIайчура яхархо 19 шо долу Бопхоева Заира.
Оцу Iаьнан дийнахь дешна а яьлла, гуттар санна, шен доттагIчуьнца цIайогIуш яра иза.
Бопхоева Хьавас, Заирин нанас дуьйцу.

Бопхоева: - Аса деша дIахIоттийнера иза, цхьана шарахь эха шарахь дешна а яьллера иза. ХIинций-хIинций балха дIахIоттор ю-кх аса иза, бохуш яра со. КIант стага лачкъий иза, маре йига. Тхан эвлахь Iаш ву иза, Сайнароев. ЦIе Халид ю цуьнан. Ден цIе Бай-Iела ю. Наха дика а ма бийцара уьш, дика доьзал бу бохуш. Суна иза лачкъийний а хаале, оцу кIентан нанас телефон туьйхира соьга чIогIа ша реза йоций хаийта. Сан йоI деша яхана ма ярий.

"Аса хьан йоI кхузахь яха юьтур яц хьуна! Иза марехь хилла жеро ю! Сан кIант вехар вац хьан йоьIаца, аса иза яха юьтур яц", элира.
Аса боху тIаккха, "ахьа хIун дуьйцу со ца кхета, ахьа юьйцуш ерг сан йоI хир яц". Аса телефон охьайилли, юха гучуделира, ма-дарра аьлча, сан йоI цуьнан кIанта ядийна хилар.

Маршо радио: Амма Хьавана и кхаъ кхачале, жимма хан ер ю.

Бопхоева: Аса цуьнан доттагIчуьнга телефон туьйхира. ХIора дийнахь дешначура цхьана цIайогIура и шиъ. И йоI Троицкехь Iаш ю. Телефон а тоьхна, Заира стенгахь ю, аьлла, хаьттира аса. Тхо ГIалашкехь Iаш ду тхаьш. Сипсо-гIала иза схьакхачале, Iай Iаржлора. Цундела, тхайн эвлара цIа Iад а дитина, Сипсо-гIалахь петар лаьцнера аса. Шен цIера деша и дIаяхийта а, дешна яьлча, шен чу яийта а динера аса иза. Несар-гIалахь Iаш сан йижарий бара, Сипсо-гIалахь сан ваша а вара. ХIетте а, сайн бIаьрг-Iуналлехь езара суна иза.

Юха оцу йоIа эли соьга "Со Троицкехь "Газель" тIера охьайоьссина, Заира кхин дIа яхара". ТIаккха юхатуьйхи соьга оцу йоIа. "Деци, аса цуьнга телефон туьйхира. "Шена тIехьа йогIуш цхьа машен ю" элира цо (Заирас) соьга. Оха къамел деш лаьтташехь, цо мохь хьаькхна, телефон дIаяй".
Лачкъийна хилла-кх иза. И шиъ вовше девзаш хилла. Вайн Iедалехь яда ма йой йоI. Наха-м еха а йоьхий, йигара зуда. ТIаккха кхийтира со иза ядийна хиллийла.

Маршо радио: Кхузахь дагадаийта деза, Заира цул хьалха а, яда а йина, цкъа маре йигина хиллийла. Амма оцу марехь дукха ца Iаш, цIаеана яра.
И хIума дара Заира ядийначу Халидан нанна уггар чIогIа дагах кхеттарг. Цкъа а зуда ялоза волчу шен кIантехь марехь хилла жеро Заира яха юьтур яц, аьлла, ша цуьнан нене Хьавага делла дош кхочуш а дира цо.
ТIаьхьуо лоьраша Бопхоева Хьавага деллачу кехаташна тIехь цо дийшира:

Бопхоева: Вортан даьIахк чураяьлла... цигахь яздина ду-кх, 2 шо тIаьхьа оха бинчу лоьрийн талламашкахь "даьIахк дукха хенахь дуьйна чураяьлла ю". ГIобанера еанчу лоьро-невролого элира - аса ялийнера иза сайн чотах - йиъ даьIахк ю элира цо чуьраяьлла. Иза хилла дукха хан ю, элира цо. Цхьана шарахь а цхьана баттахь, а хIоз санна, кортий, коган кIажошший тIетта а дохуьйтий Iара иза. Шарахь сов бала хьийгира цо. "Реланиумо" я кхин цхьана молхано гIо ца дора.

Лоьраш цецбовлура, и "тонус" ю алара цара. Амма иштта "тонус" ца гина шайна элира, реанимацехь хиллачу лоьраша.
Хала са а доьIуш, хьацар дуьйлуш, ехха лаьттара иза хIоз санна, горглой. Шен лазаршна са ца тохалуш деш хилла-кх цо иза, аьлла хета суна.

Цара (марзхоша) ала ма ца элира шаьш цунна хIун дина. Цунна хIун хилла соьга аьллехь, ас цхьа гIо лехна хир ма дара цунна. "Ларамаза охьайоьжна, охьакхетта" цара соьга аьллехь, аса массо кепара талламаш бойтур ма бара лоьрашка. Цара соьга мелхуо а, "тхуна хIумма а ца хаьа, багара чопаш оьхуш, охьайоьжнера иза. Схьагарехь, эпилепси цамгар йолуш хилла хьан йоI"- и ду-кх цара соьга аьлларг.

Ткъа лоьраша корта бен ца теллинера куьзганна тIе а баьккхина. Тхан лоьраш кхин гена ма ца боьлхий.
Нагахь санна иза соьга араяккха еллехь... Цхьана меттехь лоьрашна хIун ду ца хиъча, кхечу меттехь массо агIора талла ма толлу. Ткъа кхузахь и цхьа сурт бен ца даьккхира. Цундела цунах хIун хилла ца хиира. Шо даьллачул тIаьхьа иза ша жимма паргIатъелира. Сан тидам хилира цуьнан ворта разъяьлла хиларна. Юха тхо хаьвсича иза гира тхуна, иза разъяьлла юйла.

Маршо радио: Марехь, аьлчи а, ша ядийначу нехан хIусамехь Заирас баьккхинчу цхьана баттахь эха баттахь могуш, жимачу зудчух заьIап адам хилла. Кхин дIа а дуьйцу Бопхоева Хьавас.

Бопхоева: Ду кехаташ цара иза цхьана баттахь эха баттахь дарбан хIусаме лелийна хилар тIечIагIдеш долу. Цара соьга хаа ма ца хаийтина, шаьш иза лоьрашна тIе лелош хиллий. Цара ала дезаш ма-хиллера: "Хьан йоI цомгуш ю хьуна, кхана Iуьйрре тхуна тIе бехкаш ца дахкийта олу хьуна" аьлла. Аса-м дийр дара ишта. Иза цу хьоле яккха лууш хилла царна, цундела лачкъийна сох. Кхузза дарбан цIийне йигна цара иза. И кехаташ соьгахь ду.

"Жаннаш лазадевлла", аьлла, диагноз хIоттийна цкъа. Меттигерчу лоьраша хIоттийна иза. Юха, дIовш даьлла аьлла, зорх цIанъяйта юьгу аьлла, лоьрашна тIейигина. Эпилепси хилла аьлла, хаттаран хьаьрк хIоттийна. КхоалгIа, бевзаш боцчу гIирсашца дIовш даьлла аьлла хIоттийна рогIера диагноз. Юха а зорх цIанъяйтина, юха а шайн цIайигина цара иза. ДиалгIа, кхетамчуьра яьлла а йолуш, ша Iуьллуш йолччехь, йитина цара иза.

Суна хетарехь, цунна жим-жима цхьаъ (юучу хIуманна чу) туьйсуш хилла. Я, ламешна тIера чутеттина хила а тарло. Церан цIахь ламеш ду шолгIачу гIат тIе воьдуш. Дуккха а хIума хила тарлорра. ЧIагIдеш, ала йиш яц сан хIара я важа хилла. Амма цхьаъ да-м дина, гуш ду, цхьаъ динийла...

Маршо радио: Хьаван цIийнда церан ши бер - йоI а, кIант а дукха жима долуш дIаваьллера. Цундела, йоI ядийна аьлча, берийн дехой арабевлира.

Бопхоева: Со и цхьа маьIиг йийца лууш яцара. Аса ма-аллара, сан марзхоша иза ядийначаьрга дIаеллера, эладиттанаш даьржина хилла хилар бахьанехь. ЧIогIа эладиттанаш даржийнера, царшинна юкъахь цхьаъ хиллера, бохуш. Тхан цIе бехъйинера цара, доцца дийцича. Бехъйинера. Амма хилла хIума дац иза. Тоьшалла а дац цунна цхьаннен а. Шайн къамелех жоп цара ца делла. ШарI девзачу нахаца гергарлонаш ду церан. КIелдIашхула до цара массо хIума.

Зударша дина и ша-дерриг. Церан божаршна шайн зударша лелийнарг ма-дарра хаьа моьттуш яц со. Нанас а, йоIа а дина иза. Нанас кIант ара а ваьккхина, дIавахийтиний, божаршна хаара. Амма, цуьнан яахIуманна чу цхьаъ тосуш хиллий, царна ца хиинчух тера ду.

Соьга сан йоIа хIумма а ца дийцара, наггахь телефон тохара цо. Цуьнан шен телефон цуьнгара дIаяьккхинера. Лечкъина, къайлаха маьрйишин телефон тIера тохара цо.
Оцу кIентан нанас цунна техкаш бохкуш хилла "аша сан кIантана цхьаъ лелийна. Аша цхьаъ лелийнехь ца хиллехь, сан кIанта жеро ялор яцара. Молханаш даийна аша цунна" бохуш.
Марханаш даьстинчул тIаьхьа ядийна ю иза. Марханаш достучу хенахь и кIант тхоьгахь хилла ву. Ах республика хилла тхан чохь мархнаш достуш. Дукха нах богIура - гергара а, ца гергара а. Марханаш достуш, чу ма вола муха эр ду? Шен доттагIчуьна тхан чу а веана, чай меллера цо.
Бопхоева Заира, маре яхале

Бопхоева Заира, маре яхале


Цуьнан нанас баьхна, марханаш даста чу веанчу хенахь, аша цхьаъ яийна цунна. Цундела ялийна цо хьо".
Сийсазъеш хилла цо иза, юьхь йохуш хилла. Сан йоIа соьга иза ца дийцина, суна хала ца хетийта.

Соьга цкъа телефон тоьхначу хенахь, тIеюха хIума яц шен, бедарш яийтахьара аьлла, дехнера цо. Сайн тайпана нах реза хир боцун дера, аса сайн доттагIа яхийтинер тIоьрмиг эцна. ТIехь ерг хийца а, ламаз деш тIеюха хIума яц шен бохуш яра иза. Ламаз деш яра сан йоI а, кIант а шайн 7 шо кхаьччхьана дуьйна. Яха иза цигахь юьтур йоций со кхеттера. Делахь а, цхьа йист яллалц, аса бедарш яхьийтира цунна.

"ЙоI хIун деш ю, иза муха ю, цуьнан хIун ойла? Массо хIума хьажалахь," аьлла яхийтинера аса иза.
Амма цара сан йоI ара ца ялийтина. Вайнаха цхьаъ тIаьхьа вахча зуда ара ма йолуьйту. Цуьнан маьрйишас ара а яьлла, "нана цIахь яц. Дега а хаьттина, цо магадахь, хьоьгара тIоьрмиг схьаоьцур бу ша" аьллера. Юха дас магийна аьлла, тIоьрмиг эцна иза чуяханера. Сан йоI ца гуш, сан доттагIа юхайирзира.

ШолгIачу дийнахь соьга телефон етташ ю цхьа зуда. Бетташ цIогIа бу, "ахьа ЦайнароевгIар болче телефон тохахь мегар дац хьуна! Ахьа кхуза кхин стаг ваийтахь мегар дац хьуна!" Со цец-акъ яьлла, йиснера. Цо соьга телефонехула дийцина хIума дийца а хIуттур яц со. ЧIогIа юьхь йоцуш хIума соьга сих-сиха схьа а аьлла, телефон дIаяйъира цо. Цул тIаьхьа сан доттагIчуьнга телефон а тоьхна, цуьнга а иштта юьхь йоцу къамел дина цо. Шайн неIарга ян гIуллакх дац, баьхна цо. Иштта, цунна а тIе мохь хьекхна, дош ца олуьйтуш, телефон охьатесна цо. Ишта стаг ю иза. ЧIогIа оьгIаза яхана яра иза. Цо хIуъа а дийр дара.

Маршо радио: Коьртачу декъана, цхьаннена а билгал хууш хIума доццушехь, эладитанаш даржар бахьанехь, гIорасиз йиснера Хьава а, цуьнан йоI а.
Уггар хьалха, шен цIе бехъярна, марера шолгIа а йоха ца лиънера цуьнан йоIана – 19 шо кхаьчни-кхачазий шозза жеро яла ца хIуттуш. ШолгIа, тIехIотта чохь да вацара, бера тIорза ваший бен.

Бопхоева: Сан марзхой каразах баьхна, цара юханехьа дIаелира иза, доцца дийцича. Сан йоI а яцара дуьхьал. Ша цкъа марера йоьхна йолун дера, цо соьга ша дерриг ца дийцара. Йоха ца лаара цунна.
Сан йоIана ца гойтуш, араваьккхина, цхьанхьа дIавахийтинера цара шайн кIант.
Оцу СайнароевгIаргахь марехь ю сан марзхойх йолу зуда. Сан ядийна хиллачу кIентан девешин кIантехь. ХIуьттаренна ца ма йохуьйтий зуда, цхьаъ юкъа ма иккхинехь. Шайниг цIа яийтарна кхоьруш, церан агIо лаьцнера сан марзхоша.

Сан йоI цхьа бутт ах бутт баьлча реанимаце охьайиллина цара. Цул тIаьхьа хаьалагIаьттина яц иза. Кхо шо кхоччуш лаьтта хIинца.
Нохчийчу йигира оха иза лоьрашка таллам байта.

Сан йоьIан мардас ахча деллера цигарчу коьрта лоьрана. Цо ша соьга хIумма а дуьйцур дац, зудчуьн мардегий бен. Аса со нана яра, дийцахьара, аьлла дехчи а, ца дийцира. Кхин цхьа жимастаг вара цигахь, лор. Аса цуьнга чIогIа дехар дира. Сан йоIана газаца делахь, я кхечу дIаьвшачу делахь, дIовш далийтина элира цо соьга. Оццул хан яьлчи а сан йоьIан дегIах диснера иза.
Соьга хьалххе хаийтинехь, я сан таро хиллехь, аса лоьрашна тIе лелор ма яра иза. Со гIорасиз ма яра. Сан йоI ядийначарна гуш ма дара, соьгах ахча доций а, суна тIехIотта стаг воций а. Иштта, Iад Iийр-кх уьш, аса хьоьгучу балане а хьуьйсуш.

Дарбан цIийнахь 3 бутт баьккхинчул тIаьхьа лоьраша тхо цIахьовсийра, шайн кхин дан хIума дац, аьлла. Хье хIаваъ доцуш Iийна еххачу хенахь, цунна иэшам хилла чIогIа, элира. Цунна гIо хир дац, бохура. Делахь а, уьш вайн лоьраш бу. Оха иза араяьккхинехьара кхузара, цхьаъ къастаделла хила там бара.

Маршо радио: Кхо шо кхоччуш лаьтта, нана хьажар бен, лоьрийн гIо а доцуш, Заира меттахь Iуьллу. Иза чIогIа хийцаелла. Хьаван болх дIатаса дийзира. Дог лозучу наха гIо деш дацахьара, таханлерчу дийне иза ялалур яцара.
Цуьнан йоI оцу хьоле яьккхина нах, хIумма ца хилча санна, шайн дахар дIакхоьхьуш бу. ЙоьIан дехой а бу, шаьш шайн декхар кхочушдина хеташ.
И сурт делан денна хIинца кхиина вогIучу Заирин вешин бIаьргашна хьалха ду.

Бопхоева:
Тхан хьал муха ду хьаий хьуна? Сан кIант вокка ма ву хIинца. ХIетахь 15 шо дара. Цара мел дийцина хIума... цара тхо бех ма дина. Сан йоIаца шаьш динчух ца Iебаш, цара тхо нахала ма даьхна.
Аса Iедалшка латкъам ма бинера царна а, сайн марзхошна а. 8 бутт баьллачул тIаьхьа дина аса иза. Оцу дуьйцучу эладиттанех а тешна, сан йоI кхерийнера цара. Со сайн заьIап йоIаца йисира, уьш массо а шайн-шайн чу бахара.

Цхьанне а бала бацара тхоьца. Цхьа да чу ца вогIура хьал-де хатта. ТIаккхий бен латкъам ца бира аса. Сан марзхой, царга хIума ца ала, шайн цIахь охьахевшира. Ткъа сан йоI ядийнарш, тхан вала да воций хууш, курабевлира. Ур-атталла, гIо дой хьуна аьлла, хатта а ца хаьттира.

ШарIан кхел ечу стагана тIе а яхана аса дийцира сайн гIуллакх. Со реза а йоццушехь, сан марзхоша йоI маре дIаелла. Схьаяьккхинера иза дуьххьара. Эладиттанаш дийца долийча дIаелира иза цара. Сан йоI елла а йоцуш, дийна а йоцуш, Iуьллуш ю, аьлла, ма-дарра, сайн хьал дIадийцира аса. ШарIехь тхайн гIуллакх къастон лаара суна. Сан кIант а ву нахана юкъахь ваха везаш. Тхо бехдина, нахала даьхна, къаста дахьара аша тхан гIуллакх, аьлла дийхира аса.

Эвлахь сох лаций хаттийша. Сайн майра веллачул тIаьхьа, тIеюхучунна ойла ца еш, лелара со. Лела езаш-м ца хиллера со. Сайна хIума аларна кхерара со. ТIаккха соьга оцу стага элира: "Хьан марзхоша хьуна гIортор ца йой, шарIо хьуна гIортор йийр яц".
Цул тIаьхьа со малъелира. ГIо хир дац-кх суна цхьанхьара а, аьлла хийтира суна. Сан марзхой нийса ца лелла, цундела цара хIинца суна гIортор йийр яц.

Маршо радио: Цхьа бала а халла ловш йолу Хьава, кхин цхьаъ шена тIебарна кхоьру Хьава.

Бопхоева: Уггар халаниг и эладиттанаш ду. Дерг-доцург дийцина... Сан кIант ву воккха хилла. Минотана а диц ца до иза. Иза кхин а воккха хир ву, суна гIортор хир ю цунах. Цхьа жимма а ша кога-ира хIоьттича, цо дуьтур ма дац иза царна. И йиший бен хIума а доцуш лелачу кIанта дуьтур ма дац царна. Цуьнан дог лозий хаьа суна. ХIора денна кхин а чIогIа сагаттадо цо. Дуьтур ма дац цо иза царна. ЧIогIа вуо дира иза цара. Тхуна а дира, шайна а дира.

Маршо радио: Ткъа ша Заира ядийна хилла жимастаг стенгахь вара и массо хIума хуьлчу хенахь? Шена еза а езаш зуда ядийна хилча, цхьа йист хIунда ца яьккхина, оцу хьолана тIе а ца ялош? Я, хьалххе дуьйна хаара цунна шен жоьпалла кIезиг я хиллане хир а доцийла? – боху хаттар кхоллало.

Бопхоева: Цунна иза бIаьрга а ца гина. Цуьнан нана мел ницкъ болуш ю аьлчи, цуьнан доттагIашна а, девешин кIантана а, цхьаннена а хууш ца хилла иза волу меттиг. Цуьнан телефонан номер а ца хаара цхьаннена а. Цуьнан нанас иза стенгахь латтийна а, цо цунна хIун лелийна а, хаац суна. Цара иза тIаьххьара дарбан цIийне ма-яллийна, шайн кIант цIавалийна цара. Нахана гина иза арахь лаьтташ.
Маршо радио: Заирина ца Iаьткъийла дацара Халид гучу ца валар. Шен лекцеш тIехь йолчу тетрадь тIехь йозанаш дитина цо. Марзхошна дага ца деана царга хьовса, цундела кхаьчна уьш Хьаван кара.

Бопхоева:
Оцу кIанта а гIо ца дина цунна. Оцу тетрадь тIехь яздина цо цунах лаьцна. Цунна гайтина а вац иза. Чуьра дIавигнера. Шен шиче, сан йишин йоIе аьлла цо шена иза бIаьрга гина а вац.
Иза реанимацехь йолуш, дарбан цIийне веанера иза. Лоьрашна иза воьлхуш гина. Делахь а, хила ма хуьлий, де доцуш кIентий. Нанас чIоIга тIеIаткъам бина цунна. Иштта тайпа волчух тера ду иза. Сан йоI хIаллак йина ма елира цо.

ХIинца-м ша бехке ца хета цунна. Нанас дикка болх бина цуьнца. Сакъоьруш а, сакъералуш а ву иза. Цунна зуда яло гIерташ бу бохуш а хезна суна. Иттазза дийнахь тхан кетIахула дIаса а воьду иза. Доцца аьлча, тхоьца бала бац-кх церан.

Маршо радио: Оццул хьан йоI оцу нахана езаш ца хилча, цIа хIунда ца ялайора ахьа иза? - аьлла деллачу хаттарна жоп луш, «ала атта ду, амма дан хала дара иза» элира Хьавас.

Бопхоева: Сан йоI дIайигина нах буй, церан воккхах волчу кIантехь ю имаман йоI. Оцу имамо массанхьа а гIортор йо царна. Республикехь и имам массарна а вевзаш ву. И имам юкъа а веана йигна а ю сан йоI. Цуьнан йоI ма ю цу хIусамехь ехаш, цунна билггал хууш ма хилла, цара сан йоIаца лелош дерг. Меттах а ца хаьйна иза.

Несар-гIалара цхьана стагана тIеяханера со. Торшхоев ХIарон ю цуьнан цIе. Дешна стаг ву иза, телевизионехь къамелаш до цо. Цуьнга а дийцира аса сайн хьал.
Цо соьга элира - схьагарехь, цуьнга хьалххе сан гIуллакх дийцинера - "марзхоша гIортор ца яхь, шарIо гIортор хьуна йийр яц".

Аса элира, "хьажахь, ХIарон, марзхой а, кхин берш а дуьхьал бевлла, кхин дан хIума доцуш висчий бен ца боьлху нах шарIан суьде." Кхийтира со, цунах пайда хир боций.

Маршо радио: Цхьана агIора нийсо каро аьтто ца баьлча, Хьавана цхьа некъ бисира.

Бопхоева: Бакъонашларъяран организаце яхара со. Цара суна адвокат елира Абубакарова Малика. ХIинца беш таллам бу. Уьш-м, шайн ма-уьллу, дуьхьало еш бу.
Сан тешаш бац боху цара. Нагахь санна сан "йоIа тоьшалла ца дахь, хьан теш вац. Хьоьга хIумма далур дац" боху цара. Тхан (гIалгIайн) талламхошна и гIуллакх талла ца лаьа. Я уьш эцна а, я царна хIун дина а ца хаьа суна.

ГIалгIайн Талламан Комитетехь Малика хилира соьца. И хьал шена гинчул тIаьхьа, цец-акъ яьллера иза. Оцу гIалгIайн талламхочо боху тхоьга "сан деда итт шарахь меттахь ву, аса ма ца боху цунна цхьаммо дIовш даийна". 19 шо долу зудаберий, шен дендай ву цо вустуш.
ХIетте а деган йовхо ю-кх сан иза цхьанхьа йига. Цхьа хийцамаш хир бац те? Оьрсийчура араяьккхича, чIогIа сатесна ю-кх со, цунна гIо хиларна. ХIинцале корта а меттахбоккху цо. Елаяла лууш санна, елар а эккха цуьнан. Хийцамаш бу...

Маршо радио: Бакъонашларъяран организацино Нохчийчохь лаьцна адвокат карарчу хенахь каралабаккхийта гIерташ ю, гIалгIайн талламхоша тесна битина таллам. Дуьхьалонаш еш хиларан шеко яц бохуш, дийцира цо.

Абубакарова Малика: Цхьана агIора оцу гIуллакхана юкъавала ваьхьаш я адвокат вац. Дукха хан йоццуш (талламхошна) тIе а яхана, бехк-такхаман гIуллакх долор юахтухуш бина сацам керстабина аса. Со Европе яхана йолуш а, и гIуллакх дийцина дара аса. ХIинца таллам юхаболийна...

Маршо радио: Ахьа и гIуллакх караэцчхьана дуьйна хIун къастаделла хьоьга?

Абубакарова Малика: Марехь хилла ю и йоI. 16 шо долуш ядийна ю иза. Цигара цIаялийна дукха ца Iаш. Цул тIаьхьа, зуда ялонза волчу кIанта юха а ядийна-кх иза 19 шо долуш. Марнанас "зуда а ялоза волчу сан кIанта ялор яра марехь хилла йолу зуда? Коча еана ю" олий хабар тосу. ТIаккха дехоша, коча еана ца хилча хабарш долор дацара олий, дIало. Иза бераха йолуш еана хилчуха къамелаш дара деш. Массо лоьрехула чекхяьккхича, шайн шеконаш тIе ца чIагIъелча, кхаба езара ю шун хIара аьлла, дIаелла иза дехоша (ядийначарга). Эвхьаза даьккхина гIуллакх цхьаннена деза ма ца дезий шен чохь. Доцца дийцича, шина баттахь Iийна иза цу (ядийначу кIентан) кертахь. Оцу шина баттахь кIез-кIезиг даош дIовш даийна (могуш йоцуш йина). 21 шо ду цуьнан хIинца. Комехь ю иза, шен нанас кхобуш ю шайн цIахь.

Маршо радио: Тахана тхайн программехь оха йовзийтинарг хIокху гIуллакхан цхьа агIо ю – эшам хилла йолу Бопхоева Заира, церан адвокат а.
Важа агIо а ю маьрша шайн ойла а, хетарг а довзийта.
Тхан ладогIархой, аша а йовзийта шайн ойла. Ишттачу хьолехь аша хIун дийр дара?

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG