ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Замане терра хийцало гIиллакхаш а


Кхиаме а, токхо а долу таханлера дахар эшаме доьрзу нохчаша лардинчу ширачу гIиллакхашна. Царах цхьадерш дIадевла, уьш цкъа а хилла доцуш санна, кхидерш гIеллуш керлачу замане доьрзуш ду. Къаьсттина гIелйелла нехан вовшашца хилла уьйраш.

Чай малий вай! Хьо чу ца вогIу? Иштта кхин дIа а, гIиллакхе дешнаш дисина тахана дукха а нохашкахь, хьалха дайша лелийначу а, деза хеттачу а хьаша-да тIеэцарх. Дика ду уьш массаьргара дIадаьлла доцуш. Цундела къаьсттина дика го адамо шалхонца шега чукхойкхуш хилар а, даггара шен тховкIелла стаг ван лаар а.

Цхьаболчара ала тарло, тахана сиха зама ю, цуьнца йоьзна халонаш ю. Дукха а доьзалш бу чохь кхачам боллуш даа пхьор доцуш аьлла. Амма вайн нахехь хьаша-да тIеэцар гIелдалар сов, гергарчу нахаца уьйраш латтор дIадолуш ду.

Хийла доьзалш бу ваша вешина, йиша-йишина тIе а ца йоьдуш шерашка буьйлуш. Вовшашна тIе ца кхачалуш а бац, я дов даьлла а бац. Херо ю-кх адамашна юкъайоьлла.

Заманан бехк буй теша иза? Кхетадой теша нохчаша цара шайн тIаьхьенашна дуьтург хIун ду бохург? Дуьсур дуй теша царна а, церан берийн берашна а, ма хаза гIиллакхаш хилла-кх тхан дайн, ала дош? Халахеташ далахь а, хьадда йоьдучу заманна тIаьхьакхиа гIертачу нахана йицло шайх адам а, нохчо а веш йолу мехаллаш.

Наха шаьш терго йо оцу хйицамашна. Мелла а ханна баккхий болчара деган Iийжамца тIеоьцу уьш. Хьешашна муха къовлур бу гIуй бохуш. Дуьйцу Гуьмсан кIоштарчу къаночо Ибрагимов Султана.

Ибрагимов: «Дуккха а башхалла хета суна хьалхалерачунна а, хIинца долчунна. ХIусамнанас кхача кечбеш, хьешан олий а кечъеш хилла кхалла хIума, иза вагIахь а олий. Хьаша ма вагIахьара олий зама а яра вайн дукха хан йоцуш. Некъал дехьа вехаш ву со аьлча а, «зачисткаш» ечу хенахь байна нах а бу. Хьаша иман-беркат а дахьуш вогIуш ма ву».

Хьалха, шаьш кегий долчу хенахь, зама беркате а, эсала а яра олу хIинца, берийн бераш долчара. Шуьйта кIоштара яхархочун Вагапова Тамарин дагалецамашкахь ю хьалха наха вовшашца латтийна уьйраш. ХIинца уьш ца го цунна.

Вагапова: «Сан марден 5 йиша яра. И пхиа хIора еарийн дийнахь йогIура тхоьга. Тхо, несарий, царна яъа хIума кечъеш хуьлура. ХIинца иза дан а дац. Къамел дан а карах ца долу нехан. ХIинца-м чувоьгIуш волу стаг нахана башха веза а ца веза. ДIадаьлла уьш».

Шена везачу стагаца, ца везачунца-м муххале а гергарло лело атта дац. Йоцу хан а дIайоьду, дог а ца догIу, собар а ца тоьу. Къаьсттина собар нахехь ца хилар гуш ду шена боху къаночо Ибрагимов Султана.

Хьалхалерачу заманахь, собаре хилар бералехь дуьйна Iамош хилла нохчаша. Беккъа хьехамашца хилла а ца Iара иза, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Ибрагимов: «Вайнаха кегий долуш дуьйна кхиош хилла берашкахь собар. Хьалха вета болу кучамаш хилла берашна тIехь а. Цхьана пхьушан тIехь 33 вета хилла. Охьайоккхуш а, тIеюхуш а 33 вета схьабаста а дIатаса а безаш хилла. Иза собаре хилийтархьамма лелош хилла».

Дахар атта а ду, кхачам болуш а ду нехан, амма берашна шайна уллера гергара нах бийцарх бен бевзаш ца хиларо Iаткъам бо Соьлж-ГIаларчу вахархочун Окуев Майрбекан.

Окуев: «Со жима волчу хенахь суна дагадогIу, хьаша вагIахьара тхоьга бохуш, сатуьйсуш хьулура тхо. ХIинца берашна шайн гергара нах буьйцуш хезна а бен бац. Наха цхьана даздаршкахь, масала, марха достуш эцца смс-кост а дохуьйтий дIадерзадо юкъаметтиг лелор».

Адамашна юкъахь, ур-аттала гергарчарна а юкъа херо йоьлча кхане шеконе хIутту нохчийн къоман. Адамаш хир ду, амма хьаша Делера ву боху хьалха хилла нохчий хилахь тамаш бу.

XS
SM
MD
LG