ТIекхочийла долу линкаш

"Iаьржа цIоз Оьрсийчоьнна тIелетта", тов...


Оьрсийчура эшаршлакхархо Бичевская Жанна, Зелена Горахь, 2006

Оьрсийчура эшаршлакхархо Бичевская Жанна, Зелена Горахь, 2006

Советан заманахь дуьйна гитара а локхуш, эшарш локхуш хилла Бичевская Жанна хIинца а лела Оьрсийчухула концерташ луш. Ша шех Делах тешаш а, Оьрсийчоь чIогIа дукха езаш а лоручу эшаршлакхархочуьн репертуарехь оьрсийн къам а, цуьнан тIеман толамаш а базбеш йолу эшарш ю. Амма церан маьIне дикка ладоьгIча, Оьрсийчохь дехачу кхечу къамнийн векалша дегабаам бина. Цул сов, «Куликово поле» боху иллин хьокъехь прокуратуре латкъам а бина, питана даржош ю, аьлла.

Авторан эшарш локхуш, Советан заманахь дикка гIараяьлла хилла Бичевская Жанна, Полшерчу эланийн доьзалера ю. Цуьнан да эпсар, нана балерина хилла ю.
Дукха нахана йицъелла ханна хIинца йоккхуо йолу эшаршлакхархо. Хьалха цуьнан репертуар фолках а, кантрих а лаьтташ хиллехь, тIаьхьарчу шерашкахь оьрсийн патриотизмах юьзна а, ортодоксан дин даздеш а ю. Оьрсийн паччахьан заманна лерина дукха эшарш ю цуьнан. Ткъа малхбузене шен болу цабезам, лечкъо беза аьлла ца хета.

Карарчу хенахь ГIезалойчоьнан коьртачу Казань-гIала яха кечлуш Бичевская Жанна. Маршо радион гIезалойн сервисца къамел деш, ша цигахь вуно дика тIеоьцу бохуш дийцира эшаршлакхархочо.

Бичевская: Иза сан болх бу, аса дийриг ду. Циркехь локху аса. Кхин дIа. Со Казанехь чIогIа дукха хилла. Цига сан концерташка "Ура!" бохуш ладугIу. Кхин хIун хаза лаьа хьуна?

Маршо радио: Эшаршлакхархо башха тIекаре яцара гIезалойн сервисан корреспондентаца. Шега луш долчу хаттаршка ладогIа собар ца тоьара. Хьан массо эшарш яц гIезалошна товр йолчех, аьлча, юкъа а иккхина, Бичевскаяс элира.

ГIезалойчоь -- Бичевская Жаннин Казанехь хIокху беттан 27-чу дийнахь концерт хир ю аьлла бина хаам

ГIезалойчоь -- Бичевская Жаннин Казанехь хIокху беттан 27-чу дийнахь концерт хир ю аьлла бина хаам

Бичевская: Цигахь сан шортта доттагIий бу, сан концерташ "Ура!" бохуш, тIеоьцу цигахь. ХIунда аьлча со къамьнаш къесточарах яц. Массо а адамашца со чIогIа дика ю. Дикачу нахана со дика ю. Вуочу нахаца гIуллакх ца хилийта хьожу со сайн. Цундела суна массо а лортIехь, дика нах дукха беза.
Ден агIора со ах полька ю. Сан полшан къоман генаш ю. Аса цундела адамаш ца доькъу кIайнаш-цIениш, гIезалой-оьрсий... Массо а адамаш дика ду, уьш дика Iаш делахь.

Маршо радио: Эшаршлакхархочунна хууш доцчух тера ду, ГIезалойчохь шен кхолларалла массара а «ура» бохуш, тIе ца оьций.

Евзаш йолчу гIезалойн яздархо а, гIезалойн къоман боламан лидерх цхьаъ а йолчу Байрамова Фаузийс латкъам бинера гIезалойн прокуратуре. Барймовас дийцарехь, Бичевская Жаннин «Куликово поле» йиш а, цуьнан клип а экстремизм а, кхечу къаьмнашка хьагI а кхуллуш ю.





Маршо радио: Байрамова Фаузийс бахарехь, оьрсийн къам лакхадоккхуш, кхин долу къаьмнаш лахдеш ю Бичевскаян эшарш. Цара кхайкхам бо Украина а, Туркойчоь а санна йолу пачхьалкхаш йохоре, бохуш дийцина Байрамовас Маршо радион гIезалойн сервисе. Цунна хетарехь, оцу хьокъехь таллам бан беза. Оьрсийн Iедалша бусулба нахана а, кегийчу къаьмнийн векалшна а тIеIаткъам бо. Оццу хенахь, кхераме оьрсийн националисташ тидамза буьту, бохуш дийцина яздархочо.

Амма ша йишлакхархо эргIадъяхара, ахьа локхучу эшарийн дешнашна латкъам бина прокуратуре аьлча.

Бичевская: Шу шаьш лортIехь делахьара аша ишта хаттарш хоьттур дацара. Прокуратурега шаьш хатта... шуьца къамел дан а ца лаьа суна. И йиш язъйинарг... дIадовлийша суна тIаьхьара шайн Iовдала хIуманца. Далла а, нахана а гIуллакх деш ю со... Оьрсийчоьнна, сайна езаш йолчу. Iо дика йойла!

Маршо радио: ГIезалойн патриотийн эшарш язъеш волчу композиторна Шигапов Илфакана хетарехь, карарчу Оьрсийчохь Бичевскаян репертуар хIумма а керла хIума дац. Амма, цунна хетарехь, гIезалой IаIен беза гIовгIа а ца йоккхуш.

Шигапов:
Цхьа 15-20 гIезалойн жигархо бен вац и гIовгIа яьккхинарг. Уьш ца кхета шаьш лелорг Бичевская Жаннина чIогIа дика реклама хиларх. Уьш ца кхета, шаьш деш дерг, гIезалошна вуон тIаьхьало йийр йолу, Iаламат доккха гIалат хиларх а. Казанехь цуьнан концерташца цхьанне бала ца кхачахь а, оьрсийн хаамийн гIрисаша цунах дестийна дуьйцур ду. ХIинццалц Бичевскаях лаьцна хезна а боцчу оьрсийн националисташна юкъахь кхин а чIогIа гIараер ю иза.

Маршо радио: Оцу юкъанна, ГIезалойчура ФСБен декъе Бичевская Жаннин «Куликово поле» эшаран дешнашкахь цхьа а экстремизм, кхечу къаьмнашка хьагI кхоллар а ца карадо шайна аьлла, жоп даитина Байрамовага юстицин полковнико Селезнев С.В.

Бичевская Жаннин «Тхо – оьрсий!» бохучу эшаран видеоклип ца тайна, официала йоцу протест йинера Оьрсийчура Iамеркан векалалло.





Оцу клипехь оьрсийн эскаран толамашна юкъахь гойту йогуш йолу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара гIаланаш. Видеомантаж йина, царна тIе оьрсийн кеманаша герзаш детташ.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG