ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Голланди а, Австрали а толлуш ю кема чудожор


Голландин а, Австралин а арахьарчу гIуллакхийн министрша Тиммерманс Франсий, Бишоп Джулийсий Украине шаьш цигахь Малайзе доьдуш сепаратисташа лаьцна латточу меттигашкахь кема чудоьхначе кхачийтар дехна. Схьакарийначу декъех тIаьххьарнаш Голланде дIадахьа кечдечу юкъанна дина цара и дехар.

Веллачу 298-ннах 220 сов адамах йисина межеш, схьа а гулйина, дIакхачийна Харковра Голланде. Голландин премьер-министра Рютте Марка ша 40 полисхо хьажаво аьлла, Украинехь каронза дисина декъехь схьалеха. Иштта Европе кхаьчна, Украине дIахьажоре хьоьжуш Iа Автралера 90 полисхо а. Ша кхин а 100 стаг вохуьйтур ву белларш лаха, аьлла Австралин Iедалан дас Эббот Тонис а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG