ПIераска, Стигалкъекъа-бутт 18, 2012 Меттигера хан 08:46


Архив

Нохчийн Республикин Iедал балхара дохийна

Нохчийчоь -- Нохчийн Республикин Iедал балхара дохийна, Соьлж-гIала, 2012

Текстан Барам - +
17.05.2012
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен даржах дохийна еариy дийнахь республикин Iедал. Кадыровс динчу дIахьедарца, цо куьг таIийна цу хьокъехь долчу документана кIел.

Видео "Баррикадная" куьпахь туп тоьхна оьрсийн оппозицино

Шаьш Москох Кунанбаев Абайна хIоттийначу хIолламна уллера дохийначул тIаьхьа, оьрсийн оппозицино шайн керла туп тоьхна Кудринская майданахь, Баррикадная метро станцина гена доццуш. Стигалкъекъа-беттан 17 чохь #оккупайбаррикадная туьпахь тийна дара.

ЖΙаьлеш вовшахлетийтар къизалла юй?

Дуккха а заманаш хьалха адамаша шайна самукъаненна даржийначу хΙуманех ду дийнаташ вовшахлетийтар, я шаьш царах латар. Испанехь, я Латинан Ιаьмеркахь коррида - стерчий вовшахлетийтар, я царах латар – юьтучу кхаьчча спорт елахь, шуьйрра даьржина лела дуьнентΙехь жΙалеш летийтар. Оцу тΙаьххьарчух лаьцна, цуьнан къизалла йовзуьйтуш ю жΙаьлеш летийтар шуьйрра даьржина лелачу ОвхΙанистанера Маршо Радион корреспондента Бежан Фруда кечйина материал.

Видео Минск-гIали юккъехь сту-сеш тиладеллера

Стигалкъекъа-беттан 15 чохь Беларусин коьрта шахьаран бахархошна тамашийна сурт гинера — гIали юккъехь йолчу паркехь дийнахь-сарралц уьдуш долу сту-гIела а, цуьнан бекъа а. Сарахь бен аьтто ца белира орцаллин белхахойн шина дийнатна наб кхоьтуьйту молха тоха. ХIинца дуьйна нана-гIела а, цуьнан кIорни а дехар ду Минскан зоопаркехь.

Аудио Къуръан дагахь Iамочеран хьуьжар схьайиллина Соьлж-гIалахь

ЦIоьнтIарахь 2010 –чу шарахь дуьйна болх беш ю мехкан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан вешин Зеламхин цIарх Къуръан дагахь Iамочеран хьуьжар. Стохка Гуьмсехь схьайиллира и тайпа шолгIа ишкол а. Цу доьшийлашкахь Къуръан дагахь Iаморехь къахьоьгуш бу 10-13 шераш долу цхьацца бIе кхиазхой. Уьш санна рогIера махкахь кхозлагIа хьуьжар болх бан йолаелла нохчийн коьртачу шахьрахь а. Даздинчу хьелашкахь и схьайоьллуш, меттигера Iедалдай боцуш, дакъалаьцна мехкан куьйгалхочо а, кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу цхьамогIа лерамечу хьешаша а.

Видео Оьрсийн оппозицин хьалханча Каспаров Гарри - интервью

Гоьваьлла оьрсийн оппозиционер Каспаров Гарри шен интервьюхь дуьйцуш ву Оьрсийчохь а, Беларусехь а хIоьттинчу политикан хьолах лаьцна. Маьрша Европа/Маршо Радионан Беларусийн Сервис

Аудио Хийцаделларг дуьне дац, адам ду

Хан-зама яларца хийцало адамийн дахар а. Даиман а ца хуьлу и дахаран хийцамаш дикачу агIора. Къаьсттина цунна тидам бо баккхийчу наха. Нохчийн къаношна хетарехь, кху тIаьхьарчу хенахь хийцаделларг дуьне дац, адам ду.

Аудио ГергагIерташ бу Мисаран президентан харжамаш

Шайн махкахь цкъа а ца хиллачу кепара мехкан куьйгалхо хоржуш нийса харжамаш хиларх догдохуш бу мисархой.

Аудио "Кавказ" некъа тIехь хьийзабо Нохчийчуьра машенашлелорхой

Соьлж-гIалахь хиллачу Къилбаседа Кавказерачу парламентийн ассамблеян конференцехь вист хуьлуш, масийтта хаттар айира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Церах цхьаъ дара «Кавказ» олучу федералан некъа тIехула дIасалелаш наха ловш йолчу халонашца доьзна. Некъан полицино нах хьийзабарна ша реза ца хилар хаийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Аудио Нохчийчохь керла мехкадаьттан завод йиллар сихдар доьху цигарчу Iедалша

2009-чу шарахь Нохчийчохь мехкадаьттах сурсаташ доху завод йилла сацам бинера Оьрсийчоьнан «Роснефть» компанино. Амма и проект хIинца а дIайолийна яц. И бахьана долуш латкъамаш беш бу Нохчийчура куьйгалхой. Соьлж-гIалахь хиллачу Къилбаседа Кавказерачу парламентийн ассамблеян конференцех пайда а эцна, цу хаттарехь Оьрсийчурча Iедалшна тIеIаткъам бан гIерташ бу уьш.

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465
Имейл:                        nc@rferl.org

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна      7290,
9480       07:00 - 08:00
денна      11810, 13615   19:00 - 20:00

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13
° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS