ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сиси мисархоша президент харжахь...



Мисарахь хила безачу президентан харжамийн кандидаташлахь шегахьа алссам нах болучех ларало эскарийн буьйранча хилла волу эл-Сиси Iабдул-Фаттахь. Иза президент хIоттахь, къарбала тарло махкахь къепе йохош болу «Бусулба Вежарий» партера эзарнаш, аьлла ю цуьнгахьа яржаен пропаганда. Шинарий дийнахь телевизионна интервью луш цо элира, ша вац Мисарахь нийсо чIагIйийриг, иза къам ду, аьлла.

Лурчаха президент хIоьттина Мурси Мохьаммад вохош жигара хьаьвзира Сиси. Цо хIетахь бехкебира «Бусулба вежарий» партера ницкъаш Мисарара хьал эшорна. Iедалехь карчам хилча гIевттинчу нахах вийра махкахь 1500 Мурсин агIонча. Набахте кхачийра эзар сов стаг. Вен кхачийна ву цигахь 700 гергга вахархо.

Харжамийн хьалхара мур хила беза Мисарахь кху беттан 26-чохь – 27-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG