ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОБСЕ-н инспекторш таллам беш бу Украинехь Боинг охьадоьжначу меттехь


Украинин Iедалша бехке бина сепаратисташ, Оьрсийчоьно гIо а деш, Малайзин Боинг охьадоьжначу меттехь долу тоьшаллаш хIаллак дан гIортарна. Украинин контр-талламан куьйгалхочо дIахьедар дина, шайгахь кхоччуш тоьшаллаш ду Малайзин некъахойн кема БУК-1 олучу ракетийн системано чудаийтина хиларан аьлла.

Цо чIагIдарехь, цу комплексана урхалла деш хилла Оьрсийчура нах. Би-Би-Си-но бинчу хаамца, ОБСЕ-н инспекторий эххаре а аьтто баьлла Амстердамера Куала Лумпуре доьдуш хилла кема охьадоьжначу метте кхача. Амма цкъачунна хууш дац аьтто хир бу цера я бац Боингах дисина дакъош кхоччуш талла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG