ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонехь даккха 19 шо тоьхна Закаевна Москох тIеман суьдо


Москох тIеман гонан суьдо 19 шо хан тоьхна Закаев Хьасанна луьрча рожехь колонехь даккха, Дубровкехь йолчу театран центрна тIелатар деш дакъалацарна.Цул сов суьдо тIедожийна Закаевна иттаннаш миллионашкахь сом гIуда такхар.

Цунах лаьцна хаам бина Маршо Радион оьрсийн сервисан корреспонденто.

Закаев дIалецира 2014-чу шарахь ГIура-баттахь, 12 шарахь лехначул тIаьхьа. Зорабанан гIирсаша дийцарехь, иза жоп луш хилла Москох герз а, оьккхуьйту молха а дIакхачорах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG