ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а шеллуш ю дуьненца Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш



Оьрсийчоьнан Iедало даредина Украинан дозанашка ша шен эскарш оьзна хилар. Президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс дIакхайкхийна, Кремлан бакъо ю шен дозанашца кхерамзалла чIагIъян, аьлла.

ТIаьххьарчу кIиранашкахь дуьнентIерачу дуккха хьостанаша хаамаш бора, Украинан дозане Оьрсийчоьно 40 эзар салтех лаьтта дакъош оьзна бохуш. Ткъа хIинццалц къера хуьлуш яцара Оьрсийчоь.

Шоьтан дийнахь Кремло дIахьедина Iамеркан Штаташна ша Украинан дозанера стигал зен бакъо ца ло, аьлла. 23 пачхьалкхо маситтаза а стигал йиллина юьтуш бина барт бохош ду и дIахьедар. Малхбалено Кремло лелориг туьду, иза Украинана тIелата кечамаш беш ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG