ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев: TIемалошна оьшуш дацара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вер


Нохчийчоь -- Нохчийн Республикан куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вийра 2004-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь. Соьлж-ГIала,10Стиг2013.
Нохчийчоь -- Нохчийн Республикан куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вийра 2004-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь. Соьлж-ГIала,10Стиг2013.

Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Толаман де даздеш тIеман парад хилла Соьлж-ГIалахь. Оццу дийнахь 12 шо хьалха оццу гIалахь «Динамо» стадионехь, бомба а эккхийтина, вийра изза хилам базбеш волу Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Муха стаг вара Кадыров Ахьмад-Хьажа, хьанна оьшуш дара иза вер бохучух лаьцна дуьйцу иза Нохчийчоьнан муфтий волуш дуьйна вевзаш хиллачу наха.

2004-чу дийнахь Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь, шайн коьртехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а волуш, Кремло билгалбаьхна Нохчийн Республикан куьйгалхой трибуне охьахевшинера «Динамо» стадионехь Толаман денна хьажийна даздаршка хьажа.

ЦIеххьана хилира эккхар. И бахьана долуш 7 стаг вийра, 50 гергга стаг чевнаш йина вара. Лазийначарна юкъахь вара вуно еза чевнаш хилла Кадыров а. Амма дарбанан хIусаме дIавуьгуш кхин кхетамча цавогIуш велира иза.

Тахана, иза хилла 12 шо даьлча а, билггала дала жоп дац хьа а, хIун Iалашо йолуш а дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжина дина тIелатар бохучунна.

Кадыров нохчийн тIемалошна тIехIоьттина, церан дог ойъуш лелачу хенахь дуьйна вевзаш хилла ву иза Масхадов Асланан адъютант, а цул тIаьхьа Ичкерин парламентан депутат а хилла Исханов Хьусайн. Цо дагалоьцу.

Линкана тIе

Исханов: "Суна иза вевзаш вара. Хьалхара тIом балале а, цул тIаьхьа а штабе вогIуш хуьлуш вара иза. Оцу хенахь (тхуна) бакъахьа хеташ а бусулба стаг хеташ а вара иза. Оцу заманчохь бусулба Iилма хууш волу стаг оьшуш вара. Вайн къам хIинца Советан Iедална къеллара даьлла дин баш девзаш дацара. Цундела цхьацца хIуманаш кхето вайнахана оьшуш вара иза".

Дуьненаy дахарх тасавелла а, и дош хеташ а стаг вацара оцу хенахь я Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, я нохчийн маьршонехьа къуьйсучу нахана юкъахь болу нах а бохуш кхин дIа а дуьйцу Исханов Хьусайна.

Линкана тIе

Исханов: "Оцу хенахь цхьа а вацара бахамна а, даьхнина а тIаьхьаваьлла лелаш. Кхи хьал а дара, кхин зама а яра. ХIинца вайн цIахь дерг аьттехьа а дацара. ШолагIа тIом балабалале вайн къам декънера. Ша-шех кхун дуьнентIехь хуьлуш хIумма а дац. ФСБ-но вуно боккха болх бинера вайна юкъахь. Цара динан тIехь декъна вай. Дойуш адамаш а, тIейетташ бомбанаш а йолуш Кадыровна дагадеана хир ду шега хьал толур ду аьлла".

Исханов Хьусайнна хетарехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна хиллачух тера ду шега тIом сацалур бу бохучух.

Линкана тIе

Исханов: " ТIом сацо гIоьртира иза. Амма гIазакхашна тIом сацон агIо яцара. Царна оьшург вайн республикера рицкъ а дара, имидж а яра, рейтингаш а яра, харжамаш а бара оьшуш. Иза гIазакхаша вийна бохучух шеко яц сан.

Цуьнан метта Рамзан хIоттийра. Тахана толам бу ала а хIуттур вац со. Тахана Кадыров Рамзан ву, кхана иза шен цIагIур ву шен метта цхьа Сидоров хIоттийча. Вайн нохчийн къам оцу Оьрсийчоьнна къеллахь дуьсуш ду. Вайн къоманна оьшург паргIато ю, маршо ю".

Аюбов Ясраил-хьаьжас дуьйцу ша бусулба дешар доьшуш волуш дуьйна вевзаш вара шена Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бохуш.

Аюбов: "Со доьшуш вара, ткъа Ахьмад-Хьаьжа Куршлойн эвлахь Исламан институтехь ректор вара. Со цига вахча дика тIеийцира цо со. Суна цамоьттучу агIор хилира иза. Iилма а доьшуш Iийр ду вай аьлла шен институте кхайкхира цо со.

Цо даиман а айинарг дара "Делан чуханах тасалойла шу, декъа малойла шу бохург. Иштта и Iалашо йолуш вара иза. ХIара хийцамаш буьйлабелча а Ахьмад-Хьаьжина тIекхочуш вара со. Дан кхемал а долуш, кхетам а, Iилма а долуш вара иза. Дела кхел вайн карахь яц..."

Ичкерин махках даьллачу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад тешна ву Кадыров Оьрсийчурча куьйгалхойн омрица вийна бохучух.

Линкана тIе

Закаев: " Иза тIемалоша вийна цахилар цхьа а шеко а йоцуш суна хууш ду. Шемила шена тIелаьцнехь а, цхьана а кепара тIемалошкахула хилла дацара цунна дина тIелатар а, иза вер а. Иза оьрсийн леррина структуро дина дара. Ша цаьрца бинчу бертах гIазакхий боьхна хиларх кхийтира иза".

ТIемалошна данне а оьшуш дацара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вер боху Закаевс.

Линкана тIе

Закаев: "ТIом бечу Масхадов Асланна а, цунна гонаха болчу тIемалошна а оьшуш дацара иза вер. ХIун толам бохьур бара иза вийча? Толам цо бохьур бацара, къийса а луш цуьнан метта дIахIитта лууш болу нах Оьрсийчоьнан болун дела".

Закаев дийцарехь, Оьрсийчоьнан куьйгалхоша леррина политика лелайо нохчий Оьрсийчоьнна дуьхьал латтар цхьана стеган цIарца дуза гIерташ.

Линкана тIе

Закаев: "Оьрсийчоьнна а, нохчашна а юкъахь йолу проблема гIазакхаша ма-аллара "персонефицировать" йо оьрсаша. Я Дудаев олий, я Масхадов олий, я Яндарбиев олий...Тахана цара лелориг а дика гуш ду вайна. ГIазакхашна цатовш дерг, цара цаловш дерг нохчайн къам ду, нохчийн амалш ю".

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вийна де дагалацар дIатеттина ду тахана долчу Нохчийчоьнан Iедалша Стигалкъекъа-беттан 10-чу дене.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG