Белорусин президент Лукашенко Александр реза хилла Киевна а, Москохна а юкъахь юкъарло лело. Цу тайпа дехар динера Белорусин лидере телефонехула Украинин президенто Порошенко Петрос. Цо хаийтинера Белорусин президенте кху беттан 31-чу дийнахь Донбассера хьал дIанисдеш, кхаа агIонан векалша дакъа а лоцуш, кхеташо дIаяхьа шайн лаам хиларх лаьцна.
Цу цхьаьнакхетаре кхайкхина Украинин шолгIа президент хилла волу Кучма Леонид а, Оьрсийчоьнан Украинехь волу векал Зурабов Михаил а, ОБСЕ-н векал а. Дийцаре дийр долуш ду ши хаттар – дуьненаюкъара эксперташ Малайзин Боинг охьадоьжначу метте битар, йийсаре лецна нах маьрша бахар а.
Порошенкос дийцарехь, террорахоша закъалтана лецна латтош ву 168 стаг. Цунах лаьцна Киевера хаам бина Маршо Радион корреспонденто.