ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаевс а, Березовскийс а Ейтина Политковская, Аьлла, ДIахьедар Дина Талламна КIел Волчу Коьрта Тешо


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллехь подполковник хилла волу Павлюченков Дмитрий Москохарчу кхелехь, 25Ман2011
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллехь подполковник хилла волу Павлюченков Дмитрий Москохарчу кхелехь, 25Ман2011

«Новая газетин» журналист Политковская Анна ерна бехке вечу подполковника Павлюченков Дмитрийс дIахьедар дина, журналист ен аьлла омар динарш Лондонехь вехаш волу Закаев Ахьмад а, хьолада Березовский Борис а ву, аьлла. Цо чIагIдарехь, цершинна дов дара Политковскаяца И гIуллакх бух боцуш ду аьлла Закаевс а, журналистан кIанта Политковский Ильяс а. ХIун бахьана ду талламана юкъа Закаев а, Березовский а ийзоран?

Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллехь подполковникан тIегIанехь хиллачу Павлюченков Дмитрийс керла тоьшаллаш далийна Политковская Анна ерца доьзначу гIуллакхехь. Цуьнан адвоката Нерсисян Карена бахарехь, Павлюченковс ца аьлла шена Политковская ейтинчеран цIераш билггал хаьа, «уьш шена кхечу нахера евзина», Гайтукаев Лом-Iелегара. Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан хьесапехь, Гайтукаев ву журналист ерна урхалла динарг.

Цул сов, Павлюченковс дийцина боху, Политковскаян а, Закаев Ахьмадан а, Березовский Борисан а дов даьлла хилла, бохуш. Амма оцу девнан бахьанаш шена хууш дац аьлла цо. Талламца бинчу бартаца а догIуш, Павлюченковс ша тоьшаллаш дийр ду аьлла 2004-чу шеран Товбецан баттахь Оьрсийчохь арадолучу Forbes журналан редактор Хлебников Пол верца доьзначу гIуллакхехь а.
ГIуллакх оцу хорша додахь, цунна башха йоккха хан тухур яц бохуш яздо «Коммерсант» газето.

Павлюченков Дмитрийс дийцинчуьн мах хадабар дийхира Маршо радионо "Новая газетин" шеф редакторе Соколов Сергейга.

Соколов Сергей: ХIун ду-мила ду бохуш, ойланаш ян а ца лаьа суна цунна тIехь. ХIунда аьлча кхел йолаялале, Павлюченковс дийцинарг зе хиллачу агIонна, Политковская Аннин доьзална довзуьйтур ду. ТIаккха алалур ду иза бакъду я, харжамаш тIекхачале цхьаммо юкъакхоьссина хIума ду.

Иза «ен аьллера оцу наха» ала атта ду, амма цунна тоьшаллийн бух хила беза.
Сан бала кхочург Павлюченковс дина къамел а дац. Суна хаа луург, хаамийн гIирсашкахь и хIума даржа а дина, гIуллакх юха а дохош верг мила ву, хIунда ву бохург ду. Схьагарехь, цхьанненна боккъалла а ца луучух тера ду и процесс цкъа а хуьлийла а, чекхъйолийла а. Политковская Анна ен омар деллачарх а, йийначарх а лаьцна, массо хаттаршна ца лахь а, дукхах долчарна мукъа а жоп лойла ца лаьа.

Маршо радио: Цул сов Павлюченковн хьалха аьтто хилла и информаци йийца. Цунна новкъарло хьан йора, бохуш хеттара Соколовс. ХIинца иза талламца цхьанаболх бан волавелча, цуьнан кхин Iалашонаш йолчух тера ду – велла дIаваллалц набахтехь хан такха ца лаар хир ду, элира "Новая газетин" шеф редакторо.

Политковскаян доьзалан адвокато Ставицкая Аннас шена гина дац элира, Павлюченковс хьехош волчу Закаев Ахьмада а, Березовский Бориса а Политковская еран тоьшаллаш.

Ставицкая Анна: Бех-такхаман гIуллакхан материалаш йовзар хан хIинца а тIекхачаза ю, цундела суна хаац Павлюченковс билггал бохург хIун ду. Хаамийн гIирсашкара иза цхьаъ дуьйцуш вуй хаьа, амма билггал хIун ду ца хаьа суна а, зе хиллачу агIонна а. Со юрист ю, цундела сайгахь тоьшаллийн бух хилчий бен цу хIуманна мах хадалур бац соьга. Цкъачунна, я Березовский, я Закаев а Политковская Анна ерна бехке хилар тIечIагIдеш долу тоьшаллаш суна ца гина.

Маршо радио: Коммерсант газето бахарехь, Лондонера жоп даларе хьоьжуш бу талламхой – цара Британе дехар дина, Закаев Ахьмаде а, Березовский Борисе Политковская Анна ерца доьзначу гIуллакхехула барт хаттарца доьзна.

Полша -- Нохчийн сепаратистийн лидер Закаев Ахьмад, Пултускехь хиллачу Нохчийн Дуьненан Конгрессехь къамел деш, 18Гез2010
Полша -- Нохчийн сепаратистийн лидер Закаев Ахьмад, Пултускехь хиллачу Нохчийн Дуьненан Конгрессехь къамел деш, 18Гез2010
Маршо радиоца телефонехула къамел динчу Закаев Ахьмада бахарехь, малхбузерчу мостагIашца къуьйсуш ву ша бохучу Путин Владимиран харжаман кампанин дакъа ду иза а, Березовский а оцу гIуллакхана тIеийзор:

Закаев Ахьмад: Березовскийца, соьца а и гIуллакх доза гIертар, тахана Путинас дIахьуш йолчу харжамийн кампанин дакъа ду. Цо Малхбузе Оьрсийчоьнан мостагIа ю аьлла дIакхайкхийна ю. Тхо кхузахь Iаш хилча и дерриг а вуон хIума кхузара чудогIуш хила дезаш ду.
Гайтукаевх лаьцна аьлча, сайн дахарехь цкъа а гина стаг вац суна иза. Амма вай цецдийла ца оьшу оьрсийн набахтин чохь воллуш волчу стага хIуъа а аларх. ХIунда аьлча цуьнга хIуъа а олуьйтур ду, дойтур ду. Цхьа а бух болуш хIума дац иза. Шаьш Англе хаийтина боху цара (оьрсийн агIоно).
ХIокху тIаьхьарчу масех шарахь со кхузарчу полицино дола деш ву. Соьга вист мел хилларг, сох кхеттарг, суна тIе гIуллакх деана волу стаг хIокхеран тидамехь ву. Цундела хIокхара цхьана агIора тидаме лоцур долуш хIума дац иза. Иза царна (оьрсийн агIонна) шайна а хаьа.

Маршо радио: Арахьарчу цхьаммо а дош хетта тIеоьцур доций хууш ду Оьрсийчоьно тахана лелорг. Харжамийн денна гергахь, шайн чоьхьара могIарера нах лебан Iалашо ю цу къамелийн, аьлла тIетуьйхира Закаевс.

Закаев Ахьмад: ХIокху аренна лерина дина дац, шайн чохь болчу, харжамашкахь дакъа лаца дезачу нахана, оцу телевизон чухула мел дуьйцург бакъ хетачу, могIарерчу нахана лерина хIума ду иза.

Маршо радио: Шеца уллера гергарло лелийна Политковская Анна ен Закаевс омар делла хир ду бохучух ца теша журналистан кIант Илья. И аьлла дийцина цо оьрсийн хаамийн гIирсашка. Ткъа ша Березовский реза ца хилира хIумма а ала, тоьшаллаш гайтталц, хьалхе ду аьлла.
XS
SM
MD
LG