ТIекхочийла долу линкаш

Захало дуьйцур ду Mydiaspora.mobi-но


Mydiaspora.mobi-н хьалхара агIо.

Mydiaspora.mobi-н хьалхара агIо.

Бусулба нахана хьажийна интернетехула гергарло тосу керла хьалалан мобилан сервис болх бан йолаелла Оьрсийчохь. Лерринчу аппликацех пайда а эцна, хIусаманана лаха аьтто хир бу доьзал кхолла луучуьнан.

ХIусамнана, я хIусамда лохуш пайда оьцучу аппликацин башхалла ю цу чохь доьзал кхолла луучу нехан дин а, къам тидаме оьцуш хилар. Цу проектан цIе ю Mydiaspora.mobi. Иза кхоьллинарг ву Казибеков Арсен.

Оьрсийчура «Известия» газетана ша еллачу интервьюхь Казибековс дийцира шен проектах лаьцна. Цу сервисехь хьалхарчу мурехь цуьнах пайда оьцучу нехан сурташ гойтуш дац. Доьзал кхуллуш болу нах харжар хуьлу анкеташца.

Казибековс дийцарехь, и сервис коьртачу декъана хьажийна ю махкал арахьа бехачу Оьрсийчура бусулба нахана. Шен проект «бусулба низамашца йогIуш йоцучу сайтийн метта хир ю» боху цо.

Зуда яло луучу стага, я маре яха луучу зудчо регистраци еш жоьпаш ло хаттаршна. Цу юкъахь ду финансашца а, молуш хиларх а, тонка узуш хиларх а лаьцна а хаттарш. Хир волчу хIусамден дине яла реза ю-яц аьлла хаттар а, маса ваша ву аьлла хаттар а ду зударшка деллачарна юкъахь.

Вовше дистхиларна тIедалахь гIуллакх стеган а, зудчуьнан а аьтто бу шайн къамелана юкъаозо воккхах волу ваша, я да.

Гергарло тосучу сайтан долахоша таллам бина хилла иза болх бан йолаялийтале. Цул тIаьхьа шолгIа зуда лахар аьлла функци тIетуьйхира шаьш бохуш дуьйцу цуьнан долахочо Казибековс. Цо чIагIдарехь, керстан динехь болчу, бераш а кхобуш, шаьш бехачу зударша, яздо цу сайт тIехь шолагIа зуда хилла а маре даха шаьш лууш хиларх лаьцна.

Цу проектан мах бу 150 эзар доллар. Хьалхара дакъа дайина проектан авторо. Цул тIаьхьа ГIезалойчура ши инвестор ваьлла цу юкъа ахча дилла лууш волу. Церан цIераш юьйцуш яц Казибековс, амма 5 бутт баьлча шен проект пайда бан йолалур ю бохуш чIагIдо цо.

Хьалалан социалан машано ахча доккхур ду ахча, дIасадохьуйтуш мах а оьцуш. Цу сайтах пайда оьцучу нехан аьтто хир бу вовшен мехах виртуалан совгIаташ дахьийта. Хьалалан гергарло таса луучу нехан аппликаци юза аьтто бу iOS, Android а системашкахь.

Карарчу хенахь цу сайт тIехь регистраци йина ву 10 эзар стаг. Царах 1 эзар 500 стага пайда эцна захалон сервисах. Казибековс дийцарехь, доьзал кхолла аьтто лоьхуш берш бу коьртачу декъана суьйлий а, нохчий а, гIезалой а. Царах ах зударий бу.

ХIара материал кечъеш боццу таллам бира оха нохчашна юкъахь. Мел оьшуш ю аьлла хета шуна захало хьахон сайташ аьлла дара оха делла хаттар. Иза чIогIа дика гIуллакх ду, кхиаме хир ю цу тайпа сайт аьлла жоп луш цхьа а стаг цавелира. Цу тайпа сайташ дуккха а ю, ткъа, "хьалал" дош тIе а тоьхна, регистраци еш луш долу хаттарш алсамдахарх нах Iехалур бу аьлла ца хетара царах дукхах болчарна.

Доьзал кхоллар дукха жоьпаллин хаттар ду интернетехула, хIун-мила ду а цахууш деш ца хуьлу иза бохуш бара тхоьца къамеле бевлларш.

Царах ву Австрера нохчийн диаспоран жигархо, Нохчийчоьнан парламентан декъашхо хилла Исханов Хьусайн.

XS
SM
MD
LG