ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь зуламаш динарг гучуваьлла Украинехь а изза лелош



Украинан сепаратисташ жигара хьийзачу къошташкахь стаг верна бехке а веш, лохуш волу Стрелков Игорь Нохчийчохь тIемаш боьлхуш маьрша нах хIаллакбеш хьийзина эпсар ву, чIагIдо Украинан тIеман-политикан талламийн центран куьйгалхочо Тымчук Дмитрийс.

Нохчийчохь оьрсаша дечу зуламийн чот еш хиллачу «Мемориал» юкъараллан векалша а дIавхьедо, Стрелков Игора Веданан къоштахь дуккха а нах хIаллакбина хилар а, цо лецнарш доьза байна хилар а. Украинерчу Iедало лохуш волу и стаг Оьрсийчоьнан полицерчу 45-чу лерринчу полкера ву, хаам бо Тымчук Дмитрийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG