ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла-керла зенаш до Малхбалерчу тIамо


Палестинерчу Газа-секторехь Израилан эскарша еарийдийнахь танканийн хIоьнаш тоьхна, йохийна Цхьакхеттачу къаьмнийн организацино ахча латтош хилла школа. Вийна 7 стаг, дуккха а нах а лазош, хаам баржийна Палестинан векалша. Школа чохь тIамах левчкъина хиллачу нахана дина тохар. Уьш оцу чохь бIеннашкахь хилла, чIагIдо Палестинан могашаллин министра ал-Къидра Ашрафа.

Эй-Эф-Пи агенталло а бакъдо школа чохь массех стаг кхалхар. Цхьаьнакхеттачу Къамнийн организацин гуманитаран комиссара Амос Валерис еарийдийнахь Токиохь конференцехь кхайкхира Израил а, Палестина а тIом сацоре. 720 палестинахо а, 34 израилхо а вийна шина кIиранчохь, элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG