ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин тIеман коврана тIелатар дина Шахтерск гIалина уллехь


Украинин эскархошна а, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна а юкъахь тIематасадаларш ду дIадоьлхуш Донецкан областехь Шахтёрск гIалина уллехь. Цунах лаьцна хаам бина Украинин къоман къерамазаллин а, тIеман а кхеташонан векло Лысенко Андрейс.

Цо дийцарехь, цу меттехь дIаяханчу буса десантан ковранна тIелатар дар бахьана долуш вийна 10 эскархо, 13 чевнаш йина ву. Кхин 11 эскархочунах хилларг хIун ду хууш дац. Лерринчу операцин штабан векло Дмитрашковский Алексейс бинчу хаамца, вийначу 8 эскархочуьнан декъий схьаделла сепаратисташа.

Цо дийцарехь, байинчерна юкъахь бу сепаратисташ а. Украинин пачхьалкхан дазанан сервисо бинчу хаамца, Еарин сарахь Украинин эскаран позицешна минанаш йиттина Оьрсийчоьнан территори тIера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG