ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркахошна дуьхьал санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьно


Iамерко шайна керла санкцеш кхайкхорна дуьхьал цхьаболчу Iамеркахошна Оьрсийчу бахкар дихкина Оьрсийчоьно. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Лукашевич Александра.

Цо дийцарехь, Оьрсийчу вуьтур вац 12 Iамеркахо, шайна юкъахь «Абу-Грейб» а, «Гуантаномо» а набахтийн куьйгалхой а болуш. Лукашевичана хетарехь, Вашингтоно кхайкхийначу экономикан санкцеша зе дийр ду Iамеркин бизнесана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG